Соьлжа-ГIалара 50 гергга уьйтIе куьце ялор ю

2018-чу шарахь «Кхузаманан гIалин хьал кхоллар» программин гурашкахь 50 гергга уьйтIе куьце ялор ю Нохчийчоьнан пачхьенехь. Цу хьокъехь хаам бира Соьлжа-ГIалин мэран заместитела Садаева Миланас.

«Карарчу шарахь дукхапетарийн цIенойн 50 гергга уьйтIе куьце ялон дагахь ду. Иштта, юкъараллин меттигашна рейтинган кхажтасар а дIахьур ду мэрис. Хоржучу меттигашна юкъагIур ю, футболехула йолу дуьненан чемпионат тIекхочуш хилар тидаме а эцна, хьалххе кечъян езачех лерина йолу юкъараллин ши меттиг а – «Соьлжа-ГIалин хIордана» гонахара меттиг а, «Ахмат-Арена» стадионна тIебоьдуш болу Мухьаммад Iелин цIарах урам а», – элира М.Садаевас.

Цо дийцарехь, «Кхузаманан гIалин хьал кхоллар» программа кхочушъярна (цуьнан гурашкахь дIахьур бу лакхахь билгалбаьхна белхаш) федеральни бюджетера 200 миллион сом гергга ахча къастийна.

2017-чу шарахь Нохчийн Республикин пачхьенехь тойина дукхапетарийн 161 цIенна гонахара 82 уьйтIе а, юкъара барам 106 044 квадратан метр сов болу 4 парк а.

«ДIадаханчу шарахь тойинчу меттигашна юкъахь ю Иорданин паччахьан Хьусейн бин Талалан цIарах йолу парк а. Оханан (апрель) баттахь схьаелла леринчу цуьнан майда 6,4 гектар ю. Цигахь хир ю Соьлжа-ГIалахь дуьххьарлера скейт-парк, аьхкенан амфитеатр, спортан а, берийн а майданаш, садаIаран меттигаш», – дийцира Садаева Миланас.

Оццу программин гурашкахь кхочушйина кхин цхьа проект а – Соьлжа-ГIалара зезагийн парк. Цуьнан майданан юкъара барам 45 эзар квадратан метр бу. Чохь дIадийна зезагаш долуш, 467 эчиган конструкци а, 500 сов дитт а ду. Федеральни бюджетан ахчанан чоьтах ечу оцу паркана финансировани ярехь, дакъалоцуш яра Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионан юкъараллин фонд а.

А.ВАХАЕВА

№6, пIераска, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: