Дархой резабо

Вайн махкахь дика евзаш ю лоьран Висуров СаьIидан цIе. Иттех шо хан ю Грозненски кIоштан больницехь цо болх бен. ХIинца иза терапин отделенина куьйгаллехь ву. МогIарера лор волуш дуьйна, дархошка лерина хьожуш, цIеначу даггара царна гIо-накъосталла деш, йолчу таронца церан лазарш дайдеш вара иза.

Муьлххачу лоьран амал хазъеш долу гIиллакх-оьздангалла ду цуьнгахь, къамел дар а кIеда-мерза ду, кIорггера хаарш ду. Цундела гIерта дархой СаьIид волчу.

Уьш Грозненски кIоштара хилла Iаш бац. Нохчийн Республикин массо а маьIIера дархой кхочу говза лор волчу: хьо вуьйцу хезна даьхкинера тхо, олий. Висуров СаьIида уьш тIелоцу, церан лазамашка ладугIу, шеконаш йолуш хьал делахь, белхан накъостех дагаволий а, нийса диагноз хIоттайо, дан деза дарба билгалдоккху. Хьаналчу къинхьегамо а, дархошка болчу ларамо а, де-буьйса ца лоьруш, деэшначунна орцахвала кийча хиларо а вайн махкахь яккхийтина СаIидан цIе. Стаг шен меттехь хилча, цунна шен болх безаш хилча нисло иштта.

Цкъа мацах бераллехь С.Висуровс безаш хаьржина болх, иза тахана доггах беш ву, мел чIогIа лазаро ницкъ бечу дархочун а догъэца хууш. ХIора лазархочуьнга шен йиша-вешига санна хьожу иза. Уьш хаддаза шайна дукхавезачу лоьрана баркаллаш бохуш а хуьлу.

Дуьнен чу валар генарчу ГIиргIизойн махкахь 1956-чу шеран хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь хилла цуьнан. Вайнах Сталинан хьадалчаша махках баьхна зама ю иза. Вайнахана цIаберза некъамаршо яьллачу мIаьргонехь, сихонца доьзалца шен ворхIе да ваьхначу Мескита цIавирзира СаьIидан да — Висуров Саламу.

Бераллехь, шена дагахь доцуш, цхьа ирс делакъежна хеташ ву лор. Цуьнан дуьххьарлера хьехархо а, тIаьхьо кIанта дешначу школин директор а къоман дозалла, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Айдамиров Абузар хилла. Цо Iамийна Висуров СаьIид а, цуьнан нийсархой а Даймохк беза, йоIбIаьрг санна, дайх дисина гIиллакхаш лардан, халкъана, махкана пайдехь хила. Цуьнан гIиллакх-оьздангалла цIархазмана дац.

Нохчийн оьздачу доьзалехь хьалакхиъна, кхетош-кхиоран болх Айдамиров Абузара дIабаьхьна адам кхечу агIор хуьлийла а дацара.

Мескитара юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, 1976-чу шарахь вахара С.Висуров Краснодарерчу лоьраш кечбечу институте деша. Лоьрийн институт чекхъяьккхина цIавирзинчу Висуров СаьIида тайп-тайпанчу дарбанан кхерчашкахь белхаш бира. Хьаналчу къинхегаман дуьххьарлера гIулчаш «Сиха гIодаран станцехь» ехира цо, тIаккха Соьлжа-ГIаларчу №1, №4, №9 йолчу больницашкахь болх бира. Вайн халкъана, махкана ирча даьхкина денош а, чолхе беана мур а бара цо оцу дарбанан кхерчашкахь къахьегнарг. Яхь дIа ца луш, доьналлех ца вухуш, нохчийн халкъана тIебоьссинарг боккха бала буй хууш, къахьийгира цо.

2008-чу шарахь дуьйна Грозненски кIоштан больницехь болх беш ву Висуров СаьIид. Белхан накъосташа, дархоша цхьабосса дика цIе йоккхуш, похIме лор ву иза. Говзаллин лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш, вайн республикехь тоьллачу терапевтех цхьаъ ву Висуров СаьIид. Цул сов дика накъост, тешаме доттагI ву. И санна долчу сирлачу адамаша хазйина вайн Нохчийчоь. Ма дика ду и тайпа говза лоьраш а, башха адамаш а вайн махкахь долуш.

А.ГАЗИЕВА

№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: