ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Итон-Кхаьллан кIоштахь схьайиллира берригемуьрийн туристийн-садаIаран «Ведучи» курорт. Иза схьаелларан даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев, цуьнан хьалхара заместитель Байсултанов Одес, бевзаш болу политикаш, культурин гIуллакххой, спортан тайп-тайпанчу кепашкахь олимпийски ловзарийн а, дуьненан а, Европин а чемпионатийн а совгIатхой Шалимов Виктор, Макаров Алексей, Костомаров Роман, Маринин Максим, Костомарова Оксана, Петрова Мария, Тихонов Алексей, Таймазов Артур, кхиберш.

Гулбеллачаьрга маршалла хаьттинчул тIаьхьа, къамелаш дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Кузнецов Лева а, цIеяхханчу цхьамогIа спортсменаша а.
– ХIара, кхидIа а бан безачу боккхачу некъан юьхь бен яц. Кестта кхузахь хир бу Россехь шех тераниг кхин боцу канатан некъ. Цо ламанан ши басе вовшахтосур ю. Дикка шорйина къилбаседа агIор йолчу басахь йолу хахкаваларан зона. «Ведучи» дуьненан тIегIанан проект ю. Россин Федерацин бахар- хошна евзина ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкахь а евзаш курорт иза хирг хиларх тешна ву со, – элира Кадыров Рамзана.
– ХIара гIуллакх чекхдериг хиларх шеко йолчарна юкъахь со а вара, кхуза валлалц и хила тарлуш хIума дац аьлла а хетара суна. Делахь а, кхо шо хьалха, хIокху башхачу, исбаьхьачу метте валийра со кхолламо, тIаккха со баккъал а кхийтира, и болх дIабахьа оьшу таронаш а, нуьцкъалла а кхузахь хиларх. Цкъа хьалха яккхий яцахь а, юха шорлучу, ишттачу курорташа тайп-тайпана хенаш йолчу адамашна таро ло спортах пайдаэца а, спортан керла кепаш караерзо а, – билгалдаьккхира Л.Кузнецовс.
Иштта, шозза олимпийски чемпионка а, цхьайттазза дуьненан чемпионка а, синхронни некадарехула пхоьазза Европин чемпионка а йолчу Шишкина Аллас билгалдаьккхира курорт схьаеллар Нохчийчохь спортан Iаьнан кепаш кхиорехь яьккхина йоккха гIулч хилар. Дуьненан чемпион а, куьцехь конькеш хахкарехула шозза Европин чемпион а волчу Тихонов Алексейс хаийтира республикехь керла чемпионаш бовлийла шена лууш хилар.
Хьеший курорте хьаьвсира, царна, иштта, йовзийтира курорт кхиорехь хьалхахIиттош йолу Iалашонаш. Хьешашна лерина кхузахь болх беш яра интерактивни майданаш. Цигахь массеран а аьтто бара пхьеран а, кхийра пхьегIаш яран а, кIади даран а, дечиг агаран а мастер-классашкахь дакъалаца а, кийча совгIаташ эца а, къоман кхачанийн чам баккха а, канатан некъ схьабелларехь дакъалаца а.
Канатан некъ схьабиллира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Кузнецов Лева а.
Цул тIаьхьа дIаяьхьира Нохчийн Республикин Культурин министерствос кечйина йолу «Эдельвейс. Кхузахь кхоллало легенда» цIе йолу концертан программа а, мотошоу а, сноубордистийн шоу а.
Курортан коьрта билгало – «Эдельвейс» олу арт-объект хьалалато бакъо елира Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу мнистран хьалхарчу заместительна Байсултанов Одесана. Даздарийн чаккхенехь серлонан шоу а, шатлакхаш а хилира.
Таханлерчу дийнахь берригмуьрийн туристийн-садаIаран «Ведучи» курортехь канатан некъ а бу, цхьа километр беха искусственни лохилийтаран система йолу ламанан-лыжанийн некъ а бу, конвейеран хьалаойъург йолу берийн парк а ю, садаIаран жигарчу кепийн сервис-туш а ю, инструкторийн школа а ю, ламанан-лыжанийн гIирсана прокат а, ремонт яран пункт а ю, гараж а, автомобилийн некъ а, 234 меттигана лерина машенаш дIахIиттайойла а ю.
Цул сов, хIокху шарахь кхузахь дIаболийна къилбаседа басенан хьалхарчу муьран объекташна проекташ хIиттор. И проекташ 2019–2020-чуй шерашкахь ян лерина ю. Цо мелла а шорйийр ю курортан къилбаседа басехь йолу хахкаваларан зона, иштта, аьтто бийр бу кхидолу канатан некъаш а, цаьрца цхьаьна йолу инфраструктура а гIуллакхна юкъаяло.
Проектан гурашкахь дахка лерина ду тайп-тайпанчу тIегIанийн чолхалла йолу 16,5 километр йохалла йолу ламанан-лыжанийн некъаш, иштта йийр ю некъа тIехь доцучу хахкаваларан кхо зона, буьллур бу ворхI канатан некъ.
Курорт яран белхаш дIабоьрзур бу 2025-чу шарахь. ХIора шарахь «Ведучи» курортан йиш хир ю 4 800 хьаша тIеэца.
I.МУРТАЗОВ
№7, шинара, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2018 шо