Нохчийн барта кхолларалла

ТIехьийза йоI зер

Мацах цкъа цхьана йоIана тIехьийзаш хилла цхьа кIант. Яхар-ярна тIе шайн гIуллакх даьлча, и йоI зен, цуьнга хаттар дина бохура кIанта, шаьш синкъераме нисделча: – Тахана цхьана нехан цIен тIехь хьо хилча, хьуна бехке волу виъ стаг – да, деваша, марда, мардеваша – говрашкахь уьйтIа хIоьттича, царах муьл-муьлха хьалха воссор вара ахь говрара? – аьлла.

Ела а елла, йоIа иштта жоп делира боху: – Марда лерина мардеваша а воссор вара, да лерина деваша а воссор вара. И шиъ охьавуссучу хенахь шаьшшиъ гIорийна вацахь, важа шиъ а вуссур вара-кх.

Хьекъал долуш а, забар хууш а йоI ю хIара-м аьлла ялийна боху иза кIанта.

Яхь

Хьалха заманчохь цхьа стаг хилла ирхъуллуш. Цуьнга хаттар дина: – Ала хIума дуй хьан? – аьлла.

Вистхилла стаг: – Суний бен мичахь ду ца хууш, сайн берашна гулдина ахча дара сан, и мичахь ду а аьлла, со схьаваллалц сан метта дIахIотта стаг хилча, доккха гIуллакх хетар дара суна, – аьлла.

Массо а адам дIатийна хилла. ТIаккха цхьа стаг вистхилла: – Со хIуттур ву-кх хьо схьаваллалц хьан метта дIа, – аьлла.

Стаг дIавахийтина цо, цуьнан метта ша дIа а хIоьттина. Шена еллачу хенал хьалха схьавеана вен кхиэл йина хилла стаг. Суьдо хаттар дина цуьнга: – Хьо ма сиха схьавеа, хьо веддехь а, тхуна хьо карор а ма вацара?

Жоп делла оцу стага: – Со муха ца вогIу схьа, суна вевзаш стаг ма вацара сан метте дIахIоьттинарг. Со схьа ца веанехь, и ирхъуллур ма вара.

ТIаккха суьдо ша йина хилла кхиэл хийцина боху: – ХIара санна къонахий вай хьалаохкахь, вайна юкъара тешам дIабер бу, – аьлла.

Вист цахиларо бина тIеIаткъам

Дай, кIанттий хилла шайн декъана гонаха зIаран (юьйцина) керт еш. Керт мелла а шайн дозанал арахьа узуш еш хилла. Цхьа гIуллакх а хилла, урамехула тIехволучу моллина гина иза.

Вист ца хуьлуш, тIехваьлла дIавахана иза. ТIаккха дас шен кIанте хаьттина: – Моллас хIумма а эларий? – аьлла.

– Иза вист ца хилира, – аьлла кIанта.

– Вовшахъяккха керт. Хьалха хиллачу метте чуоза иза, – омра дина дас.

Ша хила еззачухула керт еш хилла и шиъ молла, шен гIуллакх чекхдаьккхина, юхавогIучу хенахь. Саца а сецна: «Ирс долуш хуьлда шун!» – аьлла, вистхилла молла.

ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ

№6, пIераска, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: