ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Даздарийн «Сафия» цIийнехь гулбеллера нохчийн эстрадин берриге а векалш. Цигахь дIадаьхьира «Къоман пхиъ – 2017» проектан толамхой билгалбахаран гIуллакх. Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Проектан 8 номинацехь финале бевлла болу тоьлла эшаршлакхархой «Грозный» радион ладогIархоша SMS-харжамехь къастийна бара.
Цара бинчу харжамца нийса а догIуш, «Прорыв года» номинацехь туьйлира Дакаев Беслан, ткъа Исмаилов Ризавди – «Певец года» а, Хаджимурадова Радима – «Певица года» а номинацешкахь.
«Национальный хит» номинацехь «Ахьмад-Хьаьжа» иллица туьйлира Эсамбаев Iийса. Хоран коллективашна юкъахь уггаре а тоьлла лерира «Фирдаус» ансамбль.
«Народное признание» номинацехь тоьлларг ву аьлла, Гадаев Валид къастийра радиоладогIархоша. Нохчийн Республикин халкъан артисткина Алиева Рашанина «Приз зрительских симпатий» аьлла долу совгIат кхечира.
Проектан «Гран-При» совгIатхо республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша йовзийтира – Нохчийн Республикин халкъан артистка Муртазова Элина.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана проектан совгIатхой а, толамхой а декъал а беш, доккха баркалла элира вовшахтохараллин комитетан векалшна.
«Вайн эстрадина уггаре а мехала болчу хиламех цхьаъ бу таханлераниг. «Къоман пхиъ» проект вай дIахьош ю тIаьхьарчу иссех шарахь. ХIокху проекто гIо до вайн культура, Iадаташ, ламасташ кхиорехь. Уьш ца хилча, вай халкъ долчуьра дIадевр ду. Цундела, ас даггара баркалла боху хIокху проектан вовшахтохараллин комитетан векалшна а, вайн культурина саготта мел волчунна а», – элира цо.
Иштта, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Нохчийчохь культура а, дахаран кхидолу дакъош а кхиорна мел оьшуш долу хьелаш кхоьллина хилар.
«Таханлерчу кхиамашка вай кхочург хиларх цхьа а ца тешаш хенаш яра. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен некъ дIаболочу муьрехь цунах а, цуьнан некъах а ца тешара. Амма тахана вайна гуш ду цо лелийнарг эрна хилла цахилар. И бахьана долуш, вай кхиийна культура, спорт, экономика, кхидолу дакъош», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Чаккхенехь республикин Куьйгалхочо Байкаев Мурадана «Нохчийн Республикин халкъан артист» цIе елира, ткъа Дакаев Бесланах а, Баймурзаева Русланах а «Нохчийн Республикин хьакъболу артисташ» хилира.
И.ХАСАХАНОВ
№7, шинара, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2018 шо