Германин къепе хьесапе эцча чIогIа тамашийна а хеталуш бохам хилла оцу махкахь. Вовшахкхетта хIаваакема а, вертолет а. И бахьана долуш 4 стаг кхелхина. Нуьцкъаллин структурийн а, бакъонаш ларъяран а органийн белхахоша дIахьош ду бохам хиларна бехкениг къасторан гIуллакхаш.
***
Колумбин къилбаседерчу декъехь бевзаш боцчу зуламхоша, цхьана бара чу а лилхина, герзаш диттина. Цигахь лаххара а 7 стаг кхелхина, масех стагана чевнаш хилла. Бакъонаш ларъяран органийн белхахой тIекхачале зуламхой къайлабевлла. Уьш лохуш бу.
***
Iамаркехь тIаьхьарчу хенахь кест-кестта нисло школашкахь герзаш деттар. Иштта, стомара а диттина цхьана школехь герзаш. И бахьана долуш 1 стаг кхелхина, 5 дешархочунна чевнаш хилла. Зулам дарна бехке волчун, цкъачунна, цIе йоккхуш яц. Полицин белхахоша дIадолийна таллам барца доьзна гIуллакхаш.
***
ГIажарийчоьнан хIордан-тIеман ницкъийн Iамораш дIадаьхьна хIокху деношкахь. Уьш дIахьочу хенахь дуьххьара зийна тIемаш долу «Къадир» ракета. Мехкан оборонин министерствон векалша чIагIдарехь, зер кхиамца чекхдаьлла. Цу тайпанчу ракеташца кхачойийр ю тIеман цхьамогIа хIордакеманашна.
***
Хонкаран эскарша Шемарчу Афринехь тIеман операци дIаяхьарехь курдийн бIеннаш цIенош дохийна, доккха зен дина халкъан бахамна. Уггаре а лазамениг ду бIеннаш маьрша нах хIаллакбеш хилар, эзарнаш бахархой, шайн кхерчаш битина, тIамах бевдда, кхечанхьа дIакхелхаш хилар. Оцу белхамечу хьоле ца хьоьжуш, тIеман операци дIахьош бу Хонкаран куьйгалхой.
***
Косово пачхьалкхан полицин белхахоша хIокху деношкахь талламаш бечу хенахь школашкахь доьшуш болчу дешархошкара схьаяьккхинарг, ерриге а цхьаьна лерича, 62 кийла марихуана наркотик ю. Цу тайппана талламаш кхул тIаьхьа а дIабахьа дагахь ю полици. ХIунда аьлча, кегийрхошна а, кхиазхошна а юкъахь чIогIа яьржаш ю наркомани. Къаьсттина лазаме ду наркотикашка зудабераш а, мехкарий а марзлуш хилар.
***
Дукха хан ца йисина Къилба Корейхь 2018-чу шеран Iаьнан Олимпиада дIайолаяла. Цигахь дакъалаца лууш болчу Россин спортсменийн вовшахтоьхначу командина рогIера тохар дина Дуьненаюкъарчу олимпийски комитето. Цо, цхьа а бахьана а доцуш, оцу ловзаршкахь дакъалацар дихкина вайн махкарчу тоьллачу спортсменашна. Царна юкъахь бу биатлонисташ, лыжникаш, хокеисташ, куьцехь конькеш хахкархой, кхиберш. Даррехь харцо ю вайн спортсменашца лелош ерг.
***
Евросоюзо Россица йолу юкъаметтиг а, политика а ца хийцахь цунна налог ца яла дагахь ю Росси. Нагахь санна Россис налог ца луш хьал хилахь Евросоюзан бюджет 30 миллион еврона лахлур ю. Иза хIумма а кIезиг ахча дац. Цундела Россига налог ялийта гIерташ мекарлонаш лелон гIерта оцу союзан куьйгалхой.
***
Россин Президент В.Путин хIокху деношкахь ГIезалойчохь а, Башкортостанехь а хилира. Цуьнан цхьаьнакхетарш хилла меттигерчу Iедалан векалшца а, бахархошца а. Мехкан Куьйгалхо хьаьжира дуьненахь а уггаре а доккхачех долчу ТУ–160 М кемане. В.Путина кхеташо дIаяьхьира производствона диверсификаци яран хьокъехь долчу гIуллакхашкахула.
***
ЧIогIа шийла даьхкина хIара денош Иркутскан а, Сахалинан а областашкахь, Алтайн крайхь. Къаьсттина шийла хуьлу буьйсанашкахь. Температура стомара цхьаццанхьа – 50 градусал а охьаяьллера. Мел шийла елахь а, бахархой чохь совцуш бац. Уьш болх беш а, садоIуш а бу, шелонах озабелла Iаш бац.
***
ДIадаханчу 2017-чу шарахь Россехь яйн машенаш арахецар 21 процентана алсамдаьлла. Оцу шарахь, заводашкахь ян а йина, арахецна 1,4 миллион сов яйн машен. Уьш вайн махкахь а, дозанал арахьа а дIайоьхкина. Кхиаран боларш лах ца деш, болх бан ойла йолуш бу машенашъярхой хIокху шарахь а.
№6, пIераска, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2018 шо