Iаьнан муьрехь кхерам ца хилийта…

Iаьнан муьрехь цIерш йовлар а, некъашца, хишца бохамаш хилар а лахдаран лаамца Нохчийчохь цхьамогIа гIуллакхаш кхочушдеш бу чрезвычайни хьолан урхаллин говзанчаш а, белхахой а. Ша аьлча, Р-217 боккхачу некъан уггаре а кхераме ю аьлла хетачу меттигашкахь Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллин мобильни посташ дIахIиттийна.

Оцу ведомствон хьаькаман заместитела Абдулвахабов Расула дийцарехь, цу тайпана гIуллакхаш дар юкъадаьккхина некъан-транспортан я кхин бохам хилча сихонца цига дIакхачаран а, орца оьшучунна мелла а сиха гIо даран а Iалашонца.

– ЦIеяйъархошна а, орцах боьлхучарна а кхачо йина лерринчу техникица а, гIирсашца а. МЧС-н белхахошкахь ду хьалхара гIо дарехь эша тарлуш долу молха-маха а, кхиболу гIирсаш а, – бохура Р.Абдулвахабовс.

МЧС-н белхахошца юххера зIенаш латтош белхаш беш бу Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствон белхахой а, говзанчаш а. Цара дерриге а некъаш дикачу хьолехь латтадо. Некъаш тIера ло дIадоккху. Некъашна шахьаьхча – гIум тосу.

«Оцу белхашна оьшу техника кхачам боллуш ю. Муьлххачу минотехь а некъаш тIехь бан безачу белхашна кийча бу белхалой», – хаам бо министерствон пресс-службехь.

Некъашкахь кхерамазалла хилийтарехь хIокху Iаьнан шийлачу муьрехь а мехала маьIна леладо республикин Госавтоинспекцин белхахоша. Дийнахь а, буьйсанна а сема гIарол деш бу уьш. Некъан-боламан бакъонаш талхочаьрца бина ца Iаш, оцу боламехь дакъалоцуш болчаьрца а кхеторан болх дIахьо цара.

Цуьнца цхьаьна МЧС-н белхахоша боккха болх дIахьо министерствийн, ведомствийн, тайп-тайпанчу организацийн, предприятийн, учрежденийн векалшна Iаьнан муьрехь йовхо луш болчу, чоьнаш йохъеш болчу гIирсех нийса пайда муха эца беза дуьйцуш, бохам цахилийтархьама ларъян еза бакъонаш йовзуьйтуш.

– Регионерчу бахархошца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь дуьйцу цIеяларна кхерам цахилийта муха, хIун дан деза. Царна дагайоуьйту оцу декъехь лар ца йича ца йовлуш йолу бакъенаш. ДIахьедо, хьокъала йоллучу организацийн бакъо йоцуш, шайн лаамехь газ, электросерло цIенош чу таса мегарг цахилар. Дуьйцу дуккха а кхечунах лаьцна а, – бохура ЦIе ца ялийтарна тIехь терго латторан Нохчийчоьнан пачхьалкхан коьртачу инспекторан заместитела Залаев Ризвана.

Цхьана а дийнахь тидамза дуьтуш дац вайн регионера хиш а, Iаьмнаш а МЧС-н белхахоша. Яртийн а, кIоштийн а администрацийн векалшца цхьаьна леррина белхаш бо хиш тIехь а, Iаьмнаш тIехь а бохамаш ца хилийтарна тIехьовсийна.

– Хиш тIехь лацабелла ша кагбаларна чIогIа кхераме бу. Цундела школашкахь леррина дарсаш дIахьо оха бераш ша тIе довларх лардеш. Иштта, берашна Iамадо Iаьнан муьрехь хиш тIехь муха лела деза, бохамах муха лардала деза, – бохура ведомствон объекташкахь кхерамазалла хилийтарна кхачояран отделан хьаькама Алхаев Iалавдис.

Цу тайппана, вайн республикин экстренни службаш кийча ю хила тарлуш болу бохам юхатоха, иза ца хилийтарехьа гIуллакхаш дан. Дийнахь а, буьйсанна а само еш бу оцу службийн белхахой.

Орца оьшуш хьал хилахь, Дала ма хуьлуьйтийла иза, 101 номерца телефон тоха. Уьш хьем ца беш дIакхочур бу. Некъашца дIасадоьлхуш вайх дукхах болчеран тидам хилла хир бу даккхийчу некъийн йистошца дIахIиттийначу цIеяйъархойн а, МЧС-н а машенийн. Уьш бу уьш кхерам ца хилийта дийнахь а, буьйсанна а гIаролехь лаьтташ болу МЧС-н белхахой.

Хь.САИДОВ

№6, пIераска, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: