Хууш ма-хиллара, Итон-Кхаьлларчу Хьачарахь еш йолчу «Ведучи» курортан хьалхара дакъа ду карарчу беттан 20-чу дийнахь схьадоьллуш. Оцу гIуллакхна лерина цигахь хIинцале бакхий кечамаш бина: 5 гIотах лаьтташ долу хьешацIа а, сервисан туш а йина, котельни дIахIоттийна, 860 метр йохаллин «канатин некъ» а кечбина.
ХьешацIийнан хьокъехь аьлча, билгалдаккха догIу иза, 154 стагана лерина гIишло хилар. Иштта, хьешийн аьттонна, цу чохь спа-салон а, бассейн а, спортзал а, ресторан а хир ю. ГIишло хьалайоьттина яьлла хиларал сов, чуьра а яьлла ю. Карарчу хенахь белхахой къахьоьгуш бу цуьнан тIехуле куьце ялош а, кечъеш а.
ХьешацIенна леринчу котельнин гIирс нохчийн «Теплостройпроект-С» компанис кечбина: 1 260 кВт нуьцкъаллин АБМК-1260 «котельни», Ecoflam система хIоттор бахьана долуш, аьтто болуш ю газа тIехь а, дизель тIехь а болх бан.
Цул тIаьхьа йогIу сервисан туш. Иза, хьешацIа чекхдаьллачул тIаьхьа, уггаре а коьрта гIишло лара мегар ду, хIунда аьлча, цу чохь хир ю курорте садаIа баьхкинчаьрга луш йолу лыжаш а, кхиболу гIирсаш а. Цул сов, оццу чохь кхин цхьа ресторан а, медпункт а хир ю. Карарчу хенахь цу чохь электромонтажан а, чуьра а белхаш ду дIахьош.
СадаIа богIучарна лерина хIинцале кечбина кхо некъ: берийн, Iаморан, коьрта. Коьрта некъ 960 метр йохалла йолуш бу. Цунна лерина, лахара дIа хьалаваран аьттонна, 860 метр беха «канатин некъ» кечбина.
Къилбаседа Кавказерчу курортийн могIаре хIуттучу нохчийн курортан хьалхарчу декъан тарифийн политикин гIуллакх Россин Правительствон Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела Байсултанов Одеса а, «Къилбаседа Кавказан курорташ» автономни юкъараллин коьртачу директора Тимижев Хьасана а дийцаре дина.
Иштта, цу шиннан хиллачу бартаца нийса а догIуш, «Ведучехь» баккхийчарна цхьана дийнахь ски-пассех пайдаэцар 400 соьман барамехь хир ду, ткъа 6 шарера 13 шаре кхаччалц долчу берашна – 200 сом. «Канатан некъах» маьхза пайдаэца йиш хир ю 5 шо кхачаза долчу берийн а, 75 а, кхин дукха а шераш долчу бахархойн а, 18 шо кхачаза долчу заьIап берийн а, иштта, 1-чу тобанан заьIапхойн а. Баккхийчара ски-пассех пайдаэцарна денна лучу 400 соьмах 50 процент мах охьабоккхур бу 65 шарера 75 шаре кхаччалц хенаш йолчу хьешашна а.
Цул сов, Итон-Кхаьлларчу дешархошна лерина «Лыжаша кхойкху!» проект а хир ю оцу курортехь. Цуьнан гурашкахь кIоштарчу дешархошна маьхза Iамор ду лыжаш хахка.
И.ИСЛАМОВ
№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо