Зуламечу некъах бераш лардеш…

Хууш ма-хиллара, вайн республикин берийн библиотекехь берийн книгаш ешаре марзо кхоьллина ца Iаш, могашчу Iер-дахаре кхойкхуш, терроризмана а, экстремизмана а профилактика яран болх дIахьо.

Оцу декъехь кест-кеста цхьаьнакхетарш вовшахтуху. Кхоллараллин суьйренаш а, яздархошца цхьаьнакхетарш а, конкурсаш а йина ца Iаш, карарчу хенахь уггаре а лазамечу а, сагатдечу а теманашна лерина, масала: «терроризм а, экстремизм а», «наркомани – зулам» цхьаьнакхетарш вовшахтоьхча къаьсттина дика хета. Цигахь дакъалаьцначу, шайна дечу хьехаршка ладугIу бераша и доккха хIума а ду.

Хаза ламаст хилла схьадогIуш ду, берийн библиотеко Соьлжа-ГIаларчу школашкахь кегийчу берашца цхьаьнакхетарш дIадахьар. Иштта, дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу №7 йолчу школехь берийн библиотекин белхахочо Зармаева Залинас 8-чу классан дешархошца «Обвиняется терроризм» аьллачу темина лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Уггаре а хьалха, берашна йовзийтира терроризм юкъаяларан истори. Истори йийцарал сов, оцу терроризман ирчачу тIаьхьенех лаьцна а дийцира цо.

– Жимачохь хоржу дукхах долчу бераша шайн дахаран некъ. Дай-наноша хала а, атта а мел оьшург латтош кхиош долу бер цхьана дийнахь зуламечу тобанех дIа а кхетта, церан новкъа даьлча, оцу дайн-нанойн къа стенга даха деза?! Церан мел къа ду. Шаьш ца кхоош, дерриге а доьзалан дуьхьа бохуш, къахьоьгучу церан къа ду-кх. Шун коьрта Iалашо – дика дешар, кегий долччуьра пайдехь мел долу диканиг, хьекъалениг Iамо хьовсар ю. Жимачохь Iамийнарг иэсехь дуьсуш ду. Дахаран новкъа довлучу хенахь шуна оьшур ду и хаарш. Кест-кеста хеза вайна терроризмах а, экстремизмах а лаьцна дуьйцу ирча хIуманаш. Харцновкъа ваьллачун хIун тIаьхье хуьлу а ца хууш дац вай. ТIаккха оцу новкъа а ваьлла, дакъаза муха вера ву?!, – бохура цо.

Дешархоша шайн кхолладелла хаттарш а дора. Иштта, З.Зармаевас «Антитеррор» а, «Это должен знать каждый» а цIерш йолу буклеташ йийкъира берашна.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Библиотекарь Зармаева Залина а, дешархой а

№6, пIераска, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: