Хууш ма-хиллара, вайн республикин кегийрхоша шаьш жигара гойту Ерригроссин яккхийчу конкурсашкахь. Дешаран а, культурин а, спортан а хьаьрмашкахь кхиамаш бахарца, Ерригроссин конкурсашкахь толаман я совгIатан меттигаш яхарца вайн регионна юьхькIам бу цара бийриг. Дика ду и саннарш денна а алсамбовлуш хилар.

Иштта, дукха хан йоццуш, Москвахь йолчу «Дрезден» галерейхь дIаяьхьначу «Ассамблея пленэров» гайтам- конкурсехь дакъалецира Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан гIишлошъяран факультетан «Архитектура» говзаллина Iемаш волчу кхоалгIачу курсан студента Альбиев Муслима. Студентан «Скорбь» цIе йолу болх бара конкурсана юкъабаханарг.
Россин дуккха а субъекташкара кегийрхой бара билгалъяьккхинчу конкурсехь дакъалоцуш. Хаза кхаъ бу, оцу йоккхачу, мехалчу конкурсехь Альбиев Муслима «Академическое искусство, сюжетный рисунок с изображением людей» номинацехь шолгIа меттиг яьккхина хилар.
Муслима дуккха а къахьегнера «Скорбь» балха тIехь. Амма оццул йоккхачу конкурсехь, къоначу, похIмечу суьрташдахкархошна юкъахь ша совгIатан меттиг йоккхург хилар дагахь а дацара цунна.
Ша доьшуш волчу университетан а, гIалин а конкурсашкахь жигара дакъалоцуш ву Муслим. Ишттачу конкурсашкахь а совгIатан меттиг ца йоккхуш ца вуьсу иза. Цо гойту, кIант говза, хилар.
2017-чу шеран аьхка Къоьзан-Iома тIехь къоначу суьрташдахкархошна юкъахь дIаяьхьна хиллачу «Къоьзан-
Iоман басарш» конкурсехь толам баьккхира Муслима.
Газетан рогIерчу цхьана номерехь оха дуьйцур ду Альбиев Муслимах а, искусствон декъехь цо сатуьйсучух а лаьцна.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: студент Альбиев Муслим
№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2018 шо