Малаков Вахин байтийн «Шовзткъе берхIитталгIа бIаьсте» гулар йовзийтира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь.
Цигахь дакъалоцуш бара: филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, нохчийн халкъан яздархой Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, «Даймохк» газетан культурин отделан редактор Эльдерханова Зайнап, Малаков Вахин гергарнаш, цуьнан йиша Малакова Малика, девешин кIант Малаков Докка, цуьнан хилла накъостий Сугаипов Лоьма, Гацаев Висита, Гацаев Iалавди (цуьнан уллера накъостий), Мазуров Мохьмад, иштта, къона яздархой.
2014-чу шарахь кхелхина Ваха. Иза дуьнен чохь волчу хенахь газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь зорбане йийлина цуьнан байташ. Шен байтийн гулар арахеца ца кхиира иза. Вахин вешин кIанта Малаков Джахара дукха къахьийгира гулар арахеца дагахь цуьнан байташ вовшахтухуш. Ханна жима велахь а, шен девешин байтийн гулар арахецар шен декхар хеташ вара кIант. Лаам хиларал сов, цо къахьегар бахьана долуш, дукха хан йоццуш зорбане елира Малаков Вахин байтийн «Шовзткъе берхIитталгIа бIаьсте» цIе йолу гулар. Цу тIехь цунна гIо-накъосталла дира Джамбеков ШаIранис, Бексултанов Мусас, «Орга» журналан коьртачу редактора Алиева Заринас.
Гулар йовзийтарна леринчу суьйренехь Вахех лаьцна йина хилла передача гайтира проектора тIехь. Вахин байтех дош а олуш, къамел дира Джамбеков ШаIранис.
– Ваха суна вевзаш вацара. Цуьнан цхьана байтах бIаьрг кхийтира сан. Суна цуьнан дешнашкахь боккха чулацам карийра. Цуьнан байтаца вевзира суна Малаков Ваха. Иза шен чам, дуьнене хьежам болуш стаг хилла хилар хиира суна. Тхо луларчу ярташкахь даьхна хиллехь а, иза вовза ирс ца хилла сан. Иштта, цуьнан вешин кIентан дIадолорца цуьнан байтийн гулар арахецарна тIехь къахьега дуьйладелира тхо, – элира цо.
Ахмадов Мусас билгалдаьккхира Малаков Вахин байташа нохчийн литературехь шайн меттиг дIалоцург хилар.
– Халахеташ делахь а, вайн заманахь нохчийн маттахь язъеш берш кIезиг бу. Интернета чохь-м дукха карайо цхьацца байташ. Амма дукха гIалаташ хуьлу царна тIехь. Цундела, вайн кегийрхой нохчийн маттахь дуккха а еша а, яздан а хьовса безара. Вайн маттахь язъеш, къахьегнарш бицбан йиш яц вайн. Малаков Ваха бахам лоьхуш стаг ца хилла. Цуьнан байташ вайн литературехь шайн меттиг дIалоцур йолуш ю, – бохура цо.
Бексултанов Мусаца гергарло лелош хиллера Малаков Ваха. Мусас шен къамелехь чIагIдира, Ваха дика а, оьзда а стаг хилла хилар.
– Дуьнен чохь ша вехачу заманчохь стагана уггаре а еза цIе ю оьзда ву алар. Ваха цхьа шатайпа дика адам дара. Дика стаг хилла ца Iара иза, оьзда, эхье, гуттар а массарна а тIехьа сецаш вара. Доьналла а, къонахалла а шеца йолуш вара Ваха. Нахана зуламе стаг а вацара. Цо язйина байташ а, ша Ваха санна, шатайпа а, маьIне а ю.
– Поэт — халкъан юкъара бахам бу. Поэтана, яздархочунна шен мехкан хIора а кIошт, хIора а юрт хьоме хила еза. Малаков Вахин байтийн гуларна тIехь дуккха а хаза дешнаш карийра суна. Яханчу заманан чам, Iер-дахар йозанца вайна охьадуьллуш болу яздархой, поэташ бахьана долуш дуьсу вайн исторехь. Дукха хан йоццуш Иорданерчу нохчашкахь хьошалгIахь хилира со. Дукха хан ю церан дай цига дIакхелхина. Цул тIаьхьа дукха хан яьлла, делахь а, цара ларбина нохчийн мотт. БIаьргех хи долура цара нохчийн мотт буьйцуш хезча. Оццул Iалашбина цара нохчийн мотт, – бохура Эльдерханова Зайнапа.
Малаков Вахах а, цуьнан кхоллараллех а довха деш- наш ала луурш дукха бара оцу суьйренехь. Бистхиллачара цхьатерра билгалдоккхура, Ваха уггаре а хьалха дика а, оьзда а стаг хилла хилар.
Вахах лаьцна хьешаша дешнаш аьллачул тIаьхьа, университетан студенташа Малаков Вахин байташ йийшира. Малаков Джахара баркалла элира, девешин байтийн гулар арахоьцуш шена гIо мел динчарна. Джамбеков ШаIранис баркаллин кехат делира цунна.
Малаков Вахин забаречу «ИрахьIар» байтаца ерзийра гулар йовзийтарна лерина йолу суьйре.
Малаков Ваха вина 1955-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 22-чу дийнахь Казахстанехь. Хьалха-Мартан кIоштан Олхазар-КIотарарчу №1 йолчу школехь дешна цо. Царна школехь нохчийн мотт хьоьхуш хиллачу гIараваьллачу яздархочо Сулейманов Ахьмада марзбира Вахина нохчийн мотт. Вахин байташ ненах а, Даймахках а, безамах а лаьцна ю.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: суьйренан дакъалацархой