Автомобилийн некъийн министерство вовшахтоьхна итт шо кхачарца доьзна республикин Куьйгалхочун декъалдар

Хьомсара доттагIий!

Даггара декъалдо шу Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерство вовшахтоьхна итт шо кхачарца!

Юха а хьаьвсина, вайн ала йиш ю: чолхе а, жоьпаллин а декхарш дара шуна хьалха лаьтташ. Цара лоьхура къинхьегам чIогIа безаш хилар, йоккха корматалла йолуш хилар, хаьржинчу гIуллакхна тешаме хилар! Ма-дарра аьлча, хIумма а доцучу тIера меттахIотто безаш бара республикин некъийн бахам. ТIеман кIуркIамани хиллачул тIаьхьа иза бан а боцчу хьолехь бара. Шайна тIелаьцначу оцу декхаршца сийлаллица ларийра шу. И беза мохь шайн белшаш тIе а эцна болх бира аш.

Итт шарахь Iаламат дукха болх бина. Некъийн бахаман хьоло Нохчийн Республикин бахархошкахь а, хьешашкахь а дозалла даран, доккхадеран ойла кхуллу. Билла а биллина, куьце а бина, пайдаэца юкъабалийна 600 километр некъ, 53 тIай, 14 производственни база, тобина цхьа эзар километр гергга некъ. И дерриге а некъаш дикачу хьолехь а ду. Кхузаманан тоьлла некъаш ду тахана Нохчийн Республикин уггаре а генарчу ярташкахь, меттигашкахь.

Бахархойн зовкхан тIегIа цхьанаэшшара а, сацам боллуш а лакхадаккхарна кхачоярехь шун къинхьегам стратегин маьIна долуш бу. Некъийн бахаман хьолах йоьзна ма ю адамийн дахаран дикалла, экономика кхиоран таронаш. Цундела республика сиха кхуьуш хиларо некъашдахкархошна хьалха керла декхарш хIиттадо. Туристийн комплексашна, заводашна, керлачу маьIданашна, кхечу объекташна тIедоьлхуш кхузаманан керла некъаш, тIайш дан дезар ду. Со тешна ву шу оцу декхарца а кхиамца ларориг хиларх.

Къаьсттина тидам тIебахийта хьакъ бу Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместителан – автомобилийн некъийн министран Тумхаджиев Абубакаран болх. Ведомствон болх лаккхарчу тIегIан тIе баьккхина дIахIоттийна цо. Шен белхан воккха говзанча а, вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин – бакъволу патриот а хиларна белхан накъосташа а, республикин бахархоша а боккха сий-ларам баре кхаьчна иза.

Даггара лаьа шун массеран а доьзалшкахь аьтто, беркат лаьттийла, ондда могашалла хуьлийла, балхахь бIаьрла кхиамаш хуьлийла!

№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: