Россин Федерацин Президентан гранташ

Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь регионан коммерцин йоцчу юкъараллин организацеша Россин Федерацин Президентан грантийн гурашкахь дIаяьхьначу 2017-чу шарахь гражданийн юкъаралла кхиорна тIехьажийна йолчу шолгIачу конкурсан жамIаш дира.

ХIокху шарахь оцу конкурсехь дакъалоцуш яра Нохчийчуьра 33 коммерцин йоцу юкъараллин организаци. Царах 11 организаци билгалъяьккхина Президентан грантаца.

2018-чу шарахь кхочушъян езаш ю и проекташ. И гIуллакх дIахьош хиллачу «Зударий кхиарехьа» организацин председатела Базаева Либхана дийцарехь вайн республикехь оццул гранташ толаран бахьана ду, оцу проектийн дакъалацархой шайн говзаллехь кхуьуш хилар.

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто а, Юкъараллин палато а гIо-накъосталла деш вовшахтоьхна ю проекташ. Оцу хIора а проектан дакъалацархо шен корматалла кхоччуш караерзийна ву, цундела, шайн проекташ дика кечйина цара, – дийцира Л.Базаевас.

Цо йовзийтира хIора а проектан мехалла, цара кхочушбина болх, иштта кхидIа болх муха дIабахьа лерина ду дийцийтира хIора а проектан куьйгалхочуьнга.

2018-чу шарна гранташ яьхна юкъараллин организацеш хIорш ю: «ИТФ Тхэквондон Федераци», «Зударийн бакъонаш», «Психосоциальни гIоьнан туш», «Диалог», «Ерригроссин заьIапхойн юкъаралла», «Кхиазхойн а, кегийрхойн а юкъараллин къоман совет», «Зударий кхиарехьа», «Кхуьучу технологин туш», «Нохчийн халкъан дерриге дуьненан конгресс», «Историн этнографин ДIонди-Юрт музей», «Нохчийчоьнан сатийсам».

Хь.АВХАДОВА

№2, пIераска, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: