Кадыров Рамзана дакъалецира Нохчийчоьнан МВД-н коллегин кхеташонехь

Нохчийн Республикин МВД-н коллегин йоккха кхеташо хилира Соьлжа-ГIалахь.

Цигахь дийцаре дира бакъонаш ларъяран структураша 2017-чу шарахь бинчу оперативно-служебни белхан жамIаш а, карарчу шарахь бан леринчу белхан хьокъехь долу гIуллакхаш а.

Кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин МВД-н Къилбаседа Кавказан федеральни округан ГУ-н хьаькама Бачурин Сергейс, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, вайн республикин МВД-н министра Алханов Руслана, экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан секретара Усмаев Вахита, кхечу официальни наха.

Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра бакъонаш ларъяран органаша кхерамазалла а, юкъараллин къепе а хилийтарна кхачоярехь бинчу белхан. Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республика Россин субъекташна юкъахь уггаре а кхерамза а, аьтто болчарах а цхьаъ хилар.

«ДIадаханчу шарахь аш кхин цкъа а гайтира вайн республикехь кхерамазалла а, юкъараллин къепе а ларъярехь шаьш муьлхха а декхар кхочушдан кийча хилар. Iаламат боккха болх бина экстремизмана, терроризмана, уголовни зуламаш дарна, наркоманина, коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарехь, некъан-транспортан бохамаш хилар, делахь-хIета, некъашкахь кхалхар, лазор лахдарехь. Шун къинхьегам бахьана долуш, Нохчийчохь маьрша а, синтеме а хьал ду. Ас сайн а, нохчийн дерриге а халкъан а цIарах баркалла боху шуна аш бинчу балхана», – элира цо.

Цуьнца цхьаьна республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира бакъонаш ларъяран органашна хьалха лаьтташ чIогIа жоьпалле а, чолхе а декхарш хиларна. Уьш Нохчийчохь кхерамазалла Iалашъяран а, кхин а чIагIъяран а декхарш ду. Цо бакъонийн гIаролхошкара лоьху шаьш-шайн ца кхоош, болх бар.

«Вай цадезачарна лан хала ду Нохчийчохь синтеме хьал хилар, республика кхуьуш, зазадоккхуш хилар. Уьш кIеззиг долчу бахьанах а пайдаэца хьовсу хьал карзахдаккхархьама, кегари хилийтархьама. Хьаххийначуьра аьлча, вайн республикина массо агIор хаамийн тIелетарш ду тIетаьIIина деш. Даррехь харц дерг дуьйцу цара, доцург кхуллу. Гуш ду и болх беш болчарна кхузара хьал карзахдаккха лууш хилар. Амма вай цаьрга и дойтур дац. Вай муьлхха а кхерам юхатухур бу», – дIахьедира Р.Кадыровс.

Цо дийцарехь, герггарчу ханна долу уггаре а коьрта декхар ду бекарг (март) баттахь Россин Президентан харжамаш дIахьочу хенахь къепе а, кхерамазалла а хилийтарна кхачояр.

«Бекарг баттахь Россин Президент хоржуш харжамаш дIабахьар ду вайна тIехь. Иза чIогIа мехала хилам бу. Цунах доьзна хир ду вайн хиндерг. Кхаж тасар цхьа а новкъарло йоцуш дIадаха деза. Кхерамазалла а, юкъараллин къепе а уггаре а лакхарчу тIегIанехь хилийтарна кхачоян еза. Тешна ву, шу оцу декхарца кхиамца ларориг хиларх», – бохура Кадыров Рамзана.

Министра Р.Алхановс шен докладехь билгалдаьккхира леррина гIуллакхаш кхочушдечу хенахь, буьйцуш болчу муьрехь, гучу а яьккхина, Россехь йихкина йолчу дуьненаюкъарчу ИГИЛ террористийн организацин «набъечу ячейкех» йолу а, автономни а бархI тоба йохийна хилар. Иштта, хIаллаквина НВФ-н 18 дакъалацархо. Царах 2 церан «тхьамда» хилла.

Министра дийцарехь, дикка лахделла республикехь зуламаш дар. Кхеторан болх дIабахьар бахьанехь 17 процентана лахделла къоланаш, талораш дар.

Къаьсттина тидам тIебохуьйтура, Р.Алхановс чIагIдарехь, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедахкарш кхочушдарна. Уьш доьзна дара наркоманина дуьхьал къийсам дIабахьарца, некъан-транспортан бохамаш хилар лахдарца. Некъашца бохамаш хилар 14,2 процентана лахделла.

Кхеташонехь С.Бачурина «Хьуьнарш гайтарна» дагалецаман мидалшца совгIаташ дира Кадыров Рамзанна а, Алханов Русланна а.

Д.АНАДЕВ

№6, пIераска, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: