БIаьстенан сессин хьалхара кхеташо

Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Россин Турпалхочо Даудов Мохьмада Парламентан Советан 29-гIа кхеташо дIаяьхьира. БIаьстенан сессин хьалхара кхеташо яра иза.

Юьххьехь билгалдаккха лаьа 2017-чу шеран гуьйренан сессехь республикин законаш дахаран органо Парламентан 61 сацам, республикин 26 закон тIеэцна хилар, федеральни законийн 323 проектан, Россин Федерацин субъектийн законодательни 22 дIадолоран, 12 кхайкхаман гIолаьцна хилар. Цул сов, законаш дахаран болх барца цхьаьна депутаташа жигара дакъалоцура республикин юкъараллин дахарехь.

Билгалбинчу муьрехь халкъо хаьржинчара бахархошца 500 сов цхьаьнакхетар дIадаьхьира, бахархой 270-зза гергга тIеийцира.

Халкъо тешам беллачаьрга вистхуьлуш Даудов Мохьмада хаийтира бIаьстенан сессехь а депутаташа кхин а эвсара болх бийриг хиларх ша тешна хилар.

– Вайн халкъан баьччас, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийна хилла цIиндаран а, кхиаран а некъ кхидIа дIа а хьош, парламентареша дIахьур ду экономикин а, социальни а декъера мехала законопроекташ кечъяр а, тIеэцар а. Уьш тIехьовсийна хир ю вайн бахархойн Iер-дахар тодарна а, Нохчийн Республика кхиорна а. Къаьсттина тидам тIебохуьйтур бу къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхиоран, экстремизмана дуьхьал къийсам дIабахьаран, некъан-транспортан бохамаш цахилийтаран, наркомани юкъара дIаяккхаран, доьзалш чIагIбаран, доьзалшкахь барт хилийтаран, кхин а цхьамогIа гIуллакхаш кхочушдаран балхана. Со кIорггера тешна ву, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан гIоьнца депутаташ оцу декхаршца кхиамца ларориг хиларх, – элира М.Даудовс.

Кхеташонехь депутаташа йийцаре йира республикин законийн 8 проект. Уьш хьакхалуш яра дахаран дуккха а дакъойх. Царах 5 проект кхидIа а тIехь болх байта дIаяхьийтира. Нохчийчоьнан Парламентан Советан декъашхоша, йийцаре а йина, герггарчу хенахь хир йолчу пленарни кхеташонехь йийцаре яйта юкъаяхийтира республикин законийн 3 проект.

Царна юкъахь ю «Нохчийн Республикин референдуман а, меттигерчу референдуман а хьокъехь» йолу проект. И проект кечйина Нохчийн Республикехь референдум дIаяхьаран а, регионехь меттигера референдум дIаяхьаран а къепе билгалъеш долу Нохчийчоьнан законаш цхьаьна а тоьхна, царах «Нохчийн Республикин референдум а, меттигера референдум а дIаяхьаран хьокъехь» цхьа закон хилийтаран Iалашонца.

Иштта пленарни кхеташонехь йийцаре ян лерина «ЗаьIапхой а, бахархойн хала дIасалелош долу дакъа а социальни, инженерни, транспортан инфраструктурина а, цара кхочушдечу хьашташна а дуьхьало йоцуш тIекхачийтарна кхачояран хьокъехь» долчу законан проект. Иза кечйина заьIапхошна а, хала дIасалелаш болчу а бахархошна бегIийла хьелаш хилийтаран, уьш республикин юкъараллин дахарх дIаэйтаран Iалашонца.

Пленарни кхеташонехь йийцаре яйта юкъайиллина кхоалгIа проект иштта цIе йолуш ю: «Харжамийн хьокъехь долчу Нохчийн Республикин цхьадолчу законодательни акташкахь хийцамаш баран хьокъехь».

Законан и проект кечйина Нохчийн Республикехь гIуллакхдеш долу законаш федеральни законодательствоца галаморзахалла йоцуш хилийтаран Iалашонца. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Парламентан пресс-службехь.

Д.АНАДЕВ

№4, пIераска, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: