Ши кIира хьалха, шийлачу Iаьно шелдинчу догIмашка кхин а шело а тосуш, ирча «кхаъ» кхечира Азербайджанера. Социальни сеташкахула дIасабаржа буьйлира шийла а, иэхье а кхаъ – Азербайджанехь, керстанийн «Нана Терезин» цIарахчу тIеоьцийлехь 104 шо долу нохчийн йоккха стаг карийна аьлла.
Оцу «хаамна» тIе а тийжаш, луларчу кегийчу халкъийн векалша сихонца дIадолийра «шун къаной, цхьанна а оьшуш боцуш, кхечу мехкашкахь Iохкуш бу», «шу ду уьш, шайн къаной дIацатосуш долу нохчий?» – бохуш, нохчашна «Iиттарш» яр а, цаьрга бехкаш дахар а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тидамза ца дитира и гIуллакх. Цуьнан дIадолорца, оцу зудчун гIуллакхе хьовса, нах бахийтира Азербайджане. Цара бинчу талламах лаьцна, Mylistory социальни сета чуьрчу шен агIонехь хаам а бира республикин Куьйгалхочо.
«Лараме дотт агIий! Шуна ма-хаъара, Азербайджанехь нохчийн йоккха стаг карийна аьлла, хаам кхаьчна вайга. Оцу гIуллакхна вай таллам байтина. Билгалдаьлла оцу зудчун цIе Алиева Мадина хилар а, цуьнан 104 шо хилар а, иза Дагестанерчу Хасавюьртан кIоштарчу Осман-Юьртахь Iийна хилар а. Нохчийчохь цуьнан цхьа а бух бацахь а, тхан сацам хилла и Нохчийчу схьаяло а, кхузахь дIатаръян а», – яздира цо.
Цул тIаьхьа кIира далале, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Юкъараллин фондо Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштахь хIусам а луш, дIатарйира Алиева Мадина. Цуьнца цхьаьна оццу хIусамехь Iийр ду 22 шо долу Хаджимурадов Ислам а, цуьнан ши йиша Иман (18 шо) а, Хьава (16 шо) а. Уьш байш ду.
И гIуллакх къасторехь дакъалецира Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, Парламентан спикера Даудов Мохьмада, къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министра Баширов Iусмана, кхечара.
«Баба, тхо дерриге а дара хьо тхайца Iен лууш… Тхайн-тхайн хIусамашкахь. Амма республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан лаам кхин бара – цунна хьан хьайн хIусам хила а, хьоьца хIара кхо буо дIатардан а лиира», – элира Даудов Мохьмада.
Цо дуьйцучуьнга ла а доьгIна, хазахетаран бIаьрхиш ца совцалучу йоккхачу стага массеран а дегнаш а кIаддеш, цхьа хаза, оьзда къамел дира.
«Суна хаьара сайна ДегIастанара, Кадыров Рамзанера гIо-орца кхочур дуйла. Дала сайна цунах бахьана хIотторг хиларан шеко яцара сан. Тахана, со бахьанехь, шу дерриге а кху чохь гулделла. Соьца гIиллакх а лаьцна, нохчийн Куьйгалхочо суна хIара хIусам а ели, сан дола дан, соьца хIара кхо буо а дIатарди. Бакъду, кхеран дола ас дийр ду, со кхеран денана ю шуна хIинца дуьйна дIа», – элира цо.
«Хьох массара а «баба» олуш хилча, ас а эр ду… Баба, хьуна хIара хIусам яларца чекхдолуш дац кху чу кхаьчна беркат: хьуна доладарна, хIокху кхаа берана мел хир бу, кхарна доладарна хьуна а, иштта, вайна массарна а дола дан гIерташ, къахьоьгучу вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а мел хир бу. Дала беркате йойла шун хIара керла хIусам», – элира республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.
Цул тIаьхьа, керлачу хIусамехь мовлад а дешна, дIасакъаьстачу муьрехь Даудов Мохьмада хаийтира Кадыров Рамзана оцу «керлачу доьзална» оьшуш долу хьелаш кхоллар а, гIо-накъосталла дар а тIедиллина хилар.
Цуьнца нийса а догIуш, Хаджимурадов Ислам балха хIоттор шена тIелецира къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министра Баширов Iусмана.
Цул сов, гулбеллачара хаийтира оцу кIантана кестта хIусамнана ялориг хилар а, шина йоьIан дешаран гIуллакх чекхдоккхург хилар а.
И.ИСЛАМОВ
№4, пIераска, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2018 шо