ДIадахначу бIешарахь Нохчийчохь баьхначу баккхийчу Iеламнахах цхьаъ вара, вайн махкахь вевзина ца Iаш, махкал арахьа а вевзаш волу Iеламстаг Изновр-молла.
Изновр вина 1894-чу шарахь Шуьйтан районерчу Лакха-Варандахь. Оцу ламанан хазачу юьртахь бехаш-Iаш хилла хIетахь церан доьзал. Цигахь дIаяхана цуьнан бералла а.
Бусалба Iилма Iамо Изновр волавелла бералехь дуьйна. Цунна Iилма хьехна цу заманахь Нохчийчохь бехаш хиллачу баккхийчу Iеламнаха. Иштта, цунна хьехначарех ву Хошкальдара Юсуп-Хьаьжа а.
Изновр веха зама вайн къоман уггаре а халачех хилла. Цунна гина большевикийн Iедал коьртехь хилла болу карчам а, цул тIаьхьа оцу Делан мостагIаша – коммунисташа лелийна харцонаш а, къизалла а.
Оцу заманчохь вайн махкара Iеламнах, байина, эзарнаш жайнаш дагийна, дукха хьуьжарш йоха а йина.
1944-чу шарахь, вайн дерриге а къам махках доккхучу хенахь, цаьрца Юккъерчу Азе а вахна Изновр. Цо кхечаьрца нийсса лайна халонаш а. Амма, Делан къинхетамца юха Нохчийчу цIа а вирзина иза 1957-чу шарахь. Кхалхийначохь яздина Изновра шен «Сибрехара хиламаш» аьлла долу жайна. Иза Изновре наха деллачу хеттарех а, цуо царна деллачу жоьпех а лаьтташ ду. Цуьнга динах хеттарш вайн наха санна иштта кхечу къаьмнех болчу бусалбанаша а дора.
2010-чу шарахь, АллахIан новкъахь къахьега а, тIаьхьарчу тIаьхьенна Изновран Iилма довзийта лиъначу наха вайн махкахь арахецна жайна.
Куьйгайозанехь иза дакъошка декъна дац. Амма иза арахецначара, доьшучарна атта хилийта, дакъошка декъа а доькъуш, хеттарш а, жоьпаш а теманашца нисдеш, боккха болх бина цу тIехь. Дела реза хуьлда царна.
И жайна дешначара боху Изновран меттан хьуьнарш а, дешан говзалла а цецвоккхуш ду. Цуьнан белхаш бешначарна дага а догIур дац, уьш язбинарг Iаьрби вац аьлла. Iарбийн мотт шен ненан мотт болуш санна, дика хууш хилла цунна.
Изновран жайна зорбане кечдеш дакъалаьцначарах вара Мисарара (Египтера) Iилманча Iалауддин аль ГIарабави. Иза еххачу хенахь шен махкахь Iаьрбийн мотт Iамочу «Ан-Нур» цIе йолчу ишколан куьйгаллехь хилла вара.
Оцу жайнин чулацам шена бевзинчул тIаьхьа, иштта мах хадийнера цуо иза яздинчун: «Бусалба наха дозалла дан деза Изновр санна волу Iеламстаг шайн хилла хиларна. Со суо Iаьрби велахь а, Iаьрбийн мотт сайн ненан мотт а болуш, со чIогIа цецваьллера и жайна яздинарг Iаьрби вац аьлча. Оццул кIорггера ду цунна Iаьрбийн грамматика йовзар».
Изновран белхаш бешча, хаало иза Делах ч1ог1а тешаш стаг хилар. Цуо яздина хIора а дош, Делах тешначу стеган дагчуьра довлуш долу бакъ дешнаш ду.
Изновр цкъа а кхоьруш вацара бакъдерг дIаала, Iедалера кхерам белахь а я цхьаболчу нахана дезар дацахь а.
Цуо динехь, ян мегачохь атто а йора, амма ШариIатехь атто ян йиш йоцчохь, хIуъа хилла латтахь а, ша бохучунна тIера а ца волура.
ХIокху дуьненан бахамах Iехавелла, цунна тIаьхьаваьлла, и лоьхуш лелла а вацара иза.
Цуо цкъа а дIабер боцу эхартара бахам хаьржинера. Ткъа дуьненахь цуьнан болу бахам АллахIах даггара тешар а, бусалба дин даржош къахьегар а дара.
Муьлххачу а хаттарна ша жоп луш, Изновра ШариIатан бух Къуръан а, Суннат а хилар билгалдоккхура. Цуо олура, иза массо а стагана хаа а дезаш, хIораммо лело а дезаш хIума ду. Ца леладахь, цхьанна а кхиаме кхача йиш а яц.
Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ас шуна дитина ши хIума, аш уьш лардан ма-деззара лардахь, цкъа а нийсачу новкъара девр дац шу. Уьш Къуръан а, Суннат а ду».
И хьадис даима а шена хьалха лаьтташ долуш санна хуьлура Изновран къамел.
Наха вайн Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Суннат ца лелорна а, цара иза галдаьккхина, нийса ца лелорна а кхоьруш, чIогIа сагатдора цуо.
И сагатдар цуьнан массо а белхашкахь гуш а ду.
Изновран Iилманан белхаш цхьа жайна арахецарца чекх ца бевлла.
Зорбане кечдеш цуьнан кхин цхьа жайна а ду. Цу тIехь дуьйцу хьадисех а, церан маьIнех а, вайн Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) масалх а, иштта исторех доьзначу цхьацца хIуманех а. Изновран доьзалехь пхи бер хилла: ши кIанттий, кхо йоIIий. Царах хIинца дуьненчохь дисна шиъ бен дац.
Шен доьзал цуо кегий болуш дуьйна динца кхиош хилла. Иштта хьарамчу хIуманах ларбала а, жимчохь дуьйна диканиг дан а Iамош хилла.
Цуьнан кIанта Мусас дуьйцу, ша жима волуш, шаьш хийрачу махкахь долчу оцу халачу заманахь (хIорш цигахь болу ши шо хан хилла, юучуьнца а, тIеюхучуьнца а, кхин башха паргIато а йоцу зама хилла иза), дас цхьана дийнахь хаьттира боху шега:
– Тахана хьанна гIо дира ахь? – аьлла.
Жимма ойла а йина ша, цхьанна а ца дира, элира боху.
Ши-кхо де даьлча изза хаттар юха а дира боху цо шега.
ТIаккха, цо иза хIунда хоьтту техьа боху ойла коьртехь а йолуш, ша элира боху: – Ас хьанна хIун гIо дийр ду? – аьлла.
Вела а велла, ша шена юххе охьа а хаийна, цуо дийцира боху шена, шега хIун далур ду диканиг. Цо дуккха а хIуманаш дийцира боху, пайдехь а долуш, дан атта а долуш, шен дан ницкъ а кхочур болуш.
Уьш дукхахдерш вайн гIиллакхашца доьзна хилла.
– ГIиллакхца доьзнарш дерриге а Дела резаволуш хIуманаш ду хьуна – элира боху цо.
– Кхин цхьа а дан дика хIума ца карош хьо висахь, новкъахь Iуьллуш болу тIулг дIабаккхий а, диканиг ца деш де дIа ма дахийталахь, – аьлла весет дина Изновра шен кIанте.
Изновран жимах йолу йоI, Лайлаъ, тхан девешигахь яра. Цо а дуьйцура шен дех лаьцна дуккха а хIуманаш.
Юккъерчу Азехь долуш, шен бераллин хенахь, чIогIа деша лаам болуш яра ша, олура цо. Шен вешица цхьаьна ишколехь доьшуш а хилла хIара, иштта дас цIахь бусалба Iилма Iамош а хилла кхарна.
Амма яздан а, еша а дикка Iеминчул тIаьхьа ишколера цIахь сацийна хIара дас. Иштта Къуръан деша а, ца хиъча ца довлуш долу хIуманаш Iамийна яьлча, бусалба Iилманан кIоргалле а ца яхийтина хIара цо, Iилма Iамор стагана а, зудчунна а тIехь фарз делахь а, шен кхерч а кхоьллина, охьахиъча кIорггерчу Iилманах пайдаэца кхуьнан хан а, аьтто а хир боцийла хууш санна.
Ткъа шен хIусамнене Хадижате аьлла хилла цо, оцу йоIана яахIума ян а, хIуматега а Iамаде, аьлла. Ала деза, и ши хIума цунна дахарехь, чIогIа кара а дира. Оцу говзаллех ша мел еха цо пайда а ийцира.
Цкъа да волчу хьажа-хIотта яхаза мелла а хан яьлла хилла кхуьнан.
Кхано хIара гучуяьлча, ца йогIуш хьеяларан бахьана хIун ду, хаьттина дас.
Совхозо аренашкахь дIайийна хьаьжкIаш хьаькхначул тIаьхьа, охьаэгна йиснарш гулъян оьхуш хилла нах. ХIара а хилла цаьрца яхана.
Иза кхуо дIадийцича, – Ахь дIайийнера уьш? – хаьттина дас.
– Ца йийнера. – аьлла вукхо.
– Ахь асар динерий царна?
– Ца динера.
– ДIа а хьой, айхьа схьаэцначу метте охьайохкалахь уьш! – омра дина дас шен йоIе.
Тахана вайн заманахь бехачу, Iилма кIезиг долчу дуккха а наха тергал а дийр доцуш, кIезиг хетар долуш хIума ду иза. Амма Изновра шен йоIе динчу къамело гойту и тайпа хIума а хьарам хилар а, цунах ларвала везар а. Билгалдаккха деза, цхьа а дин доцу Советан Iедал вайна тIехь лаьттинчу оцу халачу заманахь а бусалба дин даржорехь а, лардарехь а къахьегна Изновра. Оцу Iедало дуьхьало ешшехь, шен ницкъ кхочучу барамехь, дозанал арахьарчу Iеламнахаца а зIе латтийна цуо.
Кхалхийначуьра цIадирзинчул тIаьхьа шен цIахь, къайлах берашна дин хьоьхуш, уьш Iамош а хилла иза, гучудаьлча Iедалера луьра таIзар шена хир доллушехь.
АллахIах даггара тешаш волу стаг, АллахIах бен кхера йиш йолуш вац. Ишттачарех вара Изновр. Изновр санна болу нах бахьана долуш. Ислам дин нехан кхетамера дIа ца даккхаделла Делан мостагIийн Iедал тIехь лаьттинехь а. Изновр дуьнен чуьра дIакхелхина 40 шо гергга зама яьлла (иза дIакхелхина 1974-чу шарахь. Дала къинхетам бойла цунах. Дала даржехь лакха а воккхийла). Амма нахана иза виц ца велла. Наха хIинца а сий-ларам бо цуьнан а, иштта цуьнан тIаьхьенан а.
Иштта хуьлу АллахIан новкъахь къахьоьгучу а, Ислам дин, деза а дезаш, лелочу а, бусалба Iилма 1ама а деш, даржа а деш, баьхначу нахана АллахIа хIокху дуьненахь деш долу дика. Уьш шайн Iилманца а, ийманца а даиманна а баха буьсу адамийн ойланехь а, историн агIонашкахь а.
Р.БАЙРАКОВА.
(Материал кечъеш пайдаэцна «НОЕВ ЗАВЕТ» журнала тIера «ДУХОВНОЕ НАСЛЕДИЕ ШЕЙХА ИЗНАУРА» аьллачу стаьях а, иштта гергарчийн дагалецамех а).