Соьлжа-ГIаларчу М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь дIаяьхьира Россин Федерацин Президентан харжамаш дIабахьарна лерина семинар. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто вовшахтоьхнера иза.
Цигахь дакъалецира оцу департаментан директора Абазов Рустама, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала, Юкъаралин палатин декъашхочо Солтаев Мансура, кхечара.
Семинар вовшахтохаран коьрта бахьана дара коммерцин йоцучу организацин куьйгалхошна а, кхиазхой а, кегийрхой а кхетош-кхиорехь болх бечу говзанчашна а шаьш хIокху муьрехь дIабахьа беза болх бовзийтар.
– Атта мел дуьйцу а дика кхета нах, цундела атта, кхетачу маттахь эр ду ас. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ Дела везаре, Дела хьехоре, Делах кхераре кхойкхуш, вайн нохчийн оьздангаллий, гIиллакх-гIуллаккхий дIа ца даккхийтаран а, вайн мохк даима а сий долуш хилийтаран а дуьхьа хилла. Оцу некъан цхьа дакъа ду вай тахана кхочушъеш йолу концепци. Оцу турпалчу наха вайна яьккхинчу паргIатонан а, маршонан а сий дан декхарийлахь ду вай. Цундела Россин Федерацин Президентан харжамашкахь жигара дакъалацаре кхойкху ас шу, – дийцира Р.Абазовс.
Цул тIаьхьа Денильханов ИсмаьIала билгалдаьккхира Президентан харжамаш пачхьалкхан политикин дахарехь уггаре а коьрта хилам хилар.
– Пачхьалкхан хIора а вахархо декхарийлахь ву шен кхаж тоьллачу кандидатуран дIабала. Со ца вахча хIумма а дац, бохург хила ца деза. ХIоранна а хаа деза, хIора а кхета веза шен а тIехь долчу жоьпаллех, – элира И.Денильхановс.
Дагадоуьйту Россин Федерацин Президентан харжамаш 2018-чу шеран 18-чу мартехь дIахьуриг хилар. 18 шаре ваьллачу Россин хIора а вахархочун бакъо ю шен а луъучу кандидатурехьа кхаж таса. Кхаж тасарна юкъарабовлу суьдо кхетам боцуш леринарш, набахти чохь берш.
Хь.БАХТАЕВА
№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо