Нохчийн поэт Байхаджиев Зайнди вина 1948-чу шеран кхолламан (январь) беттан 10-чу дийнахь ГIиргIизойчохь (кхалхар хилла 2003-чу шарахь).

Шен схьавалар Нажи-Юьртан кIоштан БуланхитIа юьртара ду цуьнан. Оцу юьртахь чекхъяьккхина бархIшеран школа а. Цул тIаьхьа дешна Нажи-Юьртарчу юккъерчу школехь.
1970-чу шарахь чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделени. Къинхьегаман некъ дIаболабо юьртарчу школехь хьехархо волуш. Амма кхоллараллин балхе са латтаро журналистике валаво иза. Зайндис белхаш бо кIоштан «Коммунизман маяк», республикин «Ленинан некъ», иштта кхечу газеташкахь.
Школехь доьшуш волуш дуьйна а вара З.Байхаджиев поэзехь шен хьуьнарш зуьйш. Цуьнан дуьххьарлера стихаш зорбане евлира кIоштан газетехь, цул тIаьхьа «Ленинан некъ» газетан, «Орга» алманахан агIонаш тIехь а, ткъа иштта юкъарчу гуларшкахь а. «Хьакъ ду ваха» (1981 шо), «ТIома седарчий» (1987 шо), «ЮьхькIам» (1990 шо), стихийн кхечу гуларийн автор ву иза.

Шен цхьана стихотворенехь цо ша чIагI ма-дарра, «шена луъург бен ца яздан, дуй биъна» поэт вара Зайнди. Ткъа цунна луург адамийн юкъаметтигашкахь а, дахарехь а нийсо толар, бакъоно харц эшор дара.
Цуьнан поэзин коьрта турпалхо, дашца а доцуш, шен гIуллакхашца, доьналлица, оьздангаллица «шен халкъан сий айъинарг» вара. Васт кхолларан шен хатI долуш, исбаьхьаллин дешан воккха пхьар вара Зайнди. Юбилейца доьзна поэт дага а лоцуш, оха шун кхиэле юьллу цуьнан масех байт.
ЮЬХКIАМ
Кхолламо сайна мел кIур барх,
Даима юьхькIам а хилла,
Кху лаьттахь лелла со курра,
Дог долуш лаьмнашкахь диллал.
Къахкийла аьтто а, ирс а
(ХIар дуьне-м хIун яра оццул!)
Беккъа цхьа юьхькIам а бисна,
Даха ницкъ хуьлда вайн кхоччуш.
ЛА ЦА ЛО СОЬГА
Ларве со, дахар,
Саьхьарчу бIаьргех,
Гомачу хьежарх,
Сонтачу нахах,
Борахчу нахах,
Ларве со дахар,
Хьашт велахь хьайна.
Ваккха со царах.
Тетта уьш цхьанна
Атта ловчунна,
Бен а доцчунна,
ГIайгIа йоцчунна.
Сох дIахербехьа,
Суна бицбехьа.
Суна ахь лохьа
Хал-хала киртиг.
ТIехIоттаехьа
Лан хала кийсик.
ХIуъа а лохьа,
Иштачийн метта.
Ткъа уьш ма лохьа,
Уьш къайлахьохьа.
ПохIмалла доцуш,
МоттаргIа сийсош,
Iаьржачу дагца
Сирлачух дуьйцуш,
Бакъ хила гIерташ,
ЧIагIбала гIертарш
Ла ца ло соьга,
Ла ца ло соьга.
***
Дахарехь хIун дуьсур ду?
Цхьаъ диса-х ма деза вайх:
Яьккхинчу гIовгIанан дур,
Лаьтта тIехь даржийн байш.
Эшначохь баланза кхаж,
Я – доьхуш, даьккхина дарж.
Къевсина баьккхина шу,
Я – жима, бицбелла гу…
№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо