Мисарархошна лерина экскурсеш

Дуьненан футболехула йолчу чемпионатан гурашкахь Соьлжа-ГIалахь соцур болчу Мисаран вовшахтоьхначу командин болельщикашна лерина Iаьрбийн маттахь экскурсийн маршруташ кечъян лерина. Иштта хаам бина республикерчу «Тур Экспо» туроператоран директора Батаева Элинас.

«Карарчу хенахь тхан говзанчаш къахьоьгуш бу экскурсийн программаш Iаьрбийн матте гочъярехь. Дуьненан футболехула йолу чемпионат дIаяхьаран хенахь хIора а хьешацIийне тхайн векалш хьовсо а, цаьргахула, баьхкинчу хьешашна, тхайн туроператоран гIоьнца республикехула экскурсин а, садаIаран а программаш йохка дагахь ду тхо. Маршруташ хIинцале а билгалъяьхна, Iаьрбийн а, ингалсан а, немцойн а меттанаш хууш болу говзанчаш болуш бу, цундела, хьеший тIеэцарца доьзна цхьана а кепара кхачамбацарш хила тарлуш дац», – билгалдаьккхира Батаевас.

«Мисаран туризман векалшца а, туристашца а тхан зIенаш хилла яц. Схьахетарехь, оцу мехкан футболан вовшахтоьхначу командин дуккха а болельщикаш бахка тарло Нохчийчу. Тхо дагахь ду царна мел оьшуш долу хьелаш кхолла а, царна Соьлжа-ГIала йовзийтина ца Iаш, кхийолу меттигаш йовзийта а, уьш цига бига а. Оха и дар бахьана долуш, цара, шаьш цIадахча, вайн республикех а, кхузарчу хьолах а лаьцна шайн махкахошна дуьйцург хиларан дегайовхо а ю тхан», – элира туроператоран директора.

Нохчийчоьнан Правительствон туризмехула йолчу комитето бинчу хаамашца нийса а догIуш, республикехь кечйина туризман 16 маршрут, шайна юкъахь гIаш а, говрашкахь а лелар а, квадрациклаш хехкар а, Веданан кIоштарчу Къоьзан Iома тIе кхачар а, Итон-Кхаьлларчу ЦIойн-Пхьеде бахар а, лаьмнашкарчу хишкахула рафтинг яр а, кхидерг а долуш.

Билгалдаккха догIу хIокху шарахь Россехь дIахьур йолчу Дуьненан футболехула йолчу чемпионатан гурашкахь Мисаран вовшахтоьхна команда Соьлжа-ГIалахь соцур йолуш хилар. Мисархой оцу чемпионатехь тIаьххьарчу 28 шарахь левзина а бацара. «А» тобанехь цаьрца ловзур ю Россин а, Уругвайн а, СаIудийн Аравин а командаш.

И.ИСЛАМОВ

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: