Вайн цIахь ма хаза ду-кх…

Белхан де делкъенга лестина хан яра, «Даймохк» газетан редакцин культурин отделан неI тоьхна, маршалла хоттуш, цхьа зуда еача.

«Вайн лоьрашна баркалла ала лаьара суна. Вуьшта, сайн хазахетарх а, со йоккхаерах а дийца а лаьара. Ма хаза, оьзда ду-кх вайн цIахь» – олуш, бIаьргех долу хи сецо гIертара кабинетан неIсагIанал сехьа яьлла дIахIоьттина зуда.

«Сехьа яла, охьа хаа!» – аьлча а, бехкала яхана лаьттара иза.

«Геннара цIаеана хир ю» – аьлла, дагадеара суна. Казахстанера, Грозненски кIоштарчу Iалхан-ГIалахь шен нана а, ваша а волчу цIаеана хиллера Ахаева Лайлаъ. Цо дийцира ша деана гIуллакх.

«2017-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 26-чу дийнахь буьйсанна 11 сахьт долуш чувеана хилла тхан ваша Леча. Цуьнга сатуьйсуш Iачу тхан нанас Ахаева Совдата, шен кIант, гIора доцуш, де эшна гича, паргIат витина, амма ладоьгIуш сахуьленга яьлла иза. Iуьйранна кхетам чохь воцучу хьолехь карийна тхан ваша. Лулахошка а, гергарчу нахе а орца даьккхина. Тхан нанас Совдата нах тIекхачале «Ясин» дешна хиллера Лечина. Нана шен 7 шо долуш дуьйна а хьуьжарехь дешна, Къуръан доьшуш а, шенначул Iаьрбийн мотт хууш а ю. Цхьаболчара «Больнице вига а оьший хьовха иза. Ма хьийзавейша. Цуьнан гIуллакх дIадаьлла ца го шуна?!» – бохушшехь, сихонца Соьлжа-ГIалин №9 йолчу больнице кхачийна хиллера тхан ваша (цу хенахь со Казахстанехь яра). Цу больницерчу реанимацин отделенехь кIира даьккхича меттавеанчу тхан вешина нейрохирургин отделенехь операци йина хиллера».

Лайлаа йоккхаерца дийцира Соьлжа-ГIалин №9 йолчу больницехь шайн веше Ахаев Лече хьаьвсинчу лоьрех лаьцна. Инсульт хилла, коьртана операци ян дезна. Оьрсийн маттахь «трепанация черепа» олу цу балхах. Операци йинарг лор-нейрохирург Датаев Хьамзат а, лор-хирург Лабазанов Алан а, анестезиолог Мусханова Диана а яра.

Дерриге а шен тидамехь латтадора нейрохирургин отделенин заведующи волчу Умаров Романа а, лор-травмотолога Байсаров Iусмана а, ткъа иштта медйижарша Бетергельдиева Маликас, Азиева Амината, Даудова Мадинас, Мусаева Луизас даггара накъосталла дира операци еш а, йиначул тIаьхьа а.

Генара некъ бохьуш, цIакхаьчна Ахаева Лайлаъ Далла хастам бина ца йолу шайн ваша говзачу лоьрех дарба хилла, могаш-маьрша больницера араваьлла, шайн нанна Совдатана уллехь карийна.

Лор дика говзанча хилар дийцина ца валлал доккха ирс ду, цул сов дуй техьа аьлла доккха ирс ду и лор бусалба дог-ойла йолуш а, нохчийн гIиллакх девзаш а хилар. Дела реза хуьлда шуна, нейрохирургин отделенин лоьраш.

Бакъдолуш, тхуна, «Даймохк» газетан редакцин белхахошна а доккха хазахетар хилира 2005-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь хилаза йолчу вайн махкахочо вайн лоьрех, адамех лаьцна иштта хаза дош аьлча. Редакцин хьешо,Ахаева Лайлаа ма-аллара, вайн цIахь хаза а, оьзда а ду. Цхьаболу цатемаш а, кхачамбацарш а доцуш а йогIур ю кхидIа йолу зама. Коьртаниг цIавеанчу нохчийчунна ша шен цIахь хеташ хилар ду.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: