Халкъаш цхьаьнатухуш» цIе йолу гайтам вовшахтуьйхира Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин Къоман музейхь. Цигахь гайтаме даьккхина Малхбален пачхьалкхан музейн фондера РерихгIеран Николайн а, Святославан а 55 сурт.
Малхбален пачхьалкхан музейн коьрта Iалашо ю Малхбален регионан халкъийн исбаьхьаллин тIаьхьало таллар, ларъяр, яржор. Культурин, искусствон декъехь Малхбален халкъийн юкъаметтигаш чIагIъярехь уггаре а доккха дакъалоцу культурин учреждени ю иза.
РерихгIар Николай а, Святослав а гоьбевлла художникаш хилла ца Iаш, философехь, археологехь, публицистикехь, юкъараллин дахаран массо а декъехь аьлча санна, шайн лар йитина нах бу. Дерриге а дуьненан, къаьсттина Россин, Юккъерчу Азин, Индин халкъийн культурин а, искусствон а тоьлла кхиамаш талларехь а, уьш баржорехь а доккха дакъа ду РерихгIеран. Церан суьртийн дуьненахь а тоьллачех йолу коллекци гулйина Малхбален пачхьалкхан музейхь. XX-чу бIешеран искусствон исторехь йоккха меттиг дIалоцу Николайс а, Святослава а. Да а, кIант а – ший а тайп-тайпанчу декъехь похIма хиларца вевзина дуьненахь. Шайн дахарца а, кхоллараллица а цара гайтина искусствон а, культурин а доза цахилар.
Рерих Николай похIме художник, сценограф, философ-мистик, яздархо, некъашгездархо, археолог, юкъараллин гIуллаккххо хилла. Шен дахарехь 7000 гергга сурт а (царех дукхахдерш дуьненан гIараевллачу галерейшкахь ду), 30 гергга литературин гулар а (царех шиъ – поэзин) кхоьллина цо. «Рерихан пактан» (Пакт Рериха – культурин тIаьхьало ларъярна лерина исторехь дуьххьарлера дуьненаюкъара барт) автор а, дIадолорхо а, «Дуьне – культурехула», «Машаран Байракх» цIерш йолчу культурин дуьненаюкъарчу боламийн бухбиллархо а ву Николай. Цуьнан кIант Святослав оьрсийн а, индусийн а художник, юкъараллин гIуллаккххо, малхбален искусство гулъярхо, СССР-н Исбаьхьаллин Академин сийлаллин декъашхо а хилла. Таханлерчу дийнахь дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь РерихгIеран цIарах музейш ю. Ткъа «Николай а, Святослав а РерихгIеран. Халкъаш цхьаьнатухуш» цIе йолу гайтам, Нохчийчохь хилла ца Iаш, Россин кхийолчу регионашкахь а вовшахтухуш бу. Исбаьхьаллин искусство хазахеташ болчеран таро ю ноябрь бутт юккъе баххалц билгалбаьккхинчу гайтаме хьовса.
А.ВАХАЕВА
