Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Хонкаран эскарша тIаьхьарчу деношкахь яккхий тоьпаш йиттина Шемарчу Африна гIалина юххехь йолчу курдийн ярташна. И бахьанехь курдийн 30 сов бIаьхо а, маьрша нах а байъина, чевнаш хилларш а бу. Шемин Iедале аьлла а, хаьттина а хIума доцуш дина и тохар. Цул сов, оцу пачхьалкхан дозанна юххе узуш ю бронетехника.
***
Мисаран тIеман суьдо хIокху деношкахь вен кхиэл кхайкхийна 10 террористана. Уьш бехке беш бу Мисаран полицин эпсар верна. Бахархоша а къобалдеш ду къиза зулам динчу террористашна иштта луьра таIзар дар. Царна хетарехь, таIзарш даро бен совцор бац террористаш.
***
Нигерехь бевзаш боцчу зуламхоша лачкъийна Iамаркан а, Канадин а бахархой. Уьш хIокху махкахь гIуллакхдеш хилла. Бакъонашларъяран органаша дийцарехь, и зулам дина хила тарло «Боко-Хьарам» террористийн боламан декъашхоша. ДIахьош ду лачкъийнарш лахаран гIуллакхаш.
***
Чилехь бевзаш боцчу зуламхоша 3 килс а, 2 вертолет а дагийна. Бакъонашларъяран органийн векалша чIагIдарехь, и зулам дина керстанийн коьрта мозгIар шайн махка вогIийла лууш боцчу наха. ДIахьош ду зуламаш динарш лахар.
***
Мексикехь карийна хIокху дуьненахь а шел йоккханиг кхин йоцу хьех. Дийцарехь, цуьнан йохалла 350 чаккхарма сов ю. Хьех юьззина хи долчух тера ду. Говзанчаша, цу юкъахь археологаша а, дIаболийна хьех талларан белхаш.
***
Къилба Корейн а, Къилбаседа Корейн (КНДР) а куьйгалхойн барт хилла хIокху шеран Iаьнан олимпийски ловзарш схьаделларна лерина Пхенчханехь дIахьур долчу даздаршкахь шина а пачхьалкхан спортсменийн делегацеш цхьана байракхца юкъаевр ю, аьлла. Къилбаседа Корейн 550 спортсмен хир ву оцу ловзаршкахь дакъалоцуш.
***
Беларусехь атомни электростанци ян йолийна. Оцу пачхьалкхан Президента А.Лукашенкос дIахьедина иза дуьненахь а уггаре а кхерамза атомни электростанци хирг хилар. Чернобылерчу (Украина) атомни электростанцехь бохам хиларо дина зенаш хааделлачу пачхьалкхех цхьаъ ю Беларуси а. Бохамо а Iамаво-кх.
***
Масех де хьалха официальни визитца Iамаркехь хилира Казахстанан Президент Н.Назарбаев. Цуьнан цхьамогIа цхьаьнакхетарш хилира США-н Президентаца Д.Трампаца а, кхечу куьйгалхошца а. Уьш дирзира цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь 20 сов барт барца. Н.Назарбаев тешна ву Iамаркаца йолу юкъаметтигаш кхидIа а чIагIъярехь бинчу барташа мехала маьIна лелориг хиларх.
***
Iаьнан хIокху шийлачу муьрехь чоьнаш йохъян ницкъ цакхачарна садаIа бахийтина Украинерчу цхьамогIа вузашкара студенташ а, хьехархой а. Царна юкъахь бу Украинин къоман университетера студенташ а. Дешар юкъахдаккхар вочу агIор хаадалаза дуьсур дац шо чекхдолучу, экзаменаш дIалучу хенахь.
***
Россин Президент В.Путин хIокху деношкахь Коломна гIаларчу перинатальни туьшехь хилира. Иза цигахь цхьаьнакхийтира туьшан лоьрашца а, дарбанаш лоьхуш баьхкинчу цомгашчаьрца а. Шеко йоццуш, махкахь а тоьллачарах ю и туш. Кхузахь дечу дарбанашна шаьш чIогIа резахилар хаийтира Президенте дархоша.
***
Россин юьртан бахаман министерствехь бечу хаамашца 2017-гIа шо кхиаме хилира вайн махкарчу аренашлелорхошна. Церан аьтто белира кхечу пачхьалкхашна 20 миллиард долларна юьртан бахаман сурсаташ дохка. Карарчу шарахь керлачу, кхин а баккхийчу кхиамашка кхача дагахь бу аренашлелорхой, къаьсттина ялташлелорхой.

№4, пIераска, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: