ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь дIадаьхьира Россин зорбанан денна лерина даздарш. Цигахь дакъалоцуш бара шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш.
Зорбанан денца журналисташ декъал а беш, вистхилира къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат.
– Газеташа а, журналаша а шайн меттиг дIалоцу юкъараллин дахарехь. Уьш ца хилча, тамашийна а хетар дара. Вайна ма-хаъара журналистан болх атта бац. Доккха маьIна а, боккха чулацам а цхьана дашехь дIакхачо говза хуьлу журналист. Вайна хаьа, дош мел ницкъ болуш ду. Аш хьоьгуш долу къа гуш ду. Аш бечу белхан оха лаккхара мах а хадабо. Шайн халкъан а, мехкан а дуьхьа, де-буьйса ца лоьруш къахьоьгу журналисташа. Россин зорбанан денца ас даггара декъалдо шу. Лаьа, тIейогIучу хенахь шайн балхахь кхиамаш а бохуш, говзаллехь денна а кхуьуш дIакхоьхьийла аш шайн атта боцу некъ, – элира цо.
Цул тIаьхьа Сийлаллин грамоташца билгалбехира шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш.
Дагадаийта лаьа, 1703-чу шеран кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь Петр Хьалхарчун указаца Россин «Ведомости» газетан хьалхара номер зорбане яьлла хилар.
З.ЛОРСАНОВА
№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо