Гуьмсехь керла школаш схьайиллина

Керлачу шеран хьалхарчу деношкахь хаза совгIат хилла Гуьмсе гIаларчу дешархошна – даздаран хьолехь кхузахь схьайиллина керла ши школа. Цо таро лур ю кхоалгIачу сменехь доьшуш болчу дешархойн барам дикка лахбан.

ХIокху гIалахь 2 979 бер дара кхоалгIачу сменехь доьшуш. Керла схьайиллинчу хIора школехь 720 дешаран меттиг ю, иштта, вайн заманан лехамашца догIуш, дешар а, кхетош-кхиор а вовшахтохарна оьшу дерриге хьелаш а ду.

2013–2020-чуй шерашна лерина йолчу Россин Федерацин «Дешар кхиор» пачхьалкхан программин «Школазхойн а, юкъара а, берийн кхин тIе долу дешар а кхиор» подпрограммин гурашкахь схьайиллина керла школаш.

Оцу хиламна леринчу даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Закриев Асхьаба, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, гIалин администрацин куьйгалхоша, дайнаноша.

Хь.АБАЕВ

№4, пIераска, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: