Луларчу регионашкахь

ГIолацаран жамIаш

МАЙКОП. Адыгей Республикин къаьмнийн гIуллакхашкахула, махкахошца зIенаш латторехула, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула йолчу комитетан председатела Шхалахов Аскера чIагIдарехь, тахана регионехь вехаш Шемара веана 700 гергга махкахо ву. 2017-чу шарахь меттигерчу Iедалша царна массарна а кхачойира хIусамашца, гIо дира кхузахь дахарна оьшуш долу документаш кечдарехь, белхан меттигаш хилийтира къахьега лаам гайтинчарна. Тидамза ца битина кегийрхой а, бераш а. Хьалхарчарах 47-нна регионан вузашкахь деша меттигаш хилийтира. Деша хан кхачаза долу дерриге а бераш берийн бошмашка дIанисдира. Ша-шаха кхеташ ду медицинин хьашташ кхочушдар маьхза хилар. ТIебаьхкина махкахой меттигерчу хьелех болийтарехь доккха гIо хуьлу юкъараллин организацешкара а, бизнесменашкара а, бахархошкара а. Цхьаболчара шайна маьхза деллачу лаьттан дакъош тIехь цIенош дина. Iедалан органаша билгалдоккхуш ма-хиллара, 2018-чу шарахь а къастор ду оьшучарна лаьттан дакъош.

Керлачу школин корпус

ХIИНЖА-ГIАЛА. Дешархой тIеэца кийча ю ала мегар ду Дагестанан коьртачу шахьарахь Акаев Юсупан цIарахчу школехь йина керла корпус. Ма-дарра аьлча, проектаца нийса а догIуш, иза еа блоках лаьтташ йолу дийнна школа ю ала а мегар ду – дешаран ши корпус а, вукху шинна чохь пхьалгIанаш, кхача буу меттиг, актови а, спортан а залаш: 604 дешархочунна меттиг ю цу чохь. Леррина цунна шена йинчу котельнино кхачойийр ю йовхонца. ТIеялийна газ а, хи а. Чекхбаьхна гIишлошъяран-монтажни белхаш санна, ткъа иштта чоьнашкахь бан безаш хилла белхаш а. Го баьккхина керт еш кечйина спортан майда, цIан а еш, куьце ялош ю ерриге а керт. Кхузахь тидам тIебохуьйту и корпус 2025-чу шаре кхаччалц «Дешар кхиор» аьлла йолчу программин гурашкахь йина хиларна. Регионан пачхьенехь бераша кхаа сменехь дешар дIадаккхарна тIехьажийна билгалдеш ду кхин а масех школа яр. Цунна тIехьажийна хир ду 2018-чу шарахь оцу декъехь ден долу гIуллакхаш а. Республикехь Iалашо хIоттийна школашкахь берашка цхьана сменехь бен цадешийтар. Аьлча а, дешаран учрежденийн барам хаъал алсамбаккха.

Iалам лардарехь – кхиам

МАГАС. 2017-чу шарахь ГIалгIайчохь юьззина кхочушйина Экологин шарна билгалйина хилла регионан план – дIадаьхьна 84 гIуллакх. Царах кхоъ федеральни планна юкъа а дахийтира. Республикин экологин а, Iаламан таронийн а комитетан куьйгалхочо Бабхоев Мохьмада чIагIдарехь, и план тIехьажийна ю даххашца гIуллакх даран система юкъаялорна, Iаламан таронех санехь пайдаэцарна, шайна юкъахь хиш а долуш, гонахара Iалам бехдаран гIуллакхаш къастийна цхьалхадахарна, Iаламан къаьсттина ларъеш йолу меттигаш кхиорна. Мехала лору регионехь хин объектийн экологин хьал тодар, бахархой а, латтанаш а хиша вочу агIор Iаткъам барх лардар. Россин Федерацин хин комплекс кхиоран хьокъехь йолу Iалашонан программа кхочушъяран гурашкахь кху шарахь кхочушдина Соьлжехь Iам меттахIотторна, Барсуки юьртахь Назранка хин шина а агIорхьара бердаш чIагIдарна тIехьажийна долу гIуллакхаш. ТIекIал шолгIачу шарахь республика толамхо лоруш ю «Россин хи» аьлла йолчу ерригроссин акцин. Иштта «Баьццара Росси», «Баьццара бIаьсте» аьлла экологин субботникаш дIаяхьарехь регион-лидер хилла дIа а хIоьттина. Уьш дIаяхьарехь дакъалецира 250 эзар сов стага. ДIадуьйгIира 25 эзар синтар. Цул сов махкахь экологина уггаре а кIезиг зен дечу субъектех лоруш а ю иза Россин Iалам лардаран министерствон хаамашца.

Культурин 11 цIа схьадиллина

НАЛЬЧИК. Культурин тIеттIа керла кхерчаш схьабоьллуш бу ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь. Царах итт цIа схьадиллина Ерригроссин политикин «Единая Россия» партин проектан гурашкахь. Колдрасински кIотарахь санна, шен цигахь вехаш 500 сов стаг а волуш йолчу, луларчу Майкопан кIоштан Славянин кIотарахь а шаьш долчохь культурин цIа схьаделларе сатуьйсу дукха хан яра. Тахана кхочушхилла и сатийсам. 500 квадратан метр гергга майда дIалоцу керла йинчу садаIаран туьшо. 200 меттигна актови зал кечйина. Йолуш ю йоккха фойе, библиотека, куьце ялийна гонахара меттигаш. Цунна йина харж 18 миллион соьмал сов ю. Культурин керла цIа кхоллараллин, дешаран, культурин кхерч хилла дIахIуттур ду. Кхузахь дIахьур ду тайп-тайпана цхьаьнакхетарш, садаIаран суьйренаш, концерташ. Цо мехала меттиг дIалоцур ю кегийрхой оьздангаллин ойланехь кхеторан гIуллакха тIехь а.

Буоберашна – хIусамаш

ЭЛИСТА. Керла шо тIекхачале хьалхарчу деношкахь Городовиковск гIалахь керлачу хIусамийн догIанаш дIаделира буоберашна. 2017-чу шеран хIутосург (май) баттахь хIоттийначу пачхьалкхан контрактаца нийса а догIуш, «ГЕОЛА» юкъаралло шена тIелецира хIоранна чохь шишша хIусам йолу кхо цIа дан. Оцу гIуллакхна билгалйина харжаш 15 миллион соьман барамехь яра. «Единая Россия» партин регионан отделенин куьйгалхочо Козачко Анатолийс дийцарехь, хьалха а тидамза ца дуьтура буоберашна хIусамашца кхачояран гIуллакх. Амма цхьа а тайпа система йоцуш дора иза. 2017-чу шарахь хилла хийцамаш бIаьрла гуш бу: 92 стагана кхачойина керлачу хIусамашца, царах ялханна – Городовиковскехь. Карадеанчу шарахь шайна чохь шишша хIусам йолу кхин а кхо цIа дан билгалдина. Партин векала билгалдоккхуш ма-хиллара, цунна лерина ахчанан таронаш карийна. Iаламат мехала лору республикехь керлачу хIусамашкахь даха ховшуш долчу буоберийн тIейогIучу хенахь шайн доьзалш кхолла таро хирг хилар.

Уьйраш чIагIло

ЧЕРКЕССК. Кхарачойн-Чергазийчохь агропромышленни уггаре а ширачу предприятех цхьаъ йолчу «Кавказ-Мясо» цхьаьнакхетаралло карадеанчу шарахь ГIажарийчу 500 тонна жижиг дIакхачор ду. Дозанал арахьарчу пачхьалкхех иза хьалхарниг ю кхузара жижиг оьцуш. ГIажарийчоьнан «Илокават» компаница цхьаьнакхетаралло бинчу бартаца нийса а догIуш, 2018-чу шеран йохаллехь 11–14 тонна йолчу партешца уьстагIан жижиг дIадохьуьйтур ду цига республикера. Барт цхьана шарна бина. Жижиг кечдийр ду ГIажарийчоьнан ветеринарни службин лехамашца нийса а догIуш. Билгалдаккха догIу «Кавказ-Мясо» цхьаьнакхетараллина а, «Илокават» компанина а юкъара барт Буру-ГIалахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу «ГIажарийчоь а, Къилбаседа Кавказ а: истори, цхьаьна гIуллакхаш даран хиндерг» аьлла йолчу Iилманан практикин конференцехь бина хилар.

Тоьллачарна – пачхьалкхан совгIаташ

БУРУ-ГIАЛА. Керла шо тIекхочуш Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава Алагирски кIоштан тайп-тайпанчу дакъошкахь тоьллачу бахархошна совгIаташ дIаделира. СовгIаташ дIаэцначу хьалхарчарна юкъахь вара «Къилбаседа ХIирийн-Аланин Республикин хьакъволу культурин белхахо» аьлла йолу билгало дIаэцна волу Црау юьртан культурин цIийнан директор Кумалагов Дзамболат. Регионан Сийлаллин грамота елира Алагир гIалин № 5 йолчу школан хьахархочунна Бутаева Ларисина, Фиагдонски юьртан муниципальни цхьаьнакхетараллин куьйгалхочунна Гуриев Валерийна, Алагиран «Терминал» юкъараллин белхалочунна Цагараева Агубена. Дийнна цхьамогIа белхахошна регионан куьйгалхочун баркаллин кехаташ делира.

АПК-н йоккха проект

СТАВРОПОЛЬ. Регионан правительствехь цхьаьнакхетар хилира туркойн аграрни бизнесан векалийн делегацица. Крайхь шайн проекташ кхиорна дийнна цхьамогIа керла таронаш гучуехира туркоша. Ша аьлча, къамел дара Хонкарахь а, Европин цхьамогIа мехкашкахь а лаккхара хьекъар долу культураш герггарчу хенахь регионехь кхио дIайолоран хьокъехь. Бизнесменаша иштта тидам тIебахийтира кхидIа гIуллакх дарна, консерваш ярна, СКФО-н регионашкарчу фермершкара хасстоьмийн культураш эца йолу таронаш вовшахтоха йиш хиларна. Туркойн бизнесан уггаре а яккхийчарах йолчу «БАКТАТ» компанин президента Баклан Iелас хаийтира, гIуллакх деш 5 эзар сов белхало волуш йолу, юьртабахаман сурсаташ кхиоран, царах гIуллакх даран йоккха проект кхузахь кхочушъяре ша хьашт долуш хилар. ДоггIучуьра аьлча, компанис шена юкъалоцу Хонкарахь, Германехь, Францехь, Испанехь, Италехь, Данехь, Болгарехь, Желтойчохь гIуллакх деш йолу яккхий юьртабахаман предприятеш. Кечдечу сурсаташна юкъахь ду: паста-соусаш, консерваш, маринадаш, варенье, оливкаш, тайп-тайпана муттанаш, кхачанан сурсаташ, дуккха а кхиерг. Туркойн бизнес-делегаци крайн цхьамогIа регионашкахь хилира, девзира цигара хьелаш.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: