ТIедеана шо Нохчийчохь Инвестицийн шо ду аьлла. Иштта хаам бина Соьлжа-ГIалахь Правительствон а, кIоштийн а векалшца ша дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо дийцарехь, экономика кхиар а, бахархойн дахаран хьелаш тодалар а, коьртачу декъана, доьзна ду республикехь инвестицешца долчу хьолах. Цунна хетарехь, оцу гIуллакхна къаьсттина тидам тIебахийта безаш хьал ду карарчу хенахь Россин экономикерчу кризисе хьаьвсича.
«Россерчу а, дозанал арахьарчу пачхьалкхашкарчу а бизнесан векалшна чIогIа товш ю таханлера Нохчийчоь а, кху чуьра хьал а. Вайн экономикина юкъа инвестицеш яхка лаам болуш бу уьш. Ткъа вайн декхар хIун ду?!Царна оьшуш долу хьелаш кхоллар! Карарчу хенахь Нохчийчохь кхочушъеш ю 300 сов миллиард соьмана лерина проекташ. Иза боккха кхиам бу! Амма вайна хьалха лаьттачу декхарша а, вайн Iалашонаша а вай декхарийлахь до керла инвесторш а, церан инвестицеш а леха. Бизнесан а, туризман а кластершна инвестицеш лахарна къаьсттина тидам тIебахийта безар бу, хIунда аьлча, уггаре а тIаьхьало йолу ши дакъа ду и шиъ. Айса лакхахь мел дийцинарг тидаме а оьцуш, тIедеана долу 2018-гIа шо Нохчийн Республикехь Инвестицийн шо ду аьлла, дIакхайкхадо ас!», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Иштта, цунна хетарехь, чекхдаьлла долу 2017-гIа шо кхиаме дара: Россин экономикехь кризис йоллушехь, Нохчийчоьнан Правительствон ницкъ кхечира социальни декъехь а, экономикехь а кхиамаш хир болччу кепара болх дIахIотто.
«Баккхийчу хийцамашца доьзна ду чекхдаьлла долу шо. Социальни декъан а, экономикин а тайп-тайпанчу дакъошкахь хаалуш бу хийцамаш, кхиамаш. Уьш бахьана долуш, вайн республикин бахархойн дахаран хьелаш мелла а тоделла. Карарчу шарахь а ю вайна хьалха лаьтташ иштта яккхий Iалашонаш. Цундела, и Iалашонаш кхочушъярехь еккъа цхьана Правительствос къахьегарх гIуллакх хир дац. Меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн векалш а бу хIинца оцу гIуллакхна само ян езаш. Тешна ву, вай цхьаьна болх бахь, хьалха хIиттийначу Iалашонашка кхочург хиларх», – элира цо.
Оццу цхьаьнакхетаран чаккхенехь вовзийтира ханна Итон-Кхаьллан кIоштан куьйгалхочун декхарш кхочушдан хIоттийна волу Алхастов Мовсар.
«Мовсар къона а, къахьегар дезаш а, жоьпалле а урхалхо ву. Со тешна ву цо шена хьалха хIиттийна декхарш кхиамца кхочушдийриг хиларх а, Итон-Кхаьллан кIошт кхиарехь керлачу, лаккхарчу тIегIане йоккхург хиларх а. Атта боцчу цуьнан балха тIехь кхиамаш хила а, тIаьхье беркате хила а луур ду вайна», – олуш, дIадерзийра цо цхьаьнакхетар.
И.АДАМОВ
№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо