Лараме Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон белхахой!
Даггара декъалдо шу юбилейн денца – Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерство вовшахтоьхна итт шо кхачарца!
2008-чу шеран кхолламан (январь) беттан 19-чу дийнахь Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Указаца Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн департаментах Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерство йира. Некъийн (отраслин) декъан исторехь керла мур дIаболабелира Нохчийн Республикин некъийн бахаман урхаллин органна тIедехкина декхарш кхочушдарехь.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Нохчийн Республикин куьйгалхочун декхарш кхочушдан волавеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна билгалдехира некъийн бахамна хьалха лаьтташ долу коьрта декхарш. Некъийн бахамна урхалла даран органна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана министерствон статус елла хиларо тIечIагIдо иза оцу некъана тешаме хилар. Цо билгалъяьккхира Нохчийн Республикин социально-экономикин кхиорехь, инвестицешна бегIийлаш хилийтарца кхачоярехь кхочуш йолу меттиг а, оцу декъехь ведомствос лелош долу маьIна а.
Бинчу белхан жамIаш деш, тешна хиларца ала мегар ду: некъийн декъо ладаме хазна юкъаюьллу Нохчийчоьнан экономика а, социальни дакъа а кхиорна, некъашдахкархоша ларбина республикин куьйгалло белла тешам кхочушбина некъех пайдаоьцучеран сатийсам.
Итт шо. Иза башха таро ю бинчу белхан жамIаш дан а, дан дезарш билгалдаха а. Оцу шерашкахь Iаламат дукха болх бина, кхочушйина кегий а, яккхий а дуккха а проекташ. Беха некъ бина. Шина тIамехь йохийна хилла некъийн инфраструктура меттахIотторна тIера дIадуьйладелла кхузаманан башха некъаш, тIайш дарна тIекхаччалц. Заманан лехамашна жоп луш а ду уьш. Цу тайпанчу кхиамашка, цхьа а шеко йоцуш, тхо кхочур дацара Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо, Россин сийлаллин некъашдахкархочо, Нохчийн Республикин №1 йолчу некъашдахкархочо Кадыров Рамзана тхан даима а гIолоцуш дацахьара, цо хаддаза терго латтош яцахьара. Цуьнан хьуьнар бахьанехь хилла бу и кхиамаш. Тхо цунна хьалха декхар а ду.
Лараме некъийн декъан белхахой! ХIокху дезачу дийнахь ас баркалла боху шуна аш хьанал къахьегарна! Со чIогIа тешна ву кхул тIаьхьа а, шун башхачу зедаллачунна, лаккхарчу корматаллина, жоьпаллина тIе а тийжаш, Нохчийчоьнан некъийн министерство кхидIа а кхиамца кхуьург хиларх, Нохчийчоьнан некъаш тоьллачарах хилла ца Iаш, уггаре а тоьлла хирг хилларх.
Даггара лаьа шун а, шун гергарчеран а ондда могашалла, кхиамаш, беркат, аьтто, зазадаккхар хуьлийла! Шун дахаран некъ даима нийса а, кхерамза а, аьхна а хуьлда, аш дохкуш долу некъаш, тохкуш долу тIайш санна.
Ирсе хуьлда керлачу итт шаре боьду шун некъ!
№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо