(Кусаев Iадизан 80 шо кхачарна лерина)
Поэт, яздархо, журналист, гочдархо, къинхьегамхо! И дерриге а дешнаш шех лаьцна ала догIуш ву Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Кусаев Iадиз. Дукха хан ю цо къоман журналистикехь хьанал къахьоьгу. Белхаш бина телевиденехь, газеташкахь, радиохь. Радиохь-м похIме журналист тахана а ву болх беш. Цо кечъеш йолу передачаш кхаъ хуьлий дIахIуьтту радиоладогIархошна. Уьш даима а чулацаме, маьIне ю. Говзаллин лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица кечйина хуьлу цуьнан массо а передача, муьлххачу жанрехь иза кечйина елахь а: репортаж, зарисовка, очерк, и.дI.кх.а. Шен экамечу синан цхьа дакъа дуьллу журналиста эфире йоккхучу передачина юкъа. Цундела езаш тIеоьцу уьш вайн махкахоша. Журналистикин балха тIехь алссам зеделларг долу Кусаев Iадиз шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь къахьегна Iаш вац. Иза махкахь а, дозанал арахьа а вевзаш поэт, яздархо ву. Цуьнан ткъа сов книга араяьлла. Цо цхьатерра говза болх бо оьрсийн а, нохчийн а маттахь, прозехь, поэзехь. Iадизан байташ тIехь даьхна дукха иллеш ду вайн артисташа дIаолуш. Хазахета заманан йохалла нур ца довш, тахана а уьш концерташкахь, телерадиоэфирехь хаза аьтто болуш. Уьш Даймахках, ненах, безамах ду. Хаддаза адамалле, къинхетаме, деган комаьршалле кхойкхуш ду. Нохчийн литература цIе йолчу исбаьхьачу хьаьрмахь шатайпанчу башхаллица къаьсташ майда ю Кусаев Iадизан кхолларалла. Делан къинхетамца могаш-маьрша, семачу хьекъалца, хьуьнарца вирзи иза шен 80-чу шаре, хьаналчу къинхьегаман хIайттаралла ца лахъеш. Иза боккха кхаъ бу Iадиз вевзаш, везаш, цуьнан кхоллараллех самукъдолучу вайн махкахошна.
Бераллин шераш
Кусаев Iадиз дуьнен чу ваьлла 1938-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь нохчийн ширачу юьртахь Шоьнахь. Советийн Iедал тIедеанчу муьрехь Сесана кIоштана юкъайоьдуш яра Шоьна, тIаьхьо иза Нажи-Юьртан кIоштана юкъаяхана, тахана Гуьмсан кIоштан юкъахь ю и юрт. Iадизан да Жабраил Шоьнарчу школин директор вара. Iадиз школе ваха кхиале немцойн фашисташ СССР-на тIелатар дина Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабелира.
Цул тIаьхьа, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, Сталинан хьадалчаша вайнах махках бехира. Цундела хала ду Iадизан бералла ирсе хилла ала. ГIиргIизойн махкарчу Ошски областерчу Ляйлякски кIоштана юкъайогIучу Исфан юьрта кхаьчнера Кусаев Жабраил шен доьзалца. Кхечу вайнехан санна, церан а дийзира мацалла, шело, гIело лан. Мохк хийцаро дебийна лазарш, царна дарба дан доцу молханаш, къизачу мацаллин Iазап. И дерриге а бераллехь гина, лайна ву нохчийн поэт. Цунна дика дагавогIу мацалла велла шен ши ваша. Кхин дан амал ца хилла, мацалла ца валийта, дас, нанас берийн цIийне ша дIавалар а дагадогIу.
Къаьхьа денош, шийла буьйсанаш яра уьш, 13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьоьгуш, вайнаха хийрачу махкахь текхнарш. Мелла а анддавала воьлча берийн цIийнера цIавалийна, юьртарчу школе дIавелира Iадиз. Дукха къамнийн векалш дIатарбелла юрт яра Исфан. Нохчий санна, шайн махках баьхна немцой, гIалмакххой, гIирмера гIезалой, курдаш, иштта кхечу къаьмнех адамаш дара юьртахь дехаш, аьлча а, хене дуьйлуш.
Школера хьехархой дика бара. Цара ца къестадора берийн къаьмнаш. Цара уьш Iамадора, Iилманийн баххаш довзуьйтуш. Школехь кхоллабелира Iадизан литературе болу безам. Цо дукха книгаш йийшира школа чекхъяьккхина валале. Исбаьхьаллин литература йоьшуш чIогIа самукъадолура кIентан. Пушкин, Лермонтов, Тургенев, Гоголь, Толстой, Достоевский, иштта дIа кхин а дуккха а яздархойн говзарш ешна ваьллера иза юккъера школа чекхъяьккхина волуш. Дийца даьккхинчуьра аьлча, книгаш ешаро гIо дира цунна аттестата тIехь дерриге 5 долуш, школа кхиамца чекхъяккха.
Лехамийн новкъахь
Кусаев Iадиз школа чекхъяьккхина волуш, массо а маьIIера лерса хьоьсту мерза кхаьънаш дара схьахезаш. Уьш вайнахана Кавказе цIаберза некъамаршо яларх дара. Дукха хьалхе шайн сал-пал ларчанашка ерзийна, Нохчийчу цIа бахка кечбелла бара КусаевгIар а. ЦIа даьхкича, Iадиз Соьлжа-ГIалахь сецира.
1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн коьртачу шахьарахь йолчу Статистикин техникуме деша хIоьттира иза. Дешарх дика кхеташ, кхиамца техникум чекхъяьккхинехь а, сингаттамечу терахьийн хьаьттахь болх бан ца лиира жимачу стагана. Цуьнан карзахе ойла паналлехь некадеш яра, экамечу синна аьхна социйла лоьхуш. Цундела техникум чекхъяьккхина ваьллачу шарахь, иза Тамбов гIала воьду. Тамбовн областерчу Кирсанов гIалахь тIеман летчикаш кечбеш авиационни училище хилар хиънера цунна. Цхьана а кепара новкъарло йоцуш, оцу училище деша дIатасавелира I.Кусаев.
Кхиамца иза чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIаларчу аэропорте балха вахара, техникан дарже. ХIаваан кеманийн Iуналла дар дара техникан декхаршна юкъадогIуш. Iадизан декхарш оцу тIехь чекхдовлуш дацара. Вахар-вар алсам хуьлура цуьнан оцу муьрехь. Хетарехь, иза кхачаза наггахь а гIала хир яцара Советийн Союзехь. Цуьнца цхьаьна адамаш довзар, цаьрца уьйр-марзо тасар, гергарлонийн зIенаш чIагIъяр хуьлура. Бер санна, воккхавевора иза керлачу гергарлонех, дикачу адамех, церан дикачу амалех. Делахь а, дукха болх ца бира цо аэропортехь. ХIаваан аьхналла Iадизан дог хьостуш яцара. ЧIагIлуш яра цуьнан литературех хьерча ойла. Цхьацца йозанаш дара гулделла. Уьш зорбане даха болу лаам а бара ойланех хьерчаш. Керлачу анайисте дIавоьхуш, дагах гилгаш дохуш, синкIоргенехь тебна поэзига болу ховха безам бара иза синтемах ваьккхина, буса наб ца йойтуш, генарчу седанах серлабуьйлуш.
Литературин хьаьрмахь
Исфанерчу юккъерчу школехь доьшуш волуш дуьйна вара Iадиз поэзин цхьацца могIанаш яздеш. Дуьххьарлера байт зорбане 1958-чу шарахь елира цуьнан, Нохч-ГIалгIайн Республикин кегийрхойн «Комсомольское племя» газетан агIонаш тIехь. Иза оьрсийн маттахь язйина яра. Дукха хан ялале «ДоттагIалла» цIе йолчу альманахан агIонаш тIехь нохчийн маттахь язйина байт елира зорбане. Цуьнан цIе «11-чу августан урам» яра.
Цул тIаьхьа кест-кеста гора поэтан байташ вайн республикерчу газетийн, журналийн агIонаш тIехь. Уьш-м Москвахь арадуьйлучу «Литературная газета», «Литературная Россия» газетийн а, «Дон», «Юность», «Дружба народов» журналийн а агIонаш тIехь а гора. Нохч-ГIалгIайн Республикерчу къоначу поэтийн «Седарчий канашкахь», «Вайга кхойкху керла анайисташ», «Новкъахь цхьаьнакхетар» цIерш йолчу а, иштта, кхечу гуларшна а юкъахь яра Кусаев Iадизан байташ. Цара гойтура нохчийн къоман литературе похIме поэт кхаьчна хилар а, нохчийн а, оьрсийн а меттанаш цунна цхьабосса дика хууш хилар а. Иштта, цуьнан байташа тIечIагIдора къоман литературин хьаьтта иза ларамза нисвелла цахилар, шенначул дахар а, дуьне а девзаш стаг иза хилар а.
1964-чу шарахь балхана юкъара ца волуш, Кусаев Iадиз деша воьду Дона-тIерачу-Ростоверчу университетан журналистикин факультете.
1969-чу шарахь кхиамца чекхйоккху. Журналистикица дахар дозар кхин а хьалхе нисделлера цуьнан.
1966-чу шарахь Кусаев Iадиз Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан телерадиокомитете балха веара. 50 шо сов зама ю шен са, дегI ца кхоош, нохчийн къоман сирлачу кханене сатесна цо къахьоьгу.
Вайн махкахойн шуьйрачу гонашна иза вовзар а телевиденехь болх беш волуш хилира. Телевиденин коьртачу редакторан болх беш волчу Iадиза, дукха хьолахь, кхоллараллин адамех лаьцна кечйора передачаш.
30–40 минотехь йолчу передачашкахь шен турпалхойн Iер-дахар, церан кхоллараллин хазалла телехьовсархошна йовзийта ларавора автор. ТIаккха дукхах болчу телехьовсархошна и турпалхой гергара хетара. Уьш уллера бовза, цаьрца уьйр-марзо таса лаам а кхоллалора. Авторан говзалла лаккхарчу тIегIанехь хиларна къеггина тоьшалла дара иза. Делахь а, халкъана похIме поэт санна, вевзаш ву I.Кусаев. Тайначу лирикех Iанаоьхуш ю цуьнан дукхах йолу байташ. Чулацам чолхе бацахь а, рифме дирзина цуьнан дешнийн кочарш ладогIархойн дог-ойла гIаттош, ойла тIомайоккхуш, анайисте дIакхойкхуш, сирлачу кханенах тешош хуьлу.
Дукха хенахь лелаш тийна,
Седа санна дог латийна.
Цхьаъ бен йоцу массанхьа
Ас лийхира хьо!
Некъ гойтуш хьан дийкира аз.
Седарчел а сирла дешнаш,
Зезагал а хаза дешнаш,
Сан хьомениг, уггаре а хаза долу,
Дуьххьара ас хьоьга олу…
Лакхахь вай билгал ма-даккхара, зорбане яьллачу цуьнан книгашна юкъахь исс поэзин гулар ю. Царах ю: «Амал», «Некъаш», «БIаьстенан мохк», «Кхоллам», «Сан некъ», иштта дуккха а кхиерш. Гуларшна юкъара дукхах йолу байташ иллиалархоша мукъаме ерзийна ю. Къаьсттина гергарло дара Iадизан композиторца Шахбулатов Iаднанца. Ткъех илли ду церан кхоллараллин гергарлоно вайна делла. Соьлжа-ГIалин гимн хилла дIахIоьттина цушимма даьккхина, Буркаев Мовлада дIаолуш хилла «Соьлжа-ГIала» илли.
Тем боцу бер санна,
Хьо зевне йоьлуш ю.
Iуьйранна гIаьттина,
Хьо балха йоьдуш ю.
Хьан сийна урамаш
Сан деган пхенаш ду.
Сан гIала туьйранел
Уьш хазахеташ ву…
50 шо гергга хан ю Iадизан дешнаш тIехь даьккхина и илли вайца деха.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчоьнах буьрсачу тIеман цIе хьарчийначу зуламечу нехан ницкъ ца кхечира и илли вайх дIакъасто. Авторийн къеггинчу похIмин теш хилла деха вайца иза. Кхин а бIешерашкахь дехар долчу иллех цхьаъ ду иза. Кусаев Iадиза безамца яздинчу кхечу могIанаш тIехь даьхкина ду хIара илли а.
Тийна суьйре кхочу тIе
Хийца довха де.
Даима санна, мехкарий
Сихло хийисте.
Шовда хуьлу ирсан теш,
Къега бIаьргийн нур.
Бовха безам балхабеш
Оьзда кIентий бу…
КIеззиг бац Iадиза прозехь бина болх а. Кхин хIумма а ца хилча цо язйина зорбане яьхна нохчийн яздархойх йолу очеркаш тоьар яра цуьнан цIе къоман литературехь йисийта. «Нохчийчоьнан яздархой» цIе тиллина цо зорбане яьккхина кхаа томехь йолу книга. 150 гергга яздархо ву цо шен очеркашца юкъалаьцнарг. ХIораннах ала довха дош карийна цунна, дешархойн дегнашкахь нохчийн яздархошка безам, ларам кхолла аьтто баьлла. Яздархочо ца къестийна къаьмнаш. Тахана дийна верг, воцург, жима, воккха. Нохчийчоьнах, нохчех дош мел яздинарг а, мел аьлларг а шен тептара юкъавалийна цо. Иза Iаламат мехала ду. Книга пайде хир ю дешархошна, студенташна, нохчийн литературех дерг хаа луучунна. Хьалха, наггахь бен вайна цIе йоккху, буьйцу ца хезна яздархой а шен тептарна юкъалаца хьуьнар хилла цуьнан. Нохчийн халкъан къаьхьа чам бетталучу исторехь мел хилларг хаа лааро, иза дешархошна довзийта лааро, халкъе, махке болчу безамо байтина яздархочуьнга и мехала болх. Иза цу тIехь дика лара а вина. Яздархойх очеркаш язйина Iаш вац иза. «Говорит и показывает Грозный» цIе йолу книга зорбане яьккхина цо шен белхан накъостех лаьцна.
Дуккха а шерашкахь радиохь а, телевиденехь а белхаш бинчу Кусаев Iадизана дика девза церан «чуьра» хьал. Цундела къемата радиоца, телевиденица бала боцчун а еша дог доуьйтуш ю книга. Иза мехала тептар ду къоман радион, телевиденин белхан а, кхиаран а некъ бовза луучунна. Iадизан мехалчу белхех цхьаъ лара хьакъ ду цуьнан «Соьлжа-ГIалех» цIе йолу книга. Иза дийнна талламан болх бу.
1818-чу шарахь инарла Ермоловс «Грозная» гIап йоьгIчахьана мел хилларг юкъалоцуш язйина ю иза. Дуьххьарлерчу урамийн цIерш йовзуьйтуш, цигахь хиллачу адамийн дахар довзуьйтуш. Куьзганахь санна гойту яздархочо буьрсачу гIопера нохчийн мехкан коьртачу шахьаре Соьлжа-ГIала ерзар. ГIалех а, цуьнан зовкх дебийначу адамех а лаьцна дуьйцуш, яздархочо масалш даладо, йолчу таронца, яздийриг суьрташца кхала ницкъ кхочу.
Иза къаьсттина мехала хета 2018-чу шарахь Нохчийн Республикин коьртачу шахьаран 200 шо кхочуш хилар дагадеача. Нохчийчоь а, цуьнан коьрта шахьар а яздархочунна чIогIа дукхаезаш хиларна къеггина тоьшалла ду иза. Цундела, Кусаев Iадизах «Соьлжа-ГIалин илланча» ала догIу. Соьлжа-ГIалига, цуьнан бахархошка болчу безаман цIаро хаддаза кийра багош ца хилча далур доцуш гIуллакхаш ду Iадиза динарш. Халкъана боккха пайда бу иза. Нохчийн къоман культурехь, литературехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттина цуьнан хьанал къинхьегам. Дегайовхо лаьтта шен йозанашкахь тIаьххьара тIадам похIмечу яздархочо билла хIинца а дукха хан хиларх.
Цундела кхиамийн зIаьнаршлахь шен 80 шаре вирзинчу яздархочуьнга ала лаьа: Веза-Воккхачу Дала оьмар яхйойла хьан, тхан лараме Iадиз. Ирсо хьоьстийла, кхоллараллин кхиамаша зазадаьккхина доьду хьан дахар. Диканаша дог хьоьстуш, марзоно шовкъе дог Iабош, кхоллараллин шовда ца лекъаш, дуккха а шерашкахь вехийла хьо!
А.ГАЗИЕВА
№2, пIераска, кхолламан (январь) беттан 12-гIа де, 2018 шо