Дика нана, доьналла долу нохчийн зуда

IMG_0949

Даима а къовламе, муьлххачу а гIуллакхана  кийча, цаларорна, цакхиарна кхерарна садаIар а, синтем а боцуш, шен дахар ша иштта харжарна, минотана а дохко ца йолуш, мелхо а, алссам дан, ассам ган, массанхьа а кхиа гIерташ таса а елла йоллу Хасуева Кумира, йийцира тхуна Iалхан-Юьртахь масаллин доьзал бовза лаар хьахийча. Кхеташ дара, 12 эзар гергга вахархо вехачу нохчийн ширачу юьртара: «Мила эр дара-а?», – бохуш, ойланаш ца еш, дIахоттушехь цуьнан цIе яккхар, лаа доцийла. Бакъдерг аьлча, Iалхан-Юрт сиха кхуьуш йолу дела, тхаьш цхьана гIопе дуьгур ду моьттучу тхуна а харцо хилира. ХIинца а тIеман лараш дIайовлаза йолу Кумирин ков-керт, хьал-бахам гича, тхо кхийтира, тхаьш нийса даьхкина хиларх.

1943-чу шеран 1-чу январехь йина Кумира, дуьненахь рицкъа хиларна дийна йисира Казахстане боьдучу халачу новкъахь а, цигахь даьккхинчу 13 шарахь а. 15 шарера яьллера иза шайн юьртахочун Хасуев Шамхин цIентIе йогIуш. Шен деа берах дисина кIант-йоI далош Казахстанера цIа еана Шамхин нана Рукъа а яцара дуьненах дика эцна. Ткъа кIантана хорам хуьлура шен да  дагавеача. Соьлжа-ГIаларчу химзаводехь  балхахь волу Хасуев Iиса, шен лаамца тIаме вахара 1941-чу шарахь Даймехкан Сийлахь-боккха тIом болабелча.  Иза дIавоьдучу дийнахь, Iалхан-ГIалин дукъа тIекхаччалц уьдуш, сахаьдда, шен дена тIаьхьаидира 8 шо долу Шамхи. Шена тIекхаьчча, хIара хьаста а хьаьстина, цIа хьажийра дас.

КIант дукха лерина велхарна, деца болчу накъосташа аьллера, тIом тахана чекхболуш ма-бацара, тIаккхахула гIур ву хьо, тахана юзаверзахьа. «Хаза-м хир вара со, кIантана тIаьхьа а ваьлла, тIаме воьдучуьра юхавирзича», – аьлла, Iиса дIавахар ца лалора кIанте. «Iисина тIаьхьавоьлхуш, оцу гу тIе со хьалавалар цкъа а ца диц ло-кх», – олура берийн дас, гIийла регIан дукъе бIаьрг а тухий. Кхин шаьш гур доцийла даго хьоьхуш хилча санна, доггах вилхира иза цу дийнахь. Цул тIаьхьа, да воцуш кхиинчунна нислуш болчу эшамел сов, Iиса тIепаза вар, хIун хилла а, мичахь дIавоьллина а цахааро дог дохийна латтадора цуьнан.  Кхин шен берийн дех хилларг хIун ду ца хууш, махкахдохучу Iуьйранна шина кIантаца, шина йоIаца  новкъаяьлла Рукъа а цхьа кIант, йоI цигахь дIа а доьллина юхайирзира…

«1958-чу шеран 29-чу майхь яьлла со кху керта, – дагалоьцу Кумирас, – дIадаьлла 56 шо, иза кIезиг зама яц. Оцу шерийн локхаллера охьахьаьжча, халачу дахарх чекхъяла дезча санна, хета суна. Амма иза дахар хиларан ойла йича, халонца, аттонца, дикачуьнца, вочуьнца ийна, доьзна иза хила дезийла хаьа. Дерриге а дика долуш хила йиш яц дахар. Цхьана дийно а бохьу хийцамаш. Цундела, цхьа а хамталла яц сан дIадевллачу шерашца, кхета, суна иштта хила доьгIна хилла. ЮхаметтахIотточу республикехь дацара  атта  амма коьртаниг, тхо тхайн махкахь дара, бан болх бара, цунна схьалуш ял яра, могаш-маьрша кхуьуш доьзал бара».

Кумира 12 беран нана хилла. Цо кхиийна 7 кIант, 5 йоI. Цуьнан 35 шо долуш «Нана-Турпалхо» мидалца совгIат а луш, билгалдаьккхира цуьнан хьуьнар. «Алхан-Юртовский» совхозехь механизаторан болх беш вара доьзалан да. Латта охуш, ялта дIадуьйш, иза чудерзош, цкъа а чаккхе йоцучу балхахь волчу шен хIусамдеца ялта дIаден а, совхозехь кхин белхаш бан а, чохь-кертахь оьшург дан а, беш а, даьхни лелон а, доьзална оьшучунна гIаролехь латта а ларайора Кумира. Баккъал а доьналла, хьуьнар долуш яра иза. ХIинца а ю-кх. Цаьргахь хиллачунна го иза.

«Дуккха а доьзал бина, уьш мацалла бала, тIехь-когахь доцуш, дIахецна лела», – сайна аларна кхоьруш, де-буьйса ца лоьруш къахьоьгура ас, – боху Кумирас, – ВаллахIи, хIинца а-м ца хуьлу сан мукъа хан. Тахана цхьана стоьла гуонаха сискал яа охьахууш  20 стаг ву тхо кху кертахь. Сайна Iемина хиларе терра, сайгара дукъ ас цхьаьнгга а дIа ца кховдадо. Со ца ларочу кхаьчча, гуш хир ду-кх. Бакъдерг аьлча, массо а хIуманна накъостий хилла лаьтта бераш а, церан бераш а, несарий а».

Шен кIентан доьзалал сов, Кумирица цхьаьна кертахь бехаш бу кхуьнан кхелхинчу шина кIентан доьзалш а, церан доьзалш а. Вайлахь олуш ма-хиллара, вовшийн «багара» йохуш, цхьана пхьор даа ховшуш, оццул доьзал бертахь кхиар а, уьш хилар а доккха беркат ду.

– Хьан доьзалан коьрта мехаллаш хIун яра? – аьллачу хаттарна жоп луш Кумирас дуьйцу:

– Уггаре а хьалха Дела цхьаъ вар, Элча (I.с.в.с.) бакъ вар, устаз къобал вар Iамадора тхан доьзалехь. Барт боцчу меттехь, Дала Ша вац аьлла, барт бохийна, Цунах довла йиш яц вайн. Барт боцчу меттехь беркат а хила йиш. Барт – доьзалан коьрта чIагIо хилар довзуьйтура. Лулахой безаш, цаьрца бертахь, воккхачуьнца лараме хила Iамадора. ГIуллакх динарг веллехь, со елла дукха хан хир яра. ГIуллакх дан Iамадора. КIант Увайс кхелхинчул тIаьхьа, хийла стага тоьшалла дира цунна, ша цхьанхьа ваха ваьлла хиларх, машен юхахьовзайой, новкъа воьдург дIакхетавой бен дIа ца воьдура иза, аьлла. ГIиллакхе, оьзда хила Iамийна, нахана юккъехь а, шаьш долчохь а, хIунда аьлча Дела воцуш меттиг яц, Цунна ца гойла дац.

Доьзал ийманчехь кхион беза а олура тхан дас. Делан пурбанца и дан а ницкъ кхаьчна. Дала мукъ лахь, хIокху шина тIамехь хиллачу кIуркIаманенна юккъе цхьа а ца гIоьртина. Шайн да ламаз дан дIахIоьттича, цунна тIехьа жамIате дIахIуьттура хIара бераш. Царах йоккхаеш, уьш дагахь,  мара бухкура ас, амма сайн дагара ца хоуьйтура.

Тахана 8 доьзалхо дийна ву Кумирин, 71 берийн бер а, церан бераш а ду кхуьуш. Иза йоккхае царах. Коьртаниг, уьш ийманехь кхиар лору цо.

– Доьзал ийманехь кхиар дений-нанний юьхькIам бу, – боху Кумирас. –  ТIебаьхкина несарий а иштта хилар, Делан къинхетам совбалар ду. ХIара

18–19 шо ду кху кертахь несарий болу. Тхо дерриге а, со нана а йолуш, цхьа доьзал бу. Юу сискал хьовха, дийриг а ца къастийна сан несарша. Сайн мехкаршка олу дерг бен ас а ца аьлла цаьрга. Когаш Iуьйра а, корта берзина а кхачанах куьг тоха ца магийна ас царна. Иштта йинчу сискало божарий ийманах бохор бу аьлла, ду боху. Ийманал суна коьрта хеташ хIума дац. Дов а дера до ас царна, яппарш а дера йо, амма сан дош-м ца кагдина цара. Вуьшта, царна и дага дагIахь а, шайн хIусамдайша дIааьлла долуш ду: «Мамас аьлларг ца динчунна, жима ков жима делахь, доккханиг диллина ду». Соьга хаьттина, сох дагабевлла ду дерриге а, цундела барт бу тхан. ВаллахIи, со дика зуда йолуш а ма дац иза, Делан къинхетам совбалар ду-кх.

1998-чу шарахь ХьаьжцIа яхара Кумира. Цул доккха хIума шен дахарехь ца хета цунна. Делан къинхетамца и нисдинарг казах хиларх а дозалла до цо.

– Бакъдерг аьлча, цига воьдучунна цхьа таро ма еза, – боху Кумирас, – Далла гуш долуш, и таро сан ян а ма яцара, амма лаам боккха а ма бара, цундела, Делан къинхетам а ма хилира. Вайн йоI йолчу Алма-Ата яханера со. Цуьнан хIусамда, Дала декъалварг, Садуев Хьусейн, ма диканиг вара моьттахь иза…

Цхьа дикачу кIанта санна, тIом болчу шерашкахь а, вуьшта а тхан терго йина цо… Цуьнан доттагI вара казах Токсанбаев Хуан. Цаьрга чу вогIуш волчу цо, мухха а, ас ламаз деш а, Делан цIе йоккхуш а терго йина хиллера.  Хьусейнехула суна а, кIантана а ХьажцIа даха аьтто бира цо. Дела реза хуьлда цунна. Сайн доIина юккъехь даима а хьахаво ас Хуан а, Хьусейн а.

Кумирин дахаран цхьа дакъа  ду езачу меттигашка, зераташка эхар, цигахь Iамал яр, шен доьзална а, дерриге а нохчийн халкъана а ийман, беркат,  ялсамане ехар.  Дукха хан яц вайн Хьаьжин вешин Мовсаран зерате Хонкара яхана и цIа еана. Цигарчу дагалецамаша дIахецаза йолчу Кумирас дуьйцу:

– Дела реза хила вайн паччахьна, мел хаза кечдина Мовсаран зератера а, цигара кешнаш а. Тхан аьтто хилира Мовсарна, Висхина, Седина, церан доьзалшна, иштта кхечу безачу нахана тIехIитта. Бакъдерг аьлча, цхьа дехар хир дара сан Кадыров Рамзане, цига ваханчунна Iамалъеш буьйса яккха цхьа-ши цIа дахьара аьлла, вайн Баба-Хедин зератехь санна.

45 шарахь цхьаьна даьхна, иштта дика доьзал кхиийна, шайгара вуониг далийтина нехан дагтIера ца дужуш, дIасакъаьстина Муса а, Кумира а.

– Со тIаьхьа юьтуш, шен ирсанна дIавахна кхеран да, – боху Кумирас, – сан тахана тхаьшшинни меттана ойла ян а, яха а, цунна тIаьхьаяха кечъяла а деза. Шуна ма-гарра, долийна, даржийна, дIадерзо ницкъ ца тоьаш лаьтташ ду тIамо дохийна цIенош а, лазарца лелош ю кIентан йоI, цуьнан лазар долу 17 шо кхаьчна йоьIан йоI кхелхина. АлхьамдулиллахI, дерриге а Делера ду. Цунах дог тешна деха тхо а, вай дерриге а.

Луур дара, даима а къовламе, муьлххачу гIуллакхна а кийча, цаларорна, цакхиарна кхерарна садаIар а, синтем а боцуш, шен дахар   иштта харжарна, минотана а дохко ца йолуш, мелхо а, алссам дан, ассам ган, массанхьа а кхиа ларош, доьналла а, хьуьнар а алссам долчу нохчийн зудчун Хасуева Кумирин  Везачу Дала аьтто бойла.

Т.САРАЛИЕВА 

 Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: