Хазаллица ийна эрчалла

Цхьа а хIума ца дисина стагана дахарехь цецвала я тамаша бан. Хазалла эрчаллийца ийна. ЧIогIа хаза, товш юьхь-сибаташ долуш, амма нохчаллица ца догIу лелар долуш бу вайн цхьаболу йоIарий.

Дахар кхечу кепара ган доладелла вайна. Нохчичун синкхетам европахойн синкхетамах тарбелла. Ткъе итт шарал сов хенаш йолчарна хIинца а жимма кхетам хила мега шаьш муьлш ду а, хьанах схьадевлла а, шаьш хIун цIе ларъян еза а бохучун. Амма иза ца хаьа кегийрхошна я иза царна хаахьара аьлла хеташ да-нана а ца хуьлу. Ден а, вешин а цIе ларъярал, церан сий дарал деза хета социальни сеташ чу уггаре а тоьлла, шайн хетарехь, сурт хIоттор. Шайн сий дохка кийча бу оцу машанехь. Иза ца лало соьга, цундела дехарца яздо ас кегийрхошка. Маца хилла вайнехан йоI ша гайта лууш? Зама хийцаеллехь а, хIунда хийцабелла сан хьомсара йижарий?…

Тахана. Тахана го и хийцамаш. Дерриге а дуьненна гуш ду вайнехан кегийрхойн дахар. Царна дезарг, цара тIеюхург, уьш оьху меттигаш, ур-атталла цара юа яахIума а. Эхь ма ду иза! Дац оцу кегийрхошна-м, вайнахана массарна а ду-кх. Нохчийн йоI хиларал деза хIума хила ца деза цхьана а йоIана, шен ден а, вешин а сий-ларам бар дахаран маьIна хилла яха езаш ю иза.

Хьайн сурт дерриге а дуьненна гуш долчу машан чу а кхоьссина, оцу суьртана бухахь «хьенехан йоI, хьо ма ца товш яц», – аьлла, ахь язъяйтича, хьайн сий а, цуьнца цхьаьна хьайн ден а, вешин а сий ма дойъу ахь. Цунах хIунда ца кхета хьо?…

Кхечу къаьмнех вай къаьсташ хилар дара иза. ХIинца-м дац. «Чеченские девушки самые красивые» аьлла, тобанаш ю социальни сеташ чохь, цу чу шайн суьрташ дохуш, цунах самукъа а долуш Iа.

Хьенан бехк бу? Заманан? Бац. ХIинца а бу чохь ден дош лелаш доьзалш. Ишттачу доьзалехь кхиъначу йоIа ша а ца могуьйту шена цхьа а эвхьазлонаш. Дерриге а дех-ненах доьзна ду. Зезаг санна экаме ю йоI бохуш, массо а хIуманах ларъеш лелийна ма ю вайнехан йоI. Ларбе шайн доьзал аш а. Шайн дайша ма-дарра Iуналла де…

Дуккха а нохчийн доьзалш бу дозанал арахьа бехаш. Цуьрриг а вайх (Нохчийчохь бехачех) бешаш а ца хуьлу уьш.

«Шу цигахь», «тхан кхузахь» боху къамелаш до цара. Дависа-кх, ма дан а ду-кх церан цигара «тхан». Бераца цхьаьна араваьлча, нохчийн Iадаташца ган ца мега юкъаралла гуш лелаш болу. Цуьнан ойла янне а ца йо. Шайн махкахошна цхьаъ ала гIерта, шайн нах охьатаIош къамелаш до, иштта цхьа а дин ца лелош болчу нахана юккъахь синпаргIато го. Мила ву те и галваьлларг? ХIун ала гIерта хьо «нохчи хилла волу европахо»?

Дукха хан йоццуш гIарабаьлла цхьа хилам – нохчийн йоIа французаца доьзал кхоьллина. Дерриге а нохчийн халкъана новкъа деанера иза, дукха наха дийцаре а дора, бехкаш дохура. Француз бусалба ву бохуш бехказлонаш лоьху цхьаболчара. Тахана, ойла йича, ма къа ду-кх оцу жимачу зудчун, олий догадогIу. Нохчочун нана хила ирс ца хилла цуьнан. ХIун гIиллакхаш довзуьйтур ду цо французана? ХIун Iадаташ довзуьйтур ду шен сих схьабевллачарна? Цхьа дош тоьар ма дара нохчичун нана хила лаа – «къонах».

Къонах кхио лаам ма хуьлура массо а нохчийн зудчун. ХIинца цхьана а хIуманах кхетар яц и жима зуда. Шераш довларца, нохчалла цуьнгахь жимма а хиллехь, ша яьллачу ирсах а кхетта бIаьрхиш лешор ду цо. Я суна хIун хаьа иза?

Шен кийрахь детталург нохчийн дог хиллехь и тайпа гIулч цуьнга яккхалург а хир яцара. И хилам нахала белира, вай массара а «дов» дира оцу йоIана а, цуьнан верасашна а, ткъа вайна ца хууш мел ду-те и тайпа захалонаш? Шайн доьзалшца хийрачу махка а оьхуш, уьш нохчий хиларах бохош Iаш дера бу вайх болу цхьа нах.

Цхьамма язйо социальни сета чохь (цIарца яздан а йиш ю, делахь а, цуьнах къинхетам а бина, ца йоккху вай цуьнан цIе): «Наггахь хьажа-хIотта ван бен меттиг яц Нохчийчоь, кхузахь синпаргIато ю. Со цкъа а вогIур вац бен бан цIа, сан бен кхузахь бу».

Ма ледара «бен» бу-кх хьан, цхьа а гIортор йоцуш, накхармозаша шайн никх чуьра аракхоьссинчу жуккаран санна дахар ду-кх хьан. ХIун до ахь, араваьлча, салам а делла, нохчийн гIиллакхца могаш-паргIат хатта йиш йоцучу юкъараллехь? Суна хатта лаьара оцу «къонахчуьнга»: «Хьо санна тхо а, дерриге а халкъ, хийрачу махкашкахула дIасадаржахь, хьажа-хIотта стенга ваха воллу хьо? Хьуна хьажа-хIотта ван мохк ларбеш Iаш ду тхо? Дац. Хьан мохк ахь хьайн синпаргIато ю боххучехь бу. ХIара тхан мохк бу. Даггара безачеран».

Коьртачу декъана, мехкаршка ду сан кост, хIунда аьлча, сан царах дог алссам лозу, со а церан могIарера хиларна дог доьлху. Кханенан ойла йо, иза кхин а ирча хиларна кхоьру. Цундела ца Iало тийна, дог лозу сан юкъараллех бохуш, йоьлхуш лелачул, со хеза агIо ян лаьа.

Таханлера кост дешча Нохчийчуьра хьал ирча ду, гIайгIане ду аьлла хетадала тарло. Цуьнан цхьа дакъа ду иштта ирча. Дера дуккха а диканаш ма ду вайн махкахь а, вайн халкъана юкъахь а. Дуккха а доьшуш, болх беш жигара, тIахъаьлла, гIиллакх-гIуллакх лелош, яхь йолу кегийрхой бу вайн, АльхьамдулиллахI. Диканиг а, ишттадерг а рогI-рогIана яздеш, иза вайна юкъара вониг дIадаллалц дийца дезаш ду. Дала ийманехь, хааршкахь сов дохийла вай, нийсачу новкъахь гIо дойла вайна!

Д.ХИЗРИЕВА

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: