Россин лаам хьаша гIерта Iамарк

ХIокху могIанийн авторал чIогIа тIом ца безаш, дов ца дезаш стаг хилахь а, дукха хир вац. Делахь а, хьо дIаваха ца вуьтуш, хьан когаш хьешна ца Iаш, коьшкала хаа гIерташ хилча, цуьнга: «Собардехьа, юхаозахь хьайн «алаша», дIавалахьа сан кочара, со а ма вац хьан ги хаалур воцуш ца аьлча ца долу.

«Ца битича дехко а тесна цергаш», олуш цхьа кица ду-кх нохчийн. Россин куьйгалхой а, политикаш а иштта ойла кхоллалучу хьоле хIиттийна Iамарко Россина дуьхьал юкъайохучу санкцеша а, вайн пачхьалкхаца лелош йолчу доттагIаллин йоцчу политико а.

Iамарк де-дийне мел дели шелъеш ю Россица йолу юкъаметтигаш. «Шийла тIом» оцу цунах политикийн маттахь. Кхин шеллойла доцуш шелъелла вайца йолу юкъаметтигаш. ХIинца-м гIорош а лаьтта. Iамаркера Россин дипломатин векалаллаш дIаяхар а, оцу гIишлошкахь лерринчу службаша массо а хIума тIекIал тасар а Россига сий-ларам цахилар ду. Цунах тоам ца беш, вайн пачхьалкхана экономикин ондда тохар дан, и гIелъян, къаьмнашна юкъахь къийсамаш гIовттон некъаш лоьхуш къахьоьгуш бу США-н политикаш а, лерринчу службийн векалш а.

Шайн ма-хуьллу Росси дуьненан экономикех дIахеръян гIерташ Европин а, Азин а пачхьалкхашкахь вайн пачхьалкхах, кхузахь арахоьцучу сурсатех дог даккха гIерташ тIетаьIIина белхаш беш ю Iамаркан дийнна институташ. Цара ца долош эладита а дац, ца лелош питана а дац.

Оцу хьолехь а собаре хилла Iаш ю Росси. Ойла еш Iаш бу политикаш а. Оццу хенахь США Россина кхин а цхьа тохар дан кечъелла Iаш ю. И тохар а санкцеш ярца доьзна ду. ХIинца вайн махкарчу олигархашна тоха дагахь бу Iамаркахой. Малхбузерчу пачхьалкхашкарчу банкашкахь, бизнесехь долчу церан ахчанна «тIеховша» дагахь бу уьш. ТIаккха харжам бан дезар ду церан: Россина ямарт бовлу уьш, шайн ахча кIелхьардаккхархьама, я дика а, вон а ловш шайн халкъаца а, махкаца а буьсу уьш. Иштта харжам бан Iамарко олигархашна елларг дукха хан яц.

2018-чу шеран бекарг (март) бутт тIекхачале бан безар ду церан харжам. Вуьшта аьлча, вайн махкахь президент хоржуш дIахьон болу харжамаш герга кхаьчча кхин а цхьа ондда тохар дан а, махкара хьал карзахдаккха а хьовсур бу США-н куьйгалхой, политикаш, лерринчу службийн векалш.

Россина дуьхьал санкцеш яран хьокъехь Конгрессо тIеэцначу законан шолгIачу декъерчу 241-чу пунктехь билгалдоккхуш ду: «»США-н финансийн министерствос, къоман разведкин куьйгаллица а, Пачхьалкхан секретараца а дага а йолуш, цуьнца бертахь, закон тIеэцна. Иза тIеэцна 180 де далале а, цул тIаьхьа хIора шарахь а, Конгрессан хьокъала йоллучу комитеташка докладаш ян еза Россин Федерацин олигархийн а, пачхьалкхан дакъа юкъахь долчу организацийн а хьокъехь. Россин коьртачу политикин а, олигархийн а хьокъехь хаамаш хила беза оцу докладашкахь; гайтина хила деза Путин Владимирна а, Россин куьйгалхошна а уьш мел герга бу, церан уьйраш мел чIогIа ю; церан хьал-бахам мел бу а, царна хуьлучу пайданийн хьостанаш а билгалдаьхна хила деза; церан гергарнаш, цу юкъахь, зуда, бераш, дай-наной, царна тIебогIу пайданаш, активаш, инвестицеш, бизнес-хьашташ, пайда тIебохьу долаллаш гайта деза; Iорадаха деза оцу нехан дозанал арахьа йолчу компанешца долу гергарлонаш…».

КIорггера хьесап дина, генна хьалха хьаьжна тIеэцна ду и закон. Иза тIехьажийна ду Россин махкахь политикин а, бизнесан а векалшна юкъахь резадацар кхолларна, церан барт, цхьаалла йохорна.

Хууш ма-хиллара, 2018-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь Россехь Президент хоржуш харжамаш бу дIабахьа безаш. И де тIекхачале Iамаркан финансийн министерствос а, Пачхьалкхан департаменто а, разведкин коьртачу урхалло а Конгрессе доклад ян езар ю Россерчу бизнесменийн, бизнесменийн-политикийн бахаман а, ахчанан таронийн а хьокъехь.

Оцу докладехь буьззина хаамаш хила безар бу вайн правительствон коьртачу веа министран хьокъехь а. Уьш бу, официальни декларацешца нийса а догIуш, дозанал арахьа бахам а, банкашкахь ахча а долуш болу министраш а, церан гергарнаш а . Царна юкъахь цIе йоккхуш ву вице-премьер А.Шувалов а, зIенан министр В.Никофоров а, правительствон уггаре а дукха хьал-бахам болу декъашхо – Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Л.Кузнецов а, министр Абызов а.

Дозанал арахьа хьал-бахам болчу министрийн гIуллакхаш теллина Iан дагахь а бац Iамаркан Iедалан векалш. Талламаш бийр бу Пачхьалкхан Думин депутатийн, олигархийн бахамашна, церан гIуллакхашна. Уьш Россин резиденташ хиларх я цахиларх доьзна доцуш дIахьур бу талламаш. Уьш хьовсур бу церан бахам хьанна тIеязбина бу. И болх хIинцале а дIахьош бу. Дозанал арахьа ахчанаш долчу берриге а россихойн хьокъехь хаамаш бу гулбеш.

Къайле яц иза. Хууш ду и хаамаш стенна гулбеш бу а, цIерш хIунда язъеш ю а, уьш хIун дан гIерташ бу а. Масала, Iедална герга волчуьнца къамел дийр ду «Россин а, Iамаркан а юкъаметтигаш тояран хьокъехь», церан бахам ларбаран хьокъехь. Иза ларбархьама хIун дан деза а хьоьхур ду.

Россина дуьхьал керла санкцеш юкъаяхале цхьа де хьалха США-н вице-президента Пенс Майка элира: «США-н Президента Трамп Дональда милла а кхетар волуш элира: Iамарк кийча ю Россица дика юкъаметтигаш хилийтарна. Амма президентан а, тхан конгрессан а костехь дерг цхьатерра ду: юкъаметтигаш тоялийта а, санкцеш дIаяхийта а лаахь Россис шен гIуллакхаш орамашкара дуьйна хийца деза, оцу гIуллакхаша тIедалийна, уггаре а хьалха, санцкеш ярна».

Вуьшта аьлча, шен арахьара политика, шен амал ца хийцахь Россина дуьхьал йина санкцеш дIаяха дагахь яц Iамарк а, Малхбузера кхийолу пачхьалкхаш а. «ГIуллакхаш хийцар» бохург шайн (Iамаркан) лаамна тIедерзо деза бохург ду, цуьнан хьашташ кхочушдан деза бохург а ду.

КхидIа а оццу Пенс Майка боху: «Карарчу хенахь Росси, хьалха а санна, кхечу пачхьалкхийн дозанаш ницкъаца хийца, Европин маьрша халкъаш декъа, йозуш йоцу демократин пачхьалкхашка декъа гIерташ ю. Президента Трампа Россига дехна Украинехь а, кхечу меттигашкахь а мостагIаллин рожан Къилбаседа Корейхь а, ГIажарийчохь а ерш санна йолчеран, гIолацар дитар, уьш карзах цабахар».

Цо дийцарехь, Россис тесна бита беза Донбассехь болу оьрсий, кхечу къаьмнех болу нах. Украинна юха дIаяла еза ГIирма а. Шаьш болчехь бита беза Шемахь долу хьал лартIе дало гIерташ берш. Зуламаш дан, къизалла яржо бита беза террористаш. Хедо еза Чиница, Къилбаседа Корейца йолу зIенаш. Доцца аьлча, Iамарк хIокху дуьненахь шена луъург дан йита еза-кх Россис, цуьнан лаамна кIел а яхана.

ТIаккха, иштта йолчу Россица, 90-чу шерийн юьххьехь ерг санна йолчу Россица, «массо а хIумана тIехь хьо бакъ ву» бохучу Россица доттагIалла лелон лууш ву Трамп.

Лехамаш, гуш ма-хиллара, тIех баккхий бу. Олигархаш, хьал долу политикаш шайгахьа бахар, Iамаркан гособлигацешкахь долчу российски миллиардашна «догIа тохар», царна тIе куьг диллар иза дан дагалаьцначун цхьа дакъа бен дац. Иза гур богIар ду. Оцу гуро лаьцнарш шайгахьабахар ю Iамаркхойн рогIера Iалашо. Уьш шайхьага а баьхна, Россехь дIахьочу политикина Iаткъам бина ца Iаш, оцу политикина урхалла дар шайн каралацар ду царна оьшуш дерг.

Нагахь санна оцу тайпана Россина тIеIаткъам бар чекх ца далахь Iамаркан Президентана а, Конгрессана а, буьсуш беккъа цхьа некъ бу – тIом. Дала ма дохьийла иза. Ма дарра аьлча, тIом болон уьш баьхьар бац. Ког биллал йоцчу Къилбаседа Корейна а тIом кхайкхорал дехьа гIулч яккха ца хIуттуш, Японе, Чине, кхечу пачхьалкхашка орцанаш дохуш, шена тIаьхьа хIоттар (аьлча а хьалхадовлар) доьхуш ю США.

ТIаккха, «болатан кирхьанна» тIехьа а лечкъаш, бизнесменех а, ахчанна бохкабеллачу хьаькамех а пайдаэца гIортар бен дуьсуш хIума дац. Кхерамаш а тийсина. Санкцеш юкъа а яьхна. Росси дуьненах дIахадо а гIиртина. Вайн дозанашна герггахьа йолчу пачхьалкхашкахь танкаш, ракеташ, кеманаш дIа а хIиттийна. Амма Росси хьалхахьа некъ беш ю: «ЖIаьла лета, къепал хьалхахьа йоьду», – аьллачунна а дайна.

Iамарко а, Малхбузено а хIинца юьхьарлаьцнарг, вай лакхахь хьахийна некъ бу. Иза банне а кхераме бац ала йиш яц. Кхераме бу. Ямарт бу. Иза зийна Иракъан паччахь хилла волчу Хьусайн Саддамана тIехь. Iамарко цкъа хьалха ийцира, вуьшта а хьолана букъабелла болу, инарлаш а, министраш а, цул тIаьхьа химин герзаш «карийра».

Иштта вохийра Iамаркахоша ГIажарийчоьнан паччахь Пехлеви Реза, Заиран куьйгалхо Мабута, Филиппинийн президент Маркос. Бакъонца халкъан баьчча вара тIаьхьарниг. Даима а шен халкъах дагаволуш вара, набахтешкара арабехира политика бахьанехь шена дуьхьал бевлла хилларш. Дерриге а дика дIадоьдуш дара иза США-н лаамна дуьхьал валлалц. Цунна дуьхьал ваьлча, цунах диктатор хилира. Иза къиза стаг хилира. ДIакъевлира банкашкара цуьнан а, цуьнан гергарчеран а счеташ. Швейцарин банк тахана а лууш яц Филиппинийн ахча дIадала. И санна долу бакъдерш а, масалш а дукха ду.

Ала дашна, Iамаркан лерринчу службаша Россин дипломатийн векалаллашкахь кегарий лелор а оцу могIарера гIуллакх лара догIу. И дарца США-н куьйгалхой «хьашто йолчу адамашна» гайта гIерта: «Хьовса, Iамаркахоша шайна луъург до шуна. Царна цхьа а закон а, низам а, къепе а яц. Цара лардан дезаш гIиллакхаш а, ламасташ а дац. Цара диннарг мага дезаш ду хIокху дуьненахь», иза иштта ду аьлла хеталахь хийцалур ю цхьаболчу олигархийн а, хьоладайн а, хьаькамийн а ойла. ТIаккха уьш гIовгIа эккхийта хьовсур бу.

Иштта «ловзарш» жигарадевр ду президентан харжамаш дIахьон болу де герга мел кхечи а. Алсамдевр ду питанаш а. Президентан дарже болчу кандидаташца «кхеторан» болх бан «эмиссараш» богIур бу, Россехь футболах ловзаран дуьненан чемпионат ца хилийтарна тIехьовсийна гIуллакхаш лелор ду. Кхин масане хIуманаш хир ду Iамаркан а, Малхбузенан а къайленийн тIорказа чохь дIахьулдина латтош. Царах билггала муьлха-хIун чекхдаккха хьовсур бу уьш? Иза хууш дац. Амма вайна билггал хаа дезаш цхьаъ ду: вай вешан амалехь чекхдовла хьовсахь, вай вешан маршо ларъян ойла йолуш хилахь вай паргIат дуьтур дац. Вай лай хила, маршо йохка, мохк бохка реза хилахь, вай хестор ду, дика ду бохур ду… амма вай тIаккха бецан чемхалган меха а хетар дац цхьанна а.

Цундела вай сема хила деза. Соьмана дохка а делла, халкъана, махкана ямарт довларх лардала деза. Нагахь вай Iехалахь Ливехь, Иракъехь, ОвгIанехь долу хьал хир ду вайн махкахь а. ХIокху хьолехь вайна оьшург барт бу, цхьаалла ю, мехкан куьйгаллина муьтIахь хилар ду.

Вай къарлур доций хиъча вайн массеран а барт буй хиъча юхаер ю Iамарк а, Малхбузе а. Вайга лалур ю муьлхха а санкцеш. Росси дуьненах дIахадо ницкъ бац хIокху дуьненахь цхьаьннан а. Ткъа шен ахча-бохча, хьал-бахам кхечу пачхьалкхашкахь Iалашбеш катоьхнна цIаберзо беза шен Даймехкан патриот, кIант велахь.

Д.ХАСАНОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: