Вайн махкахь хIора шеран кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь билгалдоккхуш ду Россин зорбанан де. Иза юкъадаьккхина Россин Федерацин лакхарчу Советан 1991-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 28-чу дийнахьлерчу сацамца. Рузманехь и де Россин зорбанан де ду аьлла къастор доьзна ду вайн махкахь дуьххьара «Ведомости» цIе йолу газет оцу дийнахь арадаьлла хиларца. И газет шен указаца Петр Хьалхарчо диллира 1703-чу шеран кхолламан беттан 13-чу дийнахь. Цуьнан хьалхарчу номеран цIе яра «Москван Пачхьалкхехь а, мехкан кхечу меттигашкахь а хиллачу бIаьхаллин а, кхечу гIуллакхийн а, хьакъ долчу хаарийн а, иэсан а хьокъехь ведомосташ». Газет Санкт-Петербургехь а, Москвахь а арадолуш дара.
Петр Хьалхарчунна доккхачу маьIне гIуллакх хетара газет арахецар. Цо иза мехала гIирс лорура махкахь реформаш дIаяхьарехьа а, Россин нуьцкъалалла алсамъяккхарехьа а дIахьочу къийсамехь. Иштта цо боккха тидам тIебохуьйтура «Ведомосташ» халкъана юкъахь дIасадаржорна а. Петр Хьалхарчун тIедилларца юкъадаьккхира почтин учрежденешкахь газете язбалар.
1914-гIа шо тIекхочуш Россехь арахоьцуш дара кхо эзар сов газет а, журнал а. Ткъа 1917-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь социалистически карчам хиллачул тIаьхьа Iедале коммунисташ баьхкича, «дицдира» Россехь дуьххьара газет арадаьлла де. Большевикийн «Правда» газет арадаьлла хIутосург (май) беттан 5-гIа де бухе а диллина, вайн махкахь зорбанан де оцу дийнахь даздеш дара. И ламаст дуьйхира Советийн Союз йоьхначул тIаьхьа. Бакъонна а, нийсонна а тIедоьрзуш, Россин зорбанан де 1991-чу шарахь дуьйна кхолламан беттан 13-чу дийнахь билгалдаккха долийра.
Тахана Россехь эзарнашкахь газеташ, журналаш ду арахоьцуш. Амма уьш алсамдевллехь а газетийн тиражаш лахлуш ю, къаьсттина регионашкахь арадовлуш долчу газетийн. Эксперташа чIагIдарехь тиражаш лахъяларца билгалдара 2001–2004-гIий шераш. Оцу шерашкахь дуккха а лахъелира дуьненехь а девзаш долчу «Известия», «Российская газета», кхечу газетийн тиражаш.
Хазахеташ ду тIаьхьарчу цхьана-шина шарахь оцу декъехь долу хьал мелла а дикачу агIор хийцалуш хилар, газетийн дешархой алсамбовлуш хилар. Бакъду, регионашкахь башха хаалуш бац и хийцам, цу юкъахь Нохчийчохь а. Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а, областашкахь а долчу хьолаца дуьстича, вай долчохь дикка лахара ду газеташка а, журналашка а бахархой язбалар, къаьсттина нохчийн маттахь арадовлуш долчу газатешка а, журналашка а язбалар, вайн халкъ Къилбаседа Кавказехь уггаре а доккха делахь а.
Хьал иштта делахь а тахана доккха хьашт ду журналистан говзалле. Говза журналисташ тоьаш бац мехкан коьртачу газетийн редакцешкахь санна мехкан субъектийн коьртачу газетийн редакцешкахь а. Цуьнан бахьанех цхьаъ хилла дуьсуш ду и говзалла кхераме хилла юьсуш хилар. Журналистийн бакъонаш а, дешан маршо а ларъяран Комитетан хаамашца тIаьхьарчу 15 шарахь Россехь 300 сов журналист вийна. Дукхах долу зуламаш хьан дина хууш дац хIинца а. Делахь-хIета, таIзар ца деш бисина журналисташ байъина болу зуламхой.
Тахана вайн майрра ала йиш ю Нохчийчоьнан муьран зорбано тIаьхьарчу 18 шарахь кхиарехьа йоккха гIулч аьккхина аьлла. Республикехь арадовлуш ду «Даймохк», «Исламан зIаьнарш», «Вести Республики», «Ан-Нур», «Столица», цхьамогIа кхин а газеташ, ткъа иштта «Орга», «Вайнах», «Нана», «СтелаIад» журналаш.
Масех бутт хьалха юха а арахеца долийна «Гоч» журнал. Цуьнца цхьаьна регионан хIора кIоштахь а ду арахоьцуш газеташ. Оцу массанхьа а болх беш журналистикин говза пхьераш бу. Цара халкъана дIабоьвзуьйту Нохчийчоьнан экономикехь, политикехь, социальни декъехь, культурехь, могашалла Iалашъярехь, дешарехь, дахаран-Iеран кхечу дакъошкахь, спортехь хуьлуш болу хийцамаш. Къаьсттина тидам тIебохуьйту халкъ ийманехь, гIиллакхе, оьзда, махкана муьтIахь кхетош-кхиорца.
Цхьа а де мокъа доцуш, де-буьйса ца лоьруш, бIаьхой санна шайн корматаллина тешаме хилла, къахьоьгуш бу вайн зорбанан белхахой. Къахьоьгуш бу вайн халкъан а, мехкан а дуьхьа. Церан къинхьегаман хазна хаало шо-шаре даларца хазлуш, цIинлуш, бIаьрла хилла дIахIуттуш йолчу Нохчийчоьнан кхиарна юкъахь а. Цара шайн хазачу дашца алсамдоху аренаш лелорхойн, хьехархойн, лоьрийн, кхечеран хьуьнарш, кегийрхой ир-кара хIиттабо, царна нийса некъ хьоьху, дай-нанойн, йижарийн дог хьосту. Цара шайн шогачу дашца човхаво мостагI, вайн дахарна новкъарло еш мел верг, питана, зулам даржош мел верг.
Иштта ву нохчийн зорбанца шен дахар доьзна къахьоьгуш мел волу нохчийн журналист. Церан къинхьегам башха хаалуш бацахь а, цуьнан жамI бIаьрла ду. Цундела ларамаза дац церан хьанал къинхьегам Iедало совгIаташца а, халкъо баркаллашца а кест-кеста билгалбоккхуш хилар. Уьш цунна хьакъ а ду.
Вайн къамел дерзош даггара декъалбан лаьа Нохчийчоьнан газетийн а, журналийн а, издательствийн а белхахой шайн корматаллин дезачу денца. Дала аьтто бойла шун! Дала ирсе дахар а, могашалла а, сирла бIаьрг а, цIена кхетам а, кIорггера хьикмат а лойла шуна шайн болх кхидIа а кхиамца бан!
С.ХАСАНОВ
№2, пIераска, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2018 шо