Нохчийн Республикера оперативни хьал

Некъан бохамехь ши стаг кхелхина

ХIокху деношкахь республикин Хьалха-Мартан кIоштахь некъан-транспортан бохам хилла. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо.

Гихта – Шалажи автомобилийн новкъахь Шалажи юьртара Гихта агIор йогIу ВАЗ-21099 автомашен, дуьхьалбогIучу новкъа ялар бахьанехь тIекхетта Соьлжа-ГIалин вахархочун ВАЗ-21154 автомашенна.

Некъан-транспортан бохамехь хиллачу чевнех кхелхина 1969-чу шарахь вина волу ВАЗ-21154 автомашенан водитель а, 2016-чу шарахь дина долу ВАЗ-21099 автомашен чохь хилла жима бер а. Еза чевнаш хилла больнице кхачийна 1984-чу шарахь вина волу ВАЗ-21099 автомашенан водитель а, цу чохь хилла 1991-чу шарахь йина йолу зуда а, иштта ВАЗ-21154 автомашена чохь хилла 1990-чу шарахь йина зуда а, 2010-чу шарахь йина йоI а. Автомашенаш схьаялийна Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-Мартан кIоштахь йолчу машенаш дIахIиттайойле.

Наркотикаш лелор гучудаьккхина

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша профилактикин мероприятеш дIахьочу заманчохь кхаанхьа Iорадаьккхина законехь доцуш наркотикаш лелор.

Нохчийн Ре спубликин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо хаам беш ма-хиллара, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу урхаллин белхахоша, республикин пачхьенан Маяковскийн а, Жуковскийн а урамаш вовшахкхетачу меттехь сацийна 1998-чу шарахь вина волу Соьлжа-ГIалин вахархо.

Таллам бечу хенахь жимачу стагехь кара а йина, схьаяьккхина 8 грамм гергга якъийна, аьтта йолу, таьIна-баьццара бос болу, кIомалан шатайпа хьожа йолу, ораматех схьаялар долу хIума юкъахь йолу кехатан ларча.

Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштарчу Машаран урамехь сацийначу 1992-чу шарахь вина волчу Ставрополан крайн вахархочуьнгара полицин белхахоша схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, шатайпа хьожа йолу наркотикин хIума чохь йолу тIоьрмиг.

Таллам бечу хенахь оцу вахархочо дийцина, тIоьрмига чохь ерг «марихуана» наркотик хилар а, йохкаран Iалашо а йоцуш, шена пайдаэца иза ша лелийна хилар а.

Оццу хенахь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн Шелан кIоштахь йолчу отделан белхахоша Эвтара юьртан къилбехьа сацийна 1998-чу шарахь вина волу меттигера вахархо. Жимчу стагехь кара а йина, схьаяьккхина 115 грамм марихуанах тера хIума.

Схьаяьхна наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше.

Лазийначийн хьал кхераме дац

Шелан кIоштан Гермачиг юьртарчу теплицехь газ эккхар бахьанехь лазийначу пхеа берийн хьал лоьрийн тергонехь ду, церан дахарна кхерам болуш хIума дац. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон пресс-службо.

Соьлжа-ГIалин №4 йолчу клиникин больницин дагоран (ожогови) отделенин куьйгалхочо Элимбаев Рустама дийцарехь, кхо ваша а, церан доттагIий а 5 процентера 40 проценте кхаччалц дегIан чкъор дагийна а болуш, больнице кхачийнера.

– Уггаре а чIогIа вагийначунна еза чевнаш йина, амма цуьнан дахарна кхераме хIума дац. Дархошна оьшуш долу гIо деш ду, сихха кхечанхьа дIавига оьшуш хьал дац. КхидIа дан дезарг кхачам боллуш къаьстар ду шина-кхаа дийнахь, – билгалдаьккхира Р.Элимбаевс.

I.ТЕРЛОЕВ

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: