«Лаьмнийн ламасташ» фестиваль – Роьшни-Чохь

P1300389

Х1окху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан Х.Нурадиловн ц1арахчу драматически театрехь даздаран хьолехь схьайиллира «Лаьмнийн ламасташ» аьлла йолу дуьненаюкъара фестиваль. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Культурин министерствона юкъа йог1учу Халкъан кхоллараллин центро. Цигахь дакъалоцуш луларчу регионашкара хьеший а, коллективаш а яра.

Культурин министран ц1арах маршаллин дош олуш, вистхилира министран заместитель Милькиев Рустам.

«Х1ара санна йолчу фестивало луларчу къаьмнийн культурин з1енаш ч1аг1йина ца 1аш, къаьмнашна юкъахь керла гергарлонаш а тосу» – элира Р.Милькиевс.

Цул т1аьхьа, фестивалан белхан низам, 1алашо йовзуьйтуш, вистхилира Халкъан кхоллараллин центран директор Даудов Рамзан. Нохчийн пачхьалкхан 1.Шахбулатовн ц1арахчу филармонин хелхаран коллективаша а, солисташа а концерт гайтира фестивалан хьешашна.

Фестиваль д1аяхьаран низам а ша хьалха ма-хиллара доцуш, мелла а керла куц, хьесапаш долуш нисдинера иза вовшахтоьхначара.

Фестивалан белхан уггаре а доккха дакъа Хьалха-Мартан районерчу Роьшни-Чохь хилира. Цигара 1алам, шайна хьалха ца гина район, юрт, адам довзар а хилира баьхкинчу хьешийн. Иттех регионера коллективаш яра Роьшни-Чохь. Шайн номерш гайтира Г1ебартойн-Балкхаройн «Нартширо», Ставрополерчу Кавказан халкъан хелхаран, «Золотые Руно» ансамблаша а, ткъа иштта Дагестанерчу «Каскад» хореографически ансамбло а. Х1ора ансамблан къоман духарш, къоман мукъамаш, шатайпаналла хаалуш, хаза дара.

Кавказан къаьмнийн хелхарш чехк хиларца вовшех тера  ду, амма х1ора къоман халкъан хелхар шен амал, йолуш  ду. Роьшни-Чуьрчу а, гуонахарчу а 1аламца цхьаьна дог1ура ламанхойн хелхарш.

Ткъа фестиваль буьйсанга яхча латийначу бес-бесарчу чиркхаша кхин а хазйира и меттиг.

Фестиваль «Россин культурин шо» федеральни программин гурашкахь йина яра. Оцу тайпана фестивалаш, конкурсаш Нохчийн Республикин Культурин министерствос дукха йина карарчу 2014-чу шарахь.

Фестивалан ерриге а коллективаш, хьеший дипломаш, мехала совг1аташ делла новкъа бехира.

Царна ехха дагахь лаьттар ю Нохчийчохь шаьш яьккхина к1езиг, амма самукъане хан.

З.ХИЗИРОВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: