Дийцаре дира республика кхиоран гIуллакхаш

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дIадаьхьира Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца а, цуьнан заместительшца а, иштта, министрийн кабинетан векалшца а.

Цигахь дийцаре дира республике инвесторш кхайкхаран а, цаьрца болх баран а гIуллакх. Гулбеллачара билгалдаккхарехь, республикин экономикин тайп-тайпана дакъош кхиорна лерина проекташ кхочушъяр меттигерчу Iедало говза менеджмент ярца доьзна ду.

Бинчу балхах лаьцна доклад а еш, вистхилира Эдельгериев Абубакар.

«Республикин бюджет тIеэцна яьлла лара мегар ду. Россин финансийн министерствоца и гIуллакх кхочушдеш ду тхо. Иштта, «кехатийн» йолчуьра вайн бюджет «терахьаш» тIеяккхар а ду дIахьош. Цунна жимма хан оьшур ю вайна», – элира цо.

Цул сов, цо билгалдаккхарехь, карарчу шарахь инвесторшца болх бан лерина ю Правительство.

«Ахь хIара шо Инвестицийн шо ду аьлла, дIакхайкхийна хиларе терра, Правительство лерина ю инвесторшца беш болу болх кхин а жигарабаккха. Цунах бюджетана пайда хилла а ца Iаш, бахархошна белхан меттигаш а хир ю. Тхо Германе дахарх аьлча, уггаре а хьалха билгалдаккха догIу Нохчийчохь масех завод ян а, республикера уггаре а йоккха технопарк кхион а барт хилла хилар», – дийцира Правительствон Председатела.

Иштта, цо хаийтира республике Россин Сбербанкан говзанчаш баьхкина хилар а, уьш Нохчийн Республикин Правительствоца цхьаьна, Нохчийчоь кхиоран стратеги хIотторехь къахьоьгуш хилар а.

«Карарчу а, тIебогIучу а масех баттахь оцу говзанчаша а, Правительствон векалша а къахьоьгур ду и стратеги кечъяран гIуллакхна тIехь», – билгалдаьккхира Эдельгериев Абубакара.

Кадыров Рамзанна хетарехь, республика дакъалаца хьажа еза федеральни проекташкахь а, программашкахь а.

«Республике шена оьшшучул ахча даккхийта хьовса деза вай. Хала болх бу и, делахь а, бан лиъча, балур болуш бу. Федеральни тайп-тайпана проекташ а, программаш а ю. Республике царна юкъахь дакъа а лацалур дара. Амма суна и, цкъачунна, гуш дац. ХIорамма а шен-шен болх бан беза, говза а беш», – элира республикин Куьйгалхочо.

ХьалхахIиттийна Iалашонаш кхочушъярехь менеджмент оьшуш хиларх а тешна ву Кадыров Рамзан.

«Инвестицийн шарахь оцу гIуллакхна къаьсттина тидам тIебахийта беза. Оьшуш хилахь, менеджментан говзанчаш а кхайкха, цаьрга вайн векалш а Iамабайта. Ахча даккха хууш хила дезаш ду вай. Леха, говзанчаш кхайкха, зеделларг лакхадаккха, тIаккха, цхьа а шеко йоцуш, вай дуьйцучух цхьаъ хир ду шуна», – билгалдаьккхира цо.

Инвесторш кхайкхар а, цаьрца болх бар а, иштта, менеджментан кадраш кечъяр а Правительствон вице-премьерана Хакимов Хьасанна тIедиллира республикин Куьйгалхочо.

«Инвесторшка школаш а, берийн бошмаш а яйта, некъаш дахкийта, тIайш тахкийта, кхидерг а дайта. Царна лаьий и гIуллакхаш дан – вай дуьхьал хир дац! Йолийна йолу проекташ чекх а яьхна, керла проекташ дIайоло хан а тIекхаьчна хIинца. Курорташ кхиоран а, туристаш кхайкхаран а, Iер-дахаран а гIуллакхаш а терго йоцуш дита мегар дац. Вайн дан дезарг дуккха а ду – коьртаниг, кIад а ца луш, болх бар а, шайн хаарш балха тIехь дIагайтар а ду», – дийцира Кадыров Рамзана.

Билгалдаккха догIу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир а, цуьнан заместитель Ахмадов ШахIид а, транспортан а, зIенан а министр Черхигов Рамзан а, дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал а, культурин министр Дааев Хож-Бауди а, могашалла Iалашъяран министр Сулейманов Эльхан а, кхиберш а хилла хилар.

И.АДАМОВ

№6, пIераска, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: