Географи а йовза еза
Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларехь «Географи» предмет къастийначу Нохчийн Республикин дешархойн хаарш «Географи» проектан гурашкахь таллар хилира. Нохчийн Республикин дешаран дикаллин мах хадоран Туьшо Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментаца цхьаьна бира и таллам. «Географи» проект Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос юкъаяьккхина.

Дешархойн географин хаарш талларан коьртачу Iалашонех цхьаъ яра дешархой хинйолчу экзаменна кхин а кIорггера кечамаш барца, яьхье бахар.
– Бинчу талламан жамIаша гойтура пачхьалкхан юкъара экзамен (ЕГЭ) дIаяларехь герггара хиндолу сурт. Вайн республикин 14 кIоштахь кхочушбина диагностикин белхаш. Дешархойн белхаш толлуш болх бан вовшахтоьхна республикин предметни комисси, – иштта хаам бо Нохчийн Республикин Дешаран дикаллин мах хадоран туьшан директора Бечиев ШахIрудис.
Кестта хуур ду «Географи» проект нохчийн дешархошна мел оьшуш ю.
Дешийтинчарна хьакъ юха а луш
Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос вузехь Iалашонца долчу (целевое обучение) дешаран бакъенаш хийцина хIокху шарахь. Хийцамех дерг дийцале, цкъа хьалха карладаккха лаьа Iалашонан дешар (целевое обучение) бохург хIун ду. Иза маьхза деша вахар ду, цхьана предприятис я учрежденис дешийтарна харж шена тIелоцуш. Цуьнца кхаанна юкъахь барт бар хуьлу: пачхьалкхан учрежденина, вузана, студентана.
Кху шарахь дуьйна бина барт бохийча гIуда такха дезар ду. Студента ша деша хьажийначу предприяте я учреждене юха а веана 3 шарахь болх бан дезар ду. Студент-Iалашонхо декхарийлахь хир ву шайн вузехь йолчу дешаран программица ларош а, иза кхачам боллуш Iамош а хила. Кхечу дешнашца аьлча, дешарца ца ларийна «шианнаш» даьхна вузера дIавоккхучу студента гIуда а такха дезар ду вузана, нагахь санна студентана болх хилийта ницкъ ца кхочу предприятис я учрежденис ша такха дезар ду и гIуда, студентана метта. ГIудан барам студент доьшуш волчу регионехь лелаш долчу беттан лахара алапа кхузза лерича нислуш берг хир бу.
Дешарна дIайолуш йолчу харжийн я гIуданийн лехамаш, бакъенаш цу хьокъехь нислуш долу хаттарш а правительстве дIакхачо деза хIора регионо. Масала, маса, муьлхачу говзаллашкахула болу студенташ оьшур бу регионна? И дерриге а шен тидаме оьцур ду Россин Федерацин Правительствос. Цо къастор ду дешар маьхза хилийта бакъо луш йолчу квотех дерг. Пачхьалкхан Думе дIалур ю законопроект. Хетарехь, дешаран хьокъехь йолу керла бакъенаш, хийцамаш кху шарахь дуьйна кхочушбан безар бу.
Карарчу хенахь вайн пачхьалкхан вузехь доьшуш берш 50–60 процент студенташ-Iалашонхой бу. Ишттачу некъаца деша дIахIитта атта хуьлу студенташна, амма студенташ дешна бевлча шаьш схьахьовсийначу регионе юха дIабаха лууш ца хуьлура. Цу декъера хьал дIанисдеш болх закон цахиларна нислуш дара и гIуллакх. Хууш ма-хиллара, дукхахьолахь медицинин вузехь дешна бевлла Iалашонхой шайн регионашка (ярташка, кIошташка) юха ца боьрзуш, яккхийчу гIаланийн больницашкахь болх а беш, баха совцу. Царах 20 процент берш бен шаьш деша хьовсийначу республикашка юха баьхкина бац хIинццалц.
Деша лаам болчу кегийрхойн таро ю вайн пачхьалкхан вузехь маьхза деша, амма кхул тIаьхьа ша деша хьажийначарна хьакъ юха дIа а луш хила дезар ду цунах говзанча.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№4, пIераска, кхолламан (январь) беттан 19-гIа де, 2018 шо