Соьлжа-ГIалин мэрин тIедилларца 2011-чу шарахь Соьлжа-ГIалара Дьяковн цIарахчу урамехь шозза тIекIелйинчу гIишло чохь схьайиллина лоьрийн-физкультурин диспансер. Цуьнан директор ву Мовлаев Бекхан. Лаккхара дешар дешна, караерзийна говзалла «Могашалла Iалашъярехь менеджмент»; «Пачхьалкхан а, муниципальни а урхалла» ю.
2003-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш ву медицинехь. Нохчийн Республикин Парламенто, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствос, Соьлжа-ГIалин мэрис, могашалла Iалашъяран департаменто дуккха а Баркаллин кехаташца а, Сийлаллин грамоташца а совгIаташ дина.
– Диспансерехь болх беш лоьрийн 15 кабинет ю (кардиолог, невролог, хирург, педиатр, офтальмолог, функциональни-диагностикин лор, оториноларинголог, травматолог-ортопед, дерматолог, стоматолог, психолог, физиотерапевт, спортан-медицинин а, дарбанан-физкультурин а лор). Иштта, лаборатори, физиотерапин чоь, дарбанан-физкультурин зал. Кхузахь верриге а 101 белхахо ву. Царах 29 – лор, 35 стаг – юккъера лоьрийн персонал, кхиболу белхахой. Дарба лело дезачарна дийнан стационар ю, 10 стаг охьавижо маьнгеш долуш. Иштта берийн, баккхийчеран 2 «могашаллин туш» ю, – дийцира директоран заместитела Хасуева Фатимас.
Вайн республикехь 461 000 сов стаг ву физкультура а, спорт а лелош. Царах 63 000 стаг спортсмен ву. Уьш берриге а диспансеризацех чекхбовла а, диспансеран тергонехь хила а беза, тренировкашкахь, къийсадаларшкахь бохаме хьал ца нисдалийта. Дуккха а кегий нах бу тайп-тайпана цамгарш йолуш. Шайна лазарш дуй ца хууш берш бу дуккха а. ХIокху диспансерехь уьш лоьрийн талламах чекхбовлу. Иштта лабораторин таллам бо. Дагна кардиограмма, УЗИ йоккху, пехашна – флюорографи, рентген. Цамгар гучуяьллачунна дарба леладо. Кхоччуш могашалла дика йолчунна эхашарна бакъо ло спорт дIалело.
Таханлерчу дийнахь физ- диспансеран хьесапехь лаьтташ 14 000 сов спортсмен ву. Царах цхьаберш къийсадаларшкахь дакъалаца бакъо цаелларш я цхьана ханна бакъо елларш бу. Могашалла дика ерш алсам бу. Спорт лело бакъо хилийта, шарахь шозза диспансеризацех чекхбовла беза спортсменаш. Цул сов, физдиспансеро дакъалоцу Соьлжа-ГIалахь хуьлучу спортивни мероприятешкахь. Уьш ду гIалин, республикин дуьненаюкъара къийсадаларш.
2017-чу шеран 9 баттахь 181 спортивни мероприятин хьашташ кхочушдина диспансеро. 40 сов стаг больнице охьавиллина. Меже чуьраяьллачу, чкъор хадийначу 300 стагана циггахь гIо дина.
Могашалла ледара йолчу кегийрхошна спортан кхин кеп лело магадо. Масала, бIаьрса ледара долчарна – яйн атлетикин, нека даран кеп, лазорна кхераме йоцу спортан кхин кеп. Ишттачеран кхузахь къаьсттина терго йо. Нагахь церан бIаьрса гIеллуш делахь, царна дарба леладо. Дарба хиллачарна бакъо ло спортан ерриге а кепаш лело.
– Вайн республикехь хIара цхьаъ ю лоьрийн-физкультурин диспансер. ХIара гIалин лоруш яра. Спортан лоьраш а, кабинеташ а кхин цахиларе терра, ерриге а республикера спортсменаш кхузахь диспансеризаци еш, дарба лелош бара. Иза хьесапе а эцна, 2015-чу шарахь могашалла Iалашъяран министерствос сацам бира, спортсменийн аьттонна, Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкарчу коьртачу больницашкахь медицинин-спортивни кабинет схьаелла. ХIинца республикин ерриге а кIошташкарчу больницашкахь а, Устрада-ГIалин а больницехь болх беш ю иштта кабинеташ. Оцу кIошташкарчу спортсменийн аьтто бу меттигерчу поликлиникехь диспансеризацех чекхбовла а, циггахь учете хIитта а. Тхан Iалашо ю иштта кабинеташ, берийн а, баккхийчеран а аьттонна Соьлжа-ГIалин поликлиникашкахь а схьаелла, – дийцира Мовлаев Бекхана.
Вайн республикин дозанал арахьарчу гIаланашка къийсадаларшкахь дакъалаца воьдуш спортсменехь хила еза спортан-медицинин лоьран мухIар тIехь долу справка.
– 2020-чу шарахь Соьлжа-ГIалара хинкорта болчу меттехь спортсменашна а, вайн берриге бахархошна а лерина реабилитацин туш схьаелла дагахь ду тхо. ТIаккха аьтто хир бу кхачам боллуш кхузаманан медицинин тIегIанехь спортсменашна реабилитаци ян. И гIуллакх хIинцца дийцаре деш ду. Амма тхо тешна ду вайн Iедало а, могашалла Iалашъяран министерствос а берриге ницкъ а, тидам а цунна тIебохуьйтург хиларх, – бохура Бекхана.
Луур дара лаккхара категори йолчу лоьрийн цIерш яха. Уьш бу: Ф.Хасуева, Л.Ибрагимова, Э.Буруева, А.Добриева, М.Эскерханов, Л.Джабраилова, Ф.Исраилова, А.Хадисов, Ф.Индербиева.
Шайн дика цIе йоккхуьйтуш бу медйижарий: З.Шамсадова, М.Бетербиева, А.Гансуева, З.Арсаханова, Л.Баширова, кхиберш.
АЛИЕВА Фатима
№4, пIераска, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2018 шо