Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин терго латторан органийн белхахоша, Россин Федерацин Президентан харжамаш дIахьур болчу харжамийн каппашкахь профилактикин болх дIаболийна.

Нохчийн Республикин цIеяларна кхерам ца хилийтарна тIехь терго латторехула волчу коьртачу инспектора Залаев Резвана дийцарехь, Нохчийн Республикехь 2018-чу шарахь харжамаш дIабахьа лерина харжамийн 475 куьпехь.
– Харжамаш дIабахьарна лерина йолу объекташ оха лерринчу тидаме эцна ю. Вайн республикин харжамийн комиссица бинчу бартаца, харжамашна кечам баран а, уьш дIабахьаран а муьрехь кхерамазалла латтор ю.
Цо билгалдаьккхира харжамийн каппийн болх харжамаш хилале цхьа бутт хьалха дIаболалург хилар, шаьш хIинцале профилактикин болх болийна хилар.
Харжамийн объекташкахь харжамаш дIахьочу юкъана болх бан безачарна хьоьху цIе яла тарлучу меттигашкахь хIун дан деза а, стагана оьшучохь хьалхара гIо муха дан деза а.
– Коьртачу урхаллин подразделенийн болх харжамаш дIахьочу хенахь кхин а жигарабоккхур бу. Харжамийн каппашкахь гIазанчалла дийр ду белхахоша, – бохура Р.Залаевс.
Кечйинарг – З.ЛОРСАНОВА
№7, шинара, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2018 шо