Нохчийн лаьмнийн илланча

Ненан меттан говзанча, нохчийн къоьжачу лаьмнийн илланча хилла Окуев Хьамидан кIант Шима. Цуьнан башха кхолларалла шуьйра евзаш ю вайн махкахь а, генна дозанал арахь а. Цо къахьегна прозехь а, поэзехь а. 30 шо сов зама дIаяьлла иза вайца воцу. Амма цуьнан кхолларалла ю вайца ехаш. Яздархочун дешнаш тIехь даьхна иллеш, заманан йохалла нур ца довш таханене схьакхаьчна, вайн тоьллачу артисташа дIаолуш ду. Яздархо вайца вайн иэсехь хиларна къеггина тоьшалла ду иза.

Къизалло къахьйина бералла

СССР-н массо а маьIIехь къизаллин бода букъбеш даьхкира ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш. Къаьсттина яра1937-чу шеран аьхке. Бехк-гунахь доцу адамаш дара НКВД-с дIалоьцуш, хIаллакдеш. Буьрсачу таIзарийн тулгIенаш Нохч-ГIалгIайн Республикин гIаланех, яртех хьаьрчира. Хьалха дIалахьийра Iеламнах.

1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 31-чу буса 14 эзар стаг чувоьллира Нохч-ГIалгIайчуьра. Амма цунах тоам ца хиллера НКВД-на. КПСС-н обкоман рогIера йоцу пленум ю аьлла бахьана хьовзийна, дукха адам гулдинера Соьлжа-ГIаларчу Ленинан цIарах долчу культурин цIийне, 1937-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 8-чу дийнахь. Пленуман болх шина дийне белира. Оцу балхахь дакъалоцуш вара Москвара веана НКВД-н наркоман Ежов Николайн хьалхара заместитель Шкирятов Матвей. Цо дийцарехь, берриге а нохчий, гIалгIай Советийн Iедалан мостагIий бара. КПСС-н баьччанаш а, Советийн Iедал а цаьрца луьра къийсам латто лерина яра Шкирятовс дийцарехь. Пленуман болх дIабоьрзуш 500 сов нохчи а, гIалгIа а НКВД-с дIалецира.

Бехк-гунахь доцуш, 1937-чу шеран эсаран беттан 10-чу дийнахь дIалаьцначу адамашна юкъахь вара Нохч-ГIалгIайн Республикин КПСС-н обкоман цхьана отделан куьйгаллехь хилла Окуев Хьамид. Схьавалар Шотойн лаьмнашкара делахь а, шен хIусамненаца Арухица Iер-вахар Соьлжа-ГIалахь долуш вара иза. Кхуьуш ши кIант вара. Иза чувоьллина бутт балале, 1937-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 6-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу велира цуьнан кхоалгIа кIант Шима.

Шкирятов Матвейн омрица чубоьхкинарш набахтехь хьебала боьлча, тIехь да воцуш висина кхо кIант марахьарчийна, шен ворхIе да ваьхначу Шуьйта хьала яхара Аруха. ХIинца цунна тIехь дара доьзал кхабар а, набахтехь волчу хIусамдега ладегIар а. ХIусамден кхолламах дерг къаьстина далале, немцойн фашисташа ямартлонца СССР-на тIелатар а дина, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабелира.

Даймехкан маршонан гIароле хIитта арахоьцур бу моьттура тутмакхаш. Амма иза аьттехьа ца хиллера. ТIом болабалале цхьаболчарна тоьпаш тоьхнера, ткъа вуьш тайп-тайпана хенаш тоьхна Сибрех хьовсийнера. Сибрехахь даккха пхийтта шо хан тоьхначу мисканашна юкъахь вара Окуев Хьамид а. Сталинан хьадалчаша вайнах махках бохуш а, кхаа кIантаца ша цхьаъ яра Аруха. Делахь а, Кавказан къоьжачу лаьмнашкахь кхиъна бакъйолу нохчийн зуда яра Шимин нана. Мацаллех ларбеш хенебаьккхира цо шен доьзал.

Казахстанан Алма-Атан областерчу Легре гIалахь нисделира церан цхьана ханна дIатарбалар. КIора боккху шахтанаш йолуш меттиг яра иза. Шимин воккхах волу ши ваша шахте балха вахара, жимахволчу вешина школе деша вахар тIе а диллина. Юьхьанцара школа кхиамца чекхъяьккхира цо. Амма шен 13 шо кхочуш шахте балха вахара Шима а. Бакъду, дешар дIа-м ца тесира цо. Дийнахь болх беш, суьйранна, болх бечу кегийрхошна лерина йолчу школехь дийшира. Книгаш ешар а марзделира цунна. Хийлазза сахуьленга волура кIант книга йоьшуш. Иза исбаьхьаллин литература ешна Iаш вацара, цунна къаьсттина дукхаезара исторически романаш. Воккха хиларца цхьаьна синкхетам а кIарглора, ойла а шорлора. Кавказах, бIешерийн кIоргенера дуьйна, цигахь даьхна, Iийна долчу нохчийн къомах дерг довза хьогам лаьттара.

1952-чу шарахь, 15 шо набахтехь даьккхина, Хьамид а схьакхийтира шен доьзалх. Да гаро а, иза ,эххар а, доьзалх схьакхетаро деанчу хазахетаран чам къахьбора цуьнгарчу беркъачу хьоло. Гуш дара Хьамид набахтино кIелвитина хилар, дуьнен чохь цуьнан яккха йисинарг дукха хан цахилар. Кхаа баттахь дех марзо эца ирс хилира Шимин. Кхин хан ца хиллера пекъаран хIокху харцдуьненахь яккха йисина. Дог Iовжош деанчу оцу дийнахь баккъал а воккха хилар тIедуьйжира Окуев Шимина.

Дай баьхначу лаьтта тIехь

Дукхах болу нохчийн зударий санна, чIогIа амал йолуш хиллачу нанас Арухас Iамийнера шен доьзал, мел яккхий халонаш тIехIиттарх, мел буьрсачу зераша йийсаре лацарх, цкъа а Делан диканах дог ца дилла. Шимас дукха хьалхе схьалаьцнера хьомсарчу ненан хьехам. Иза даима а тешна вара цкъа мацца а Кавказе а, цуьнан дог хилла лаьттачу Шотойн лаьмнашка а ша кхочург хиларх.

1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь зорбане белира вайнахана цIаберза бакъо луш болу хаам. Хетарехь, Шимин дахарехь уггаре а ирсе де дара иза, цуьнан сирла сатийсам кхочушбеш деана. Некъан баккхал гулъеш дукха къа ца хьийгира цо. Йорах дIаелира чохь Iийна хIусам, сихонца гулйира чуьра салпал, цIакхаьчча оьшур ю аьлла хетарг ларчане ерзош. НКВД-н йовсарша къинхетамза хIаллаквинчу ден барз боцург хIума дацара Шимин ойла тIеийзош хийрачу махкахь.

Дай баьхначу лаьтта тIе цIа бирзинчийн хьалхарчу могIаршкахь вара Окуев Шима. Уггаре а хьалха иза деша хIоьттира Соьлжа-ГIалахь йолчу Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан хьехархойн институтерчу филологин факультете, тIаккха школе балха вахара, бераш дешаран серлоне кхачо йолчу Iалашонца.

Хала зама яра иза. ЦIаберза бакъо еллехь а, вайнах цIакхачаре сатесна Iаш бухахь цхьа а вацара. ХIинца санна школаш а яцара. Сила йолчу йоккхачу Шуьйтахь цхьа школа яра. Шимина дика гуш дара и ледара хьал. Амма бакъдерг дийца йиш йолуш а, йоцуш а хуьлу заманаш. Долчух тоам беш, цIеначу даггара къахьега аьтто хиларх воккхавеш, олаллехь йолчу компартис бохург деш, хеневийла дезаш зама яра иза. Цунах дика кхеташ волчу Шимас дешарна тIеийзадора шен юьртахойн бераш, ца кхоош хаарш царна дIалора.

Масех шо далале школин директоран дарже ваьккхира Шима. Амма директор вара аьлла дешархошца йолу юкъаметтиг хер-м ца елира цуьнан. Ойла хийца ца елира. Цунна хIора а дешаран кIоргене кхийда лаьара, массо нохчи а кхиамийн лакхенашка кхача лаьара. Шимин дешархой хилла бу Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса, яздархой: Макалов Шамсудди, Тагаев Сайд-Хьасан, Адсаламов Идрис, иштта дуккха а кхиберш.

Школин директоран даржехь дукха ца витира Шима. Иза КПСС-н Шуьйтарчу райкоме балха дIавигира, идеологин балхахь эшарна. Райкомехь болх беш волчуьра «Ленинхо» цIе йолчу кIоштан газетан коьрта редактор хIоттийра, бераллехь дуьйна нохчаллах къилба дина вехаш волу Ш.Окуев.

Кхоллараллин некъаш

Хийрачу махкахь Iачу хенахь дуьйна йозанаш деш, прозехь, поэзехь шен ницкъаш зуьйш вара иза. Амма шена дукхабеза и болх цо хьуламехь латтабора. Шен йозанаш мелла а аьрга хеташ, ура-атталла бевза-безачарна ца тосадолуьйтура кIайчу кехатах тешош дерг. Даима а санна, дагахь доццучохь хилира дотIуна.

Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн а ансамблан пондарчица Цугаев Супьянца доттагIалла лелош вара Шима. Цкъа, цхьаьна гулделлачохь дай баьхначу юьртах Шуьйтах йолу байташ йийшира Шимас доттагIчунна. Байташ дукха хазъелла, Цугаев Супьяна уьш мукъаме ерзийра. Иштта гучуделира «Сан Шуьйта» цIе йолу байташ Ш.Окуевс язйина хилар.

Сан Шуьйта, сан Шуьйта,
Со вина нана,
Кхоьллина, техкийна,
Кхиийна ага,
Бовр буй-те хьоь болу
Сан безам цкъа а,
Гур вуй-те сайл дукхах
Хьо езарг цхьа а?

Ансамблан артисташа шайн репертуаре схьаийцира илли. Иза дезаш тIелецира халкъо а. Цо авторан дог-ойла айъира, зорбане яккха дуьххьарлера гулар вовшахтухуш.

1962-чу шарахь зорбане елира иза. «Сан Шуьйта» яра цуьнан цIе. Дай баьхначу лаьмнех, цигахь дехачу башхачу адамех, дог хьостучу Нохчийчоьнан башхачу Iаламах яра гуларна юкъара байташ. Уьш цIеначу ненан маттахь, дешархой кхетар болчу чолхе йоцчу кепехь язйина яра.

Цул тIаьхьа а масех гулар зорбане елира поэтан. Уьш яра «Лаьмнийн аз», «Сан безам». МаьIне, чулацаме байташ шайна юкъахь хиларал сов, кхин цхьа хазахетар дохьура Шимин говзарийн гуларша. Уьш  зорбане евлла йовлале, гучудовлура авторан дешнаш тIехь даьхна керла иллеш.

Уьш кест-кеста хезара радион а, телевиденин а эфирашкахь. Царах цхьаъ ду С.Висаитовс мукъам баьккхина, тахана а вайн къоначу артистийн репертуарехь долу «Ас хьо лоьху» цIе йолу илли.

Махо мархаш лоьхку,
Лаьмнех хьерчаш дохк ду,
Стиглахь лечкъа беттаса,
Кхолабелла го седа.
Къайлах доьлхуш,
Хьо лоьхуш дог сан ду.

Ас хьо лоьху буьйсанан боданца,
Ас хьо лоьху беттасин серлонца.
Ас хьо лоьху мархашца,
Ас хьо лоьху малхаца,
Ас хьо лоьху зезагийн техкарца!

Окуев Шимас яздинчу хIора дашехь нохчийн къоман хIо хаало, уьш вайн хIоранна уллера, хьоме ду. Делахь а, суна билгалдаккха луур дара Къилбаседа Кавказехь похIмечу поэтан, яздархочун цIе гIарайоккхуш, халкъан забар езачеран шуьйрачу гонашна Окуев Шима вовзуьйтуш, мерза кхаъ хилла зорбане яьлларг «Чорин дийцарш» цIе йолу самукъане гулар хилар.

1968-чу шарахь дара иза гучуяьлча. Массо а хIусамехула чекхъелира и гулар деза-доккха совгIат хилла. Ша «Бож-Iела» спектакль яцахь, «Чорин дийцаршка» кхочуш махкахойн самукъадаьккхина, дог-ойла айъина гулар билгалъяккха хала ду. Цхьаболчарна Шима вицвелла хила там бу. Амма цо гулдина, зорбане даьхна «Чорин дийцарш» халкъалахь даха дисина.

Ша схьаваьллачу халкъана юккъера, сема бIаьргтоьхна, похIмечу яздархочо говза схьаэцна турпалхо ву Чора. Ткъа забар!? ХIуьттаренца, гамонца хьарчийна йоцуш, цIеначу даггара йина хьекъале, оьзда ю. Цуьнан баьрччехь веха турпалхо Чора ву. Кхин хIумма а Окуев Шимас язйина ца хиллехь а, «Чорин дийцарш» халкъан иэсехь латтор яра яздархочун цIе.

Цо нохчийн литературехь йитина лар йоккха а, чулацаме а ю. Муьлха ву вайх цуьнан «Лай тIехь цIен зезагаш» роман йоьшуш буьйсанаш яйаза!? Башхачу романан коьрта турпалхой – Мелимат а, цуьнан кIант Iаба а – вайца баха бисина. Кхоьлина денош шен кхолламехь алсам хиллачу нохчийн къомана билгалонаш хета церан васташ. Собарца, доьналлица, хIуманан хьесап дарца Нохчийчоьнан билгало Мелимат елахь, иштта майра, доьналлех вуьззина, яхь дIа ца яла, кийрара даьккхина мерза са дIадала кийча Iаба а ву. Уьш ю-кх къа-бала лайначу вайнехан коьрта амалш.

Шен халкъан хилларг, цо лайнарг, девзачу Шимас язйина «Лай тIехь цIен зезагаш» роман дIадаьлларг довзуьйтуш ю. Амма цуьнца цхьаьна автора дешархо кханенан ойла ян Iамаво, дикане, къинхетаме, адамалле кхойкху.

Нохчийн лаьмнашкахь баьхначийн дахар ду Ш.Окуевс вайна романехь гайтинарг. Вайн дайша Iийшина халонаш, церан садууш хилла гIайгIанаш ю. Цуьнца цхьаьна авторан ницкъ кхаьчна нохчийн къоман оьзда гIиллакхаш гайта, бIешерийн кIоргенера таханене кхаччалц, нохчийн къоьжачу лаьмнашкахь коьртачу мехаллех цхьаъ йолу къонахалла гайта. И къонахалла ю романан коьртачу турпалхочуьнгахь Iабигахь а, иза вина, кхиийна йолчу цуьнан ненехь Мелиматехь а.

Вай хьахийна цхьа роман язйина Iийна ца Iа яздархо. Нохчийн исторера йоккха юкъ чулоцуш язйина ю цуьнан роман-трилоги. Романан хьалхара дакъа «Юьхь» зорбане делира автор дийна а волуш. Нохчийн лаьмнашкахь даьхначу мискачу адамех ю ерриге а роман. Оьрсийн паччахьо, цуьнан инарлаша нохчийн халкъе такхийтина Iазап дуьйцу хьалхарчу книги тIехь.

Кхин цхьаъ ду кхузахь билгалдаккха догIуш. Арахьара тIебаьхкина инарлаш, церан эскарехь хьийза эпсарш хилла ца Iара махкахошка халонаш токхуьйтурш. КIезиг бац царна бохкабелла вайн махкахой а: пурстоьпаш, юьртадай, иштта дIа кхиболу кега-мерсачу хьаькамалле кхаьчнарш. Церан Iосалла, сутаралла Iорайоккху Шимас.

Уьш карадогIучу дуьненан даьхнех Iехабелла, нохчаллина бIостанехьа бирзина. Оьрсийн къоман амалера цхьадолу кхачамбацарш Iорадохуш хиллачу яздархочуьнга Достоевский Федоре хаьттина боху: «ЦIармата хIуманаш ма дукха яздо ахь оьрсийн къомах, хьуна хьайн къам ца дезаран хIун бахьана ду?» ТIаккха оьрсийн яздархочо жоп делла боху: «Сайн къам дукхадезарна, кхачамбацарех иза цIандала лууш яздо ас!».

Хетарехь, ишттачу ойланца, нохчийн халкъ, дай баьхна латта шена дукха дезарна гойту Окуев Шимас романа тIехь вайн дахарехь наггахь нислуш йолу кIайдаргаш. «Юьхь» романа тIехь нохчийн лаьмнашкара Советийн Iедал тIедале хилла дахар гойту цо, мискачу адамийн къаьхьачу гIайгIанашна вай декъа а ийзош, ойлане дохуш, дайша лайначу халонашна дегнаш Iовжош.

ШолгIачу книгин цIе «ЦIий а, латта а» ю, ткъа кхоалгIачу книгин цIе – «ТIаьххьара баьчча». ШолгIачу книги тIехь автора дуьйцу коммунистийн хабарех Iехабелла нохчаша Советийн Iедал дIахIоттош цIий Iенорах а, мостагIчух леташ, гайтинчу доьналлех а. Ткъа кхоалгIа книга ХХ-чу бIешерийн 30-чу шерашкахь НКВД-с вайн махкахь хIоттийначу Iазапах ю. Трилогин тIаьххьара ши книги ган ирс ца хилира авторан. Цуьнан оьмар дукха йоца хилира.

1986-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 26-чу дийнахь бакъдуьнена вирзира 49 шо кхаьчна яздархо. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх, доьналлех ца вухуш, цо гездина некъаш кхачаделира. Дуьнен чохь йоккхучу ханна халкъана, махкана дина диканаш алсам хиллехь а, дан леринаш кхин а дукха дара. Халкъе, махке болчу безамах догу экаме дог детталучуьра сецира дан долийначохь гIуллакхаш а дуьсуш. Дийца даьккхинчуьра аьлча, тIеман чалх вайн махкахь дIайирзича яздархочо Ахмадов Мусас зорбане ехира шен дахаран хьехамчин Окуев Шимин романаш. Башхачу яздархочун кхолларалла езаш болчу книгашъешархошна цунах мерза кхаъ хилира.

Шен дахаран дукхах долу шераш Шуьйтахь дIадаьхьначу яздархочунна Iаламат дика девзара кIоштара Iалам, цунах хаза яздо цо, нохчийн къоьжачу лаьмнашка хIоранна вахана бIаьргтоха дог доуьйтуш. Цуьнан экамечу синна хьоме яра ерриге а Нана-Нохчийчоь.

Нохчийн ширачу яртех алссам язйина байташ ю цуьнан. Шимин кхийолу байташ санна, уьш а ю вайн махкарчу иллиалархоша мукъаме ерзийна. Шен шатайпанчу башхаллица къаьсташ ю царна юкъахь нохчийн ширачу юьртах Шелах лаьцна язйина байташ. Композитора, иллиалархочо Ганаев Олхазара мукъам баьккхина илли кхоьллинера «Шела» цIе йолчу байтех.

Лекхачу ломара
Лахенга лар яхьаш,
Сирлачу седанал
Сайн цIена дог дахьаш,
ДоттагIийн дегнашка,
Мехкарийн эшаршка
ЛадогIа веъна со
Безамна ийци ахь.
Шела-шера аре,
Хьосту ас хьо лоре,
Ю хьо лаьмнийн лулахь,
Даима дагна уллохь!

Къоьжачу Кавказе а, цуьнан турпала гIортор хилла лаьттачу Нохчийчоьне а боккха безам бара Окуев Шимин. Иза Iанаоьхура поэтан дешнаш тIехь даьхначу иллешкахь а, эшаршкахь а. Къаьсттина ховха дешнаш карадора похIмечу поэтана безамах яздечу хенахь. Иштта сирла, ламанах схьаIийдало шовда санна, цIена ю Окуев Шимин кхолларалла. Цундела еха иза вайца.

Нохчийн меттан хазна, къоман культурин беркат ду цуьнан башха йозанаш. Нохчийн лаьмнийн илланчин хьанал къинхьегам бу шегара мерзачу маршаллица вайна совгIатана битина, ша схьаваьллачу халкъан а, мехкан а зовкх дебаре сатесна.

А.ГАЗИЕВА

№4, пIераска, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: