2018-чу шеран юбиляраш

Ошаев Халид, яздархо, юкъараллин гIуллакххо – кхолламан беттан 1-ра де, 1898-гIа шо (кхалхар хилла 1977 чу шарахь) – 120 шо.

Кусаев Iадиз, яздархо, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист – кхолламан беттан 3-гIа де, 1938-гIа шо – 80 шо.

Байхаджиев Зайнди, поэт – кхолламан беттан 10-гIа де, 1948-гIа шо (кхалхар хилла 2003-чу шарахь) – 70 шо.

Цуруев Шарип, поэт – кхолламан беттан 20-гIа де, 1963-гIа шо – 55 шо.

Ибрагимов Мовсур, историн Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо корреспондент – чиллин беттан 5-гIа де, 1958-гIа шо – 60 шо.

Докаев Султан, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист – чиллин беттан 11-гIа де, 1943-гIа шо – 75 шо.

Абдулаев Леча, Нохчийн Республикин халкъан поэт – чиллин беттан 15-гIа де, 1953-гIа шо – 65 шо.

Дудаев Муса, актер, Россин Федерацин халкъан артист – чиллин беттан 16-гIа де, 1938-гIа шо (кхалхар хилла 2016-чу шарахь) – 80 шо.

Усманов Iимран, иллиалархо, Нохчийн Республикин халкъан артист – бекарг беттан 2-гIа де, 1953-гIа шо (кхалхар хилла 2017-чу шарахь) – 65 шо.

Азаев Хьамид, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист – бекарг беттан 5-гIа де, 1948-гIа шо – 70 шо.

Айдаев ЮшаI, литературовед, филологин Iилманийн доктор – бекарг беттан 20-гIа де, 1938-гIа шо (кхалхар хилла 2004-чу шарахь) – 80 шо.

Исраилов Хожа-Бауди, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист – бекарг беттан 21-гIа де, 1953-гIа шо – 65 шо.

Паскачев Асламбек, экономикин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо корреспондент – бекарг беттан 24-гIа де, 1948-гIа шо – 70 шо.

Сейлмуханов Муса, Нохчийн Республикин халкъан яздархо – бекарг беттан 25-гIа де, 1948-гIа шо – 70 шо.

Тимаев Ваха, филологин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик – бекарг беттан 29-гIа де, 1938-гIа шо – 80 шо (кхалхар хилла 2017-чу шарахь)

Хасимиков Салман, охьатохархлатарехула дуьненан 4-зза чемпион, СССР-н спортан хьакъволу мастер – оханан беттан 5-гIа де, 1953-гIа шо – 65 шо.

Ирисханов Iимран, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, оханан беттан 4-гIа де, 1943-гIа шо – 75 шо.

Межидов Вахьид, химин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик – оханан беттан 28-гIа де, 1938-гIа шо – 80 шо.

Ибрагимов Муса, историн Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент – оханан беттан 30-гIа де, 1948-гIа шо – 70 шо.

Татаев Илес, скульптор, Россин Федерацин халкъан суьрташдахкархо – хIутосург беттан 5-гIа де, 1938 шо – 80 шо.

Туркаев Хьасан, литературовед, филологин Iилманийн доктор, Россин Федерацин Iилманан хьакъволу гIуллакххо – хIутосург беттан 10-гIа де, 1938-гIа шо – 80 шо.

Орцуев Хьасан, СССР-н спортан хьакъволу мастер, охьатохархлатарехула дуьненан чемпион – хIутосург беттан 12-гIа де, 1953-гIа шо – 65 шо.

Висаитов Мовлид, Советски Союзан Турпалхо – хIутосург беттан 13-гIа де, 1913-гIа шо (кхалхар хилла 1986-чу шарахь) – 105 шо.

Яндаров Салман, Россин Федерацин хьакъволу лор – хIутосург беттан 15-гIа де, 1938-гIа шо – 80 шо.

Идрисов Абу-Хьаьжа, Советийн Союзан Турпалхо – хIутосург беттан 17-гIа де, 1918-гIа шо – 100 шо.

Ахтаханов Мохьмад, нохчашлахь дуьххьарлера корматаллин лор – хIутосург беттан 20-гIа де, 1893-гIа шо – 125 шо.

Солцаев Мималт, режиссер, Россин Федерацин халкъан артист – хIутосург беттан 20-гIа де, 1938-гIа шо (кхалхар хилла 2013-чу шарахь) – 80 шо.

Маргошвили Султан, поэт, гочдархо – мангалан беттан 1-ра де, 1933-гIа шо – 85 шо.

Кагерманов Докка, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист – мангалан беттан 9-гIа де, 1933-гIа шо – 85 шо.

Хакишев Руслан, режиссер, Россин Федерацин халкъан артист – мангалан беттан 11-гIа де, 1938-гIа шо – 80 шо.

Самадов ИбрахIим, СССР-н спортан хьакъволу мастер, езачу атлетикехула дуьненан чемпион – мангалан беттан 18-гIа де, 1968-гIа шо – 50 шо.

Идаев Юсуп, актер, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист – мангалан беттан 25-гIа де, 1938-гIа шо (кхалхар хилла 1987-чу шарахь) – 80 шо.

Бахарчиев Хьаьжбекар, Россин Федерацин хьакъволу лор – хьаьттан беттан 15-гIа де, 1943-гIа шо – 75 шо (кхалхар хилла 2017-чу шарахь)

Дешериев Юнус, филологин Iилманийн доктор, профессор – хьаьттан беттан 18-гIа де, 1918-гIа шо (кхалхар хилла 2005-чу шарахь) – 100 шо.

Арсалиев Шавади, хьехаран Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент – хьаьттан беттан 24-гIа де, 1958-гIа шо – 60 шо.

Бадуев СаьIид, яздархо, драматург – товбецан беттан 10-гIа де, 1903-гIа шо (кхалхар хилла 1938-чу шарахь) – 115 шо.

Вагапов Якъуб, филологин Iилманийн кандидат, меттан Iилманча – товбецан беттан 16-гIа де, 1933-гIа шо (кхалхар хилла 1996-чу шарахь) – 85 шо.

Саракаев ИбрахIим-Бек, яздархо, журналист – товбецан беттан 21-гIа де, 1883-гIа шо (кхалхар хилла – 1934-чу шарахь) – 135 шо.

Димаев Iела, иллиалархо, композитор, Нохчийн Республикин халкъан артист – товбецан беттан 27-гIа де, 1953-гIа шо – 65 шо.

Димаев Iумар, гоьваьлла пондарча, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист – эсаран беттан 1-ра де, 1908-гIа шо – 110 шо.

Идрисов Дадан, Нохчийн Республикин хьакъволу суртдиллархо – эсаран беттан 13-гIа де, 1943-гIа шо – 75 шо.

Музаев Нурдин, яздархо, поэт, филологин Iилманийн кандидат – эсаран беттан 15-гIа де, 1913-гIа шо (кхалхар хилла 1983-чу шарахь) – 105 шо.

Оздарбиев Майради, экономикин Iилманийн кандидат, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент – эсаран беттан 18-гIа де, 1943-гIа шо (кхалхар хилла 2003-чу шарахь) – 75 шо.

Авторханов Iабдурахьман, дуьненахь гоьваьлла вевзаш хилла политолог – эсаран беттан 25-гIа де, 1908-гIа шо (кхалхар хилла 1997-чу шарахь) – 110 шо.

Батукаева Асет, журналист – эсаран беттан 24-гIа де, 1918-гIа шо (кхалхар хилла 1994-чу шарахь) – 100 шо.

Айдамиров Абузар, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан яздархо – эсаран беттан 29-гIа де, 1938-гIа шо (кхалхар хилла 2005-чу шарахь) – 85 шо.

Мамакаев Iаьрби, поэт – гIуран беттан 2-гIа де, 1918-гIа шо (кхалхар хилла 1958-чу шарахь) – 100 шо.

Гацаев СаьIид, поэт – гIуран беттан 2-гIа де, 1938-гIа шо (кхалхар хилла 2012-чу шарахь) – 80 шо.

Исаева Марем, яздархо – гIуран беттан 20-гIа де, 1898-гIа шо (кхалхар хилла 1977-чу шарахь) – 120 шо.

Анзорова Балкан, поэт – гIуран беттан 24-гIа де, 1923-гIа шо (кхалхар хилла 1997-чу шарахь) – 95 шо.

Ахматова Раиса, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэт – гIуран беттан 30-гIа де, 1928-гIа шо (кхалхар хилла – 1992-чу шарахь) – 90 шо.

№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: