Билгалдаьккхира автомобилийн некъийн министерствон 10 шо кхачар

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Сафия» даздаран цIийнехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерство вовшахтоьхна 10 шо кхачарна лерина даздарш.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Федеральни некъийн агентствон куьйгалхо Старовойт Роман, Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитель – Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар, федеральни некъийн агентствон куьйгалхочун заместитель Астахов Игорь, Россин автомобилийн некъана урхалладаран меттигерчу органийн «Радор» цIе йолчу цхьаьнакхетараллин коьрта директор Баринов Игорь, иштта, Россин Федерацин автомобилийн некъашна урхалладаран федеральни а, регионийн а органийн куьйгалхой, оццу дийнахь Россин автомобилийн некъийн министерствон Iилманан-техникин талламийн а, информацица кхачояран а урхалло Соьлжа-ГIалахь «Некъан боламан кхерамазалла хилийтаран Iалашонца инновацин сацамех некъан бахамехь пайдаэцар вовшахтохаран мехала гIуллакхаш» темина лерина дIаяьхьначу Iилманан-практикин семинаран дакъалацархой.

Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитела – Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара хьешашна баркалла элира самукъане хилам шайца бекъа уьш республике бахкарна.

– Йоккха хан-зама яц дIаяьлларг, делахь а, республикин некъийн декъехь баьхнарш баккхий кхиамаш бу. Автомобилийн некъийн департаментан тIегIанехь бен тхаьш доцчу хенахь, дуьйладелира тхо республикин некъийн бахам меттахIотто а, кхио а. Халачу тIеман муьрах а, яккхий халонаш ловш, сийлаллица чекхбевлира некъашдахкархой.

2000-чу шарахь республикин куьйгалле веанчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин гIо-накъосталла бахьанехь некъашдахкархойн белхан хьелаш тоделира. Тахана а республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тергонехь ду некъийн дакъа, и бахьанехь кога а хIоьттира мнистерство, – билгалдаьккхира А.Тумхаджиевс.

Иштта, цо доцца дийцира дIабаханчу муьрехь оцу декъехь баьхначу баккхийчу кхиамех лаьцна. Цо дийцарехь, техкина, реконструкци йина 53 тIайна (3 000 километр хиллал йохалла йолу), 600 километр некъаш дехкина коьрта ремонт а, ремонт а йина иттаннаш тIайшна, эзар километр хиллал некъашна. А.Тумхаджиевс баркалла элира республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, Федеральни некъийн агентствон куьйгалхочунна Старовойт Романна а некъан дакъа кхиорехь гIо-накъосталла дарна а.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Р.Старовойтана а, семинаран дакъалацархошна а баркалла элира Нохчийн Республике бахка а, цуьнан проблемаш а, декхарш а довза а хан карорна а, уьш кхочушдарехь гIо дарна.

– Со тешна ву, Соьлжа-ГIала некъан кхерамазалла талларан майда санна харжар – иза Нохчийн Республикин некъийн декъо беш болу болх ларар а, къобалбар а хиларх. Шу дахкар, Нохчийн Республикин дахар шуна довзар а некъан боламан кхерамазаллин гIуллакхашна маьIне хилла ца Iа. Тхан кхиамаш а, оха дан леринарш а, кхузахь шайн бIаьргашца шайна гинарг а аш дIадийцича – иза тхуна боккха юьхькIам бу. Иштта, шун зеделларг а ду тхуна мехала, – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин дуьхьа гIуллакхаш дарна» мидалца совгIат дира Старовойт Романна, Баркаллин кехаташ делира Тумхаджиев Абубакарна а, «Радор» цхьаьнакхетараллин директорна Старыгин Игорьна а, федеральни некъийн агентствон куьйгалхочун заместительна Астахов Игорьна Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон бахаман юкъаметтигийн, бакъонийн а, кадрийн а белхан декъан хьаькамна Темирбулатов Аюбана а, Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон вовшахтохараллин белхан а, гIуллакхашлелоран а декъан хьаькамна Дикаева Аидина а.

Сийлаллин грамоташца билгалваьккхира №1 йолчу ГУДЭП-н директор Абдулкадыров Хьусайн а, «Спецтехника» ГУДЭП-н директор Аюбов Iела а.

Гулбелларш юбилейца декъалбеш вистхилира Старовойт Роман. Цо билгалдаьккхира, ша, къаьсттина автомобилийн некъийн министерство а йолуш, цунах дозалла дан йиш а йолуш Россин наггахь бен регион цахилар.

– Россин ерриге а регионаш яц иштта ша къаьсттина некъан бахаман министерство йолуш. Некъан бахаман гIуллакх лардаларал сов, иза кхидIа а кхио ницкъ кхаьчна Нохчийн Республикин, – элира Федеральни некъийн агентствон куьйгалхочо.

Р.Старовойта Р.Кадыровга дIаделира Россин Федерацин транспортан министерствон ведомствон совгIат «Губинин Петран мидал» а, Керчан хин декъехула транспортан дехьаволийла еш белхаш бечу хенахь, некъашдахкархошна карийна йолу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман заманахьлерчу минин гериг – билгалонан совгIат а.

«Транспортан объекташ ярна» мидалш елира цо Тумхаджиев Абубакарна а, цуьнан заместительна Темирсултанов Iаббасана а. Иштта, Р.Старовойта Россин Федерацин транспортан министран Баркаллин кехаташ делира ООО «Спецдорстрой»-н коьрттерчу директорна Солтамурадов Мохьмад-Эмина а, Веданан ГУДЭП-н директорна Пашаев Решитханна а, ООО «Спецдорстрой»-н говзанчина Идрисов Саламбекана а,  Итум-Кхаьллан ГУДЭП-н некъийн белхалочунна Зубайраева Лайсина а. Гулбеллачеран концертан программица самукъадоккхуш бара нохчийн эстрадин иллиалархой а, КВН-н командаш а, пачхьалкхан хелхарийн «Вайнах» ансамбль а, берийн хелхарийн «Башлам» ансамбль а.

Иштта, Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон 10 шо кхачарца йоьзна яра Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьна «Некъан боламан кхерамазалла ларъяран Iалашонца некъан бахамехь инновацийн сацамех пайдаэцар вовшахтохаран маьIне гIуллакхаш» темина лерина Росавтодоран Iилманан-техникин талламийн а, информацица кхачояран а урхаллин Iилманан-практикин семинар.

Цигахь дакъалаца республике баьхкинера пачхьалкхан ерриге а субъекташкара хьеший. Федеральни некъийн агентствон куьйгалхочун хьехамча Шеянов Павел а, Федеральни некъийн агентствон Iилманан-техникин талламийн а, информацица кхачояран а урхаллин хьаькам Каменских Александр а, иштта, кхиболу федеральни а регионийн а, хьаькамаш а.

Цкъа хьалха «Сийлаллин аллей» мемориалан комплексерчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха зезагаш дехкира хьешаша. Цул тIаьхьа семинаран дакъалацархой театран-концертийн зале белхан сессеш дIайоло бахара. Семинар схьайиллира Россин транспортан зIенах лаьцначу видеокийсакца. Цул тIаьхьа семинаран дакъалацархошка вистхилира Старовойт Роман. Цо дакъалацархойн болх беркате хилар шена лууш хилар а, некъан боламан кхерамазалла хилийтарехьа кхузахь дина къамелаш а, йовзийтина ойланаш а пайдехь хирг хиларх ша тешна хилар а хаийтира.

Тумхаджиев Абубакара билгалдаьккхира бинчу белхан жамIех ша дозалла деш хилар.

Семинарехь докладаш йира: некъан боламан кхерамазалла лакхаяккхаран Iалашонца инновацийн технологеш юкъаялорах а, автомобилийн некъашкахь тросан кертех пайдаэцарх а, лаьтта тIехуларчу гIашлойн дехьаволийлех пайдаэцарх а, кхечунах а лаьцна.

Россин некъийн бахаман хьолан рейтинган жамIашца Нохчийчоьнан некъаш тоьллачарах лерина. Хьеший хилира Къоьзан-Iома тIехь. Цаьрца цхьаьна вара Тумхаджиев Абубакар а. Дикачу битамех, ойланех буьззина хилира хьешаша бина некъ.

I.МУРТАЗОВ

№5, шинара, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: