Республикерчу харжамхойн барам билгалбаьккхина

2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу денна тIекхочуш Нохчийн Республикехь дIаязбинчу харжамхойн а, референдуман дакъалацархойн а барам билгалбаьккхина. Нохчийн Республикин Харжамийн комиссе кхаьчначу хаамашца нийса а догIуш, республикехь дIаязвина ву 699 331 харжамхо (референдуман дакъалацархо).

Уггаре а дукха харжамхой Гуьмсан кIоштахь бу: харжамашкахь а, референдумехь а шайн кхаьжнаш дIадала бакъо йолуш 84 063 вахархо ву кIоштахь. Харжамхой уггаре а кIезиг болчу кIоштийн могIарехь Итон Кхаьллан (3 291 стаг) а, Шаройн (1 720) а кIошташ ю.

Ленински а, Октябрьски а, Старопромысловски а, Заводской а кIоштех лаьттачу Соьлжа-ГIалахь 154 129 харжамхо ву.

Дагадоуьйту харжамхойн а, референдуман дакъалацархойн а дукхаллин барам цхьана шарахь шозза билгалбоккхуш хилар – кхолламан (январь) а, мангалан (июль) а беттанийн хьалхарчу деношкахь. Царна юкъабогIу 18 шарера бевлла а болуш, гуттар а Нохчийн Республикехь Iер-дахар долу Россин Федерацин бахархой.

И.ИСЛАМОВ

№7, шинара, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: