Хаам

«GRAND MEDIA» рекламин-производствон компанис рекламин-хаамийн, совгIатийн, суьртийн, полиграфин продукци ярехула тайп-тайпана хьашташ кхочушдо. Нохчийн Республикин Правительствон, тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн, иштта бахархойн долахь йолчу компанийн а рекламаш яран декъехь хьашташ кхочушдарехь доккха зеделларг ду вай юьйцучу агентствон.

Компанис еш йолу продукци вуно дика а, мехалла йолуш а хуьлу, цундела, республикел арахьа а наха шуьйра пайдаоьцуш ю. Таханлерчу дийнахь «GRAND MEDIA» рекламин агентствон гуттарлерчу пайдаэцархошна юкъахь ю Нохчийн Республикера а, кхечу регионашкара а дуккха а кхиаме компанеш. Цара дика тоьшалла до агентствона, шаьш пайдаэцна ца Iаш, шайн белхан накъосташна (кхийолчу компанешна) а магайо иза.

Рекламин компанин белхан коьрта Iалашо ю шайн хьаштех пайдаоьцучун рекламин проект ницкъ ма-кхоччу дика а, атта а, сиха а кхочушъяр. Агентствон менеджершца зIене а девлла, шайн компанин белхан башхаллаш а, шайна оьшург а довзийта таро ю шун.

«GRAND MEDIA»-н говзанчаша сихонца шун рекламех мел мах бер бу а хьаьвсина, шун компанин балхе а, пайдаэцархошка а хьаьжжина, ша саннарг кхин йоцу проект кхуллур ю.

Шайн хьаштех пайдаоьцучу компанийн болх дика дIабоьдийла лаьа вай юьйцучу агентствона, хIунда аьлча, царна оьшург дуккха а шерашкахь цхьаьнакъахьегар ду (цкъа ахча даккхар дац). Цундела, нехан бала кхочур болчу а, тидам тIеозор болчу а агIор йо цара реклама.

«GRAND MEDIA»-ца цхьаьна къахьегахь, шу дохко девр дац! Шаьш нийса накъост хаьржиний хуур ду шуна!

«GRAND MEDIA» рекламин-производствон компанин коммерчески директор – З.Хасуева.

Компанин адрес: Соьлжа-ГIала, Назарбаевн (Маяковскийн) урам, 92 «Зорбанан цIа». ЗIене довла таро ю кху контакташкахула: +7(928)646-08-88, +7(964)061-28-88, +7(989)900-18-88, e-mail: grandmedia01@mail.ru

З.Х.Асуева,

Коммерцин директор

№3, шинара, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: