Халкъан иэсехь яха йисина цIе

Шо кхечи Нохчийн Республикин халкъан артист Эльмурзаев Бека вайна юкъара дIавахана. Иза дагалоцуш, цуьнан сий-ларам беш, суьйре дIаяьхьира Нажин-Юьртан №8 йолчу гимназехь.

Суьйренехь дакъалоцуш вара: кIоштан куьйгалхо Селимханов Султан, кIоштан администрацин социальни политикин, спортан отделан куьйгалхо Черезбиева Асет, Россин МВД-н Нажин-Юьртан кIоштахула йолчу отделан хьаькаман заместитель Селимхажиев Рамзан, Шовхал-Бердара вахархо Жабраилов ХIарон, Бекин ваша Мохьмад йиша Саибат, кIант, Самарин областан Тольятти гIалин полицин урхаллин хьаькаман заместитель Эльмурзаев Бекмирза, кхиберш.

Шен къамелехь Селимханов Султана билгалдаьккхира: – Вайн республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а дика вевзаш вара Нохчийн Республикин халкъан артист Эльмурзаев Бека. Дийца ца оьшуш, вайх хIораммо а дозалла дора цунах. Кегийчарна а, баккхийчарна а дукхавезара Бека. Ша хаьржинчу некъана тешаме хилла, адамийн самукъадоккхуш, гIиллакхах, оьздангаллех ца вухуш, нахаца ваза хууш, схьавеара иза.

Шатайпана башхалла йолуш ду Эльмурзаевс даьхна а, дIаолуш а хилла иллеш. Царах муьлхха дIа аьлча а, ладогIархочун бIаьрхьалха хIуьтту таханлерчу дахаран суьрташ, дIаихна жималлин шераш, дог-ойла айъало. Цуьнан иллеша боккха тIеIаткъам бо къоначийн синкхетамна.

Шен къамел дерзош, хаза кхаъ баьккхира С.Сулеймановс. КIоштахь деш долчу Культурин цIенна Эльмурзаев Бекин цIе тилла сацам бина кIоштан депутатийн кхеташоно.

Бекин доттагI хиллачу Жабраилов ХIарона дийцира Эльмурзаев Бекин дахаран некъах, шаьшимма еххачу хенахь лелийначу гергарлонах лаьцна.

– Дуккха а совгIаташ дина артистана республикин культура а, искусство а кхиорехь жигара дакъалацарна, – элира цо. – Цу юкъахь ю исбаьхьаллин самодеятельностан Ерригсоюзни, кхийолчу фестивалашкахь, хьажаршкахь толамаш бахарна елла йолу Сийлаллин грамоташ, дипломаш. Кхин хIумма а ца хилча, Гуьмсе гIалахь петар луш, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан сий-ларам баро а гойту Бекас къоман культура кхиорехь бинчу белхан маьIна.

Суьйренехь къамелаш динчу Черезбиева Асета, Эльмурзаева Саибата, Селимхажиев Рамзана билгалдаьккхира Эльмурзаев Бека балха тIехь шен берриге а ницкъ, хаарш пайдечу, массарна а оьшуш долчу гIуллакхашна дIалуш чекхваьлла хилар. Куралла яцара цуьнца. Иза цхьатерра велавелла, векхавелла хуьлура массаьрца а. Хетарехь, цигара схьахилла хир ду адамийн цуьнга болчу лераман хьоста.

КIоштан Культурин цIийнан «Ламан аз» ансамблан декъашхоша, гимназин дешархоша Эльмурзаев Бекас даьхна иллеш олуш, дIаерзийра суьйре.

Хьешашна а, суьйре вовшахтохарехь дакъалаьцначарна а даггара баркалла олуш, йистхиллачу гимназин директора Сабуралиева Йиситас кхин цкъа а билгалдаьккхира шен къоман дуьхьа къахьегнарш даима а оцу къоман иэсехь буьсуш хилар. Иштта, нохчийн къоман культурин исторехь яха йисина Эльмурзаев Бекин цIе а.

И гIуллакх вовшахтохарехь, дIадахьарехь жигара дакъалецира гимназин берийн кхоллараллин коллективан куьйгалхочо З.Ахматхановас, берриге а хьехархоша а.

Н.ДАУДОВ

№6, пIераска, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: