Дика кхиамаш

ХIокху деношкахь Лермонтов (Ставрополан край) гIалахь дIаяьхьира кегийрхошлахь регионашна юкъахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу VII-гIа турнир. Цигахь дакъалоцуш яра Россин субъекташкарчу 230 спортсменах лаьтташ йолу 13 команда.

Вай республикера цигахь дакъалоцуш 11 спортсмен вара. Къийсадаларш пхеа дийнахь дIадаьхьира. Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира вайн махкахоша: Дакаев Илеса (27 кг.) –ДЮСШ №7, Магомадов Имама (35 кг.) – ДЮСШ №7, Газиев ИсмаьIала (42 кг.) – РСШСБ, Товсултанов Малика (46 кг.) Теркан кIоштан ДЮСШ, Заураев Ислама (60 кг.) Теркан кIоштан ДЮСШ. ШолгIа меттиг яьккхира Дакаев Хьамзата (38 кг.) – ДЮСШ №7. КхоалгIа меттигаш: Алиев Арелана (21 кг.) – ДЮСШ №7, Исмаилов Адама (38 кг) – ДЮСШ №7.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: И.Исраилов, Б.Тулаев, М.Батаев.

Иштта, лерина совгIат делира Нохчийн Республикерчу суьдхочунна Тулаев Бесланна.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, лерринчу Сийлаллин совгIаташца, грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№7, шинара, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: