Кхоллараллехь синтем карийна

Идигов Тамерланан бералла шен нийсархойн бераллех тера яцара. Арахь ловзуш лелачу харцхьарчу берех тера вацара иза. Дуккха а даьхни дара церан, цундела кертахь дан дезарш дукха хуьлура. Ткъа иза, жима волушшехь, кхечу берех къаьсташ вара. Ловзаршца гергарло дацара цуьнан, кхечу берийн санна, са арахь долуш а вацара. ЦIеххьана кхолларалле баханчу безамо кхоьллира цуьнгахь и шатайпа амал.

Хелхаршка безам кхоллабеллачу жимачу кIентан шена хелхарш Iамон хан яцара. КIанта цкъа, берриге а чохь болуш, шайн юьртарчу Культурин цIийнехь хелхаран кружок хилар хьахийра. КIанта дуьйцучунна ша резавоцийла хаийтира дас, амма дуьхьало-м ца йира. Иштта, шайн юьртарчу Культурин цIийне вахара Тамерлан.

Цигахь репетицеш еш гира цунна хелхаран «Заманхо» ансамблан куьйгалхо волу Ренат а, цуьнан хIусамнана Хеда а ЦакаевгIар. НеIаре а хIоьттина, вехха лаьттира иза, хелхадовлучу берашка хьоьжуш. Цхьа сахьт цхьа минот санна чекхделира. НеIарехь лаьттачу кIантах бIаьргкхетта хелхаран кружокан куьйгалхо Ренат тIевеара цунна. Тамерлан хелхавала Iама лууш хилар хиъначу цо, кружоке кхайкхира иза.

«ХIинцца сайн кIархаш а бохьуш схьавогIу со, аьлла, ведда цIа а вахана, сайна оьшург а йохьуш, репетице юхавеара со», – дуьйцу Тамерлана.

Иза хелхаран кружокехь Iама волалучу хенахь, цигарчу берашна дуккха а хелхарш дан хаьара. Тамерлана йоццачу хенахь карадерзийра хелхарш. Цунна доггаха хелхавала лууш хилла хиларна хир дара иза. Тамерлана ша хелхаран кружоке лелаш хилар чуьрачаьрга а, гергарчаьрга а ца дийцира. Иза цуьнан къайле-м яцара, делахь а, гIара ца доккхура цо. Цунна хаьара, гергарчарна юкъахь дукхахберш дуьхьал хир буйла.

– Тхуна башха гена а йоцуш, еса, йоккха аре яра. Бежанаш дажо воьдура со. Цигахь бежанаш дежачу юкъана, цхьанна а цагучохь хелхаволура со, – наггахь вела а къежаш, эхь хета-а-ш, дуьйцу Идигов Тамерлана.

ТIехьа-МартантIехь вина а, кхиъна а ву иза. Шайн юьртарчу №4 йолчу школехь дешна цо. Школехь доьшучу хенахь музыкин урок яра цо къастийнарг. Иза цунна гергара яра. Школехь мел хуьлучу кхоллараллин цхьаьнакхетаршкахь, конкурсашкахь жигара дакъалоцура кIанта. Иза хелхаволура.

– Школехь тхуна географи хьоьхуш хилла волу Туганов Абуязид пондар локхуш вара. БIаьрса доцуш вара
иза. Пондар вуно хаза локхура цо. Иза локхучу хенахь, тIаьхьара илли ала хьогура со, сайна ца хаахь а. Вуьшта, кхоллараллица мел доьзнарг сайн сина гергара хеташ вара со, – дуьйцу Тамерлана.

КIант дуьненчу ваьлла дукха хан а ялале цуьнан да нана дIасакъаьстира. Нанасеххачу хенахь цIахь кхебира кIант. Ткъа Тамерлан, доьзалехь цхьа кIант бен цахиларе терра, шен нанна воккха накъост а хилла дIахIоьттира.

ГIишлошъечохь а, блокаш ечохь а, хала белхаш бора цо. Цхьажимма мукъане а шен нанна гIо хиларе сатийсарца болх бора. Ханна жима хиллехь а, гIуллакхах а, халачу балхах а къихкина вац. Мокъа хан наггахь бен ца йогIура. Шена мокъа еанчу хенахь, керла хелхар карадерзо я илли ала Iама хьожура. Дикка шераш девллачул тIаьхьа, юха цхьаьнакхийтира цуьнан да-нана. КIант ирсе вара. Жимачохь да-нана дIасакъастаран лазам Iовша безнехь а, къахьега а, халонех ца къехка а Iемира иза.

Культурин цIийнехь церан хилла волу хьехархо, Нохчийн Республикин халкъан артист Цакаев Ренат цигара дIавахча, цуьнан метта дIахIоттийра иза берашна хелхарш Iамо. Тамерланан кхоллараллин новкъахь дуьххьарлера гIулч яра иза. Цо тешам белира цунна. Шена хуург берашна дIахьоьхура цо. Тахана ТIехьа-Мартан кIоштахь бахархошна хелхарча а, иллиалархо а санна вевзаш ву иза.

Ненах а, Даймахках а, безамах а иллеш олу цо. КIоштан кхоллараллин цхьа а суьйре чекх ца йолу къоначу артиста дакъа ца лоцуш. Иштта, «Синмехаллаш» проектехь шайн кIоштан команди юкъахь а ву иза. Цара цигахь совгIатан меттигаш а яьхна. Къона хиларе терра, ша юьхьарлаьцначу кхоллараллин новкъахь дуккха а сатийсамаш бу кIентан. Иза доггаха теша ша къастийнарг шен некъ хиларх, хIунда аьлча, кхоллараллехь синтем карийна цунна.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Идигов Тамерлан

№4, пIераска, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: