США-н Правительство чIана яьлла

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Твиттерехь йоза дина США-н Правительствос шен болх сацийна хиларца доьзна.

«Герггарчу Малхбалехула хьаьвддий-бевддий лелаш, ОвгIанехь, Иракъехь, Шемахь, Ливехь цIий Iенош, посольство Иерусалиме дехьаяккха гIерташ, дерриге а дуьненахула кхечу пачхьалкхийн гIуллакхашна юкъагIерташ лелачу Iамаркан куьйгалхоша шайн правительство йохийна, яржийна, дIаяхийтина, гIорасиз йина, чIана яьккхина дIахIоттийна. Гора яI!», – яздина Кадыров Рамзана.

США-н федеральни правительствос шен болх сацийна финансировани еш цахиларна. Иза иштта нисделла сенатерчу демократаша республиканцашка бюджетан проект тIецаэцийтар бахьана долуш.

Iамаркан законашца нийса а догIуш, правительствон буьззинчу барамехь а, бан ма-беззара а болх бан таро ца хуьлу бюджет тIеэцна ца хилча.

Беламе а, цуьнца цхьаьна белхаме а хьал ду цигахь кхолладелларг.

«США-н госдепо (пачхьалкхан департаменто) Президентан Трамп Дональдан цIарах Россин куьйгалле тIех къайлах дехар дина. Иза чIогIа хьулам бина ду Конгрессах а, лерринчу службех а. Цара доьху Iамаркан федеральни Iедалан органашна финансировани яран хьокъехь сацам тIеэццалц болчу муьрехь США-н Правительствон урхаллин декхарш тIеэцахьара бохуш, – бегашца яздина Кадыров Рамзана Телеграмехь долчу шен каналехь.

Баккъал а беламе ду хIоьттина хьал. Кхечу кепара цуьнан мах хадабойла а дац.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдоккху, «КIайчу ЦIийнехь цхьа а вац бахархоша тоьхначу телефонна дуьхьал жоп дала, кхиболу мехала болх бар хьехочохь а дац. ДIакъевлина Маршонан (статуя) хIоллам а. Цара доьху «Альфа план» юкъаялор. США-хь (чрезвычайни) тIех кхераме хьал хIоьттина меттиг хилча билгалдеш ду цу тайппана цхьаьна гIуллакхаш дар», – кхидIа а забар йо Р.Кадыровс.

«Вайн «госдепо» цу декъехь хIун дина цкъачунна хууш дац. Хьал девзачара чIагI-м до «Альфа план» хIинцале болх бан йолаелла хилар, США-н правительствона финансировани яр дIадоладелча, оцу правительствос къайлахчу некъашца Росси схьадоуьйтур ду ахча, шайн метта декхарш кхочушдинчу хIора денна цхьа миллиард доллар а доуьйтуш», – яздина Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: