Соьлжа-ГIалин №14 йолчу гимназехь болх беш ю «Робототехника» кружок. Цуьнан декъашхоша, 5–7-чуй классашкарчу дешархоша дийцарехь, царна хазахета, урокаш чекхъевллачул тIаьхьа, техникин кружокехь цхьацца моделаш еш, шайн хаарш керлачуьнца тIедузуш а, шайн куьйга йинчу моделаша болх беш хьожуш а, уьш кхечарна йовзуьйтуш а.
Ишттачу гIуллакхехь царна гIо деш ву гIалин «Технически центран» векал, кхин тIе долчу дешаран хьехархо Байхаджиев Апти.
– Шен гIуллакх дика девзаш а, берашна керланиг Iаморехь зеделларг долуш а ву Апти, – дийцира №14 йолчу гимназин директоран заместитела Махмаева Маликас. – Дукха хан яц, техникин декъехула кхиамаш болчу кхечу регионашкарчу кегийрхошца цхьаьнакхета а, технологин дуьненахь долу керланиг довза а йолчу Iалашонца, бераш эцна Апти Владикавказе вахана а.
Маликас дийцарехь, берийн таро хилира шайн моделаш гайта а, шаьш санначу кегийрхойн моделаш йовза а, доттагIаллин уьйраш таса а.
7-чу «А» классерчу дешархочо Эльбукаев Сайд-Эмис дийцира, шаьш кружокехь кIиранах кхузза, Iуьйранна школера дешар чекхдаьлча, вовшахкхеташ хилар а, шаьш и денош тIекхачаре сатуьйсуш хилар а.
– Дуккха а керланиг Iамийна тхуна Апти Зураповича, – дуьйцу кIанта, – хууш ма-хиллара, хийла хила йиш яц аьлла хеташ йолу фантастикин ойланаш йогIу адамийн коьрте. Тхан хьехархочо оцу ойланех пайдаэца безар дуьйцу тхуна. «Тахана тамашийна хетарг, кхана доцуш цатерг хуьлий дIахIутту, шайн уггаре а аьрхачу ойланех пайдаэца Iама», – хIоразза а олу цо. Ишттачу ойланех пайдаэцаро кхоьллина дуьнентIехь хIаваан а, хин а кеманаш, стратегически мехалла йолу герзаш, телефонаш, иштта дIа дуккха а керла хIуманаш. Тхан кружокехь оха пайдаоьцу роботаш яран технологех. Тхан ойла ю роботаш адамашна дахарехь накъостий хир йолу гIуллакх дан. Мел дика хир ду, хьайн дан дезарг роботе «дIа а аьлла», цо иза кхочушдечу юкъанна хьо паргIат хир ву! – шеко йоцуш боху кIанта.
Хууш ма-хиллара, къоналла иштта сихха, даккхий гIуллакхаш кхочушдан ойла йолуш хуьлу. Дала аьтто бойла церан шайн ойланаш гIуллакхе ерзо.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан сурт