Соьлжа-ГIалахь билгалъяьлла республикин «Кхечу къаьмнийн меттанийн хьехархо-2017» конкурсан толамхо. Иза ю республикин Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школин ингалсан меттан а, литературин а хьехархо Саидова Зарета.

Иштта хаам бо Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а пресс-службо. Конкурсехь дакъалоцуш республикин хIора кIоштара хьехархой бара. Ингалсан, французийн, немцойн меттанашкахула къахьоьгуш волу 40 хьехархо вара уьш. Царна юкъахь карарчу хенахь заочни кепара деша а доьшуш болх беш болу студенташ-хьехархой а бара.
Республикин хIора шеран конкурс ворхI муьрах лаьтташ яра. Царна юкъа догIура хIокху тайпа тIедахкарш: «Хьехархочо кхуллуш ду къам» темина эссе язъяр, хьехархочун васт гайтар, йиллина урок дIаяхьар, методикин семинар вовшахтоьхна дIаяхьар, мастер-класс гайтар, дешаран проект йовзийтар, йиллина дисскуси дIаяхьар.
И дерриге а тIедахкарш ингалсан маттахь кхочушдан дезаш дара. Конкурсан кхайкхам «Идейна тIера–кхоллараллина тIе» аьлла хиларна хьехархойн аьтто бара шайн хьуьнарех, хаарех пайдаоьцуш шайн кхоллараллин агIонаш йовзийта.
Конкурсан толамхочо Саидова Заретас йовзийтира конкурсехь дакъалоцуш шен кхоллаелла хилла ойла: «ХIора къона хьехархочунна хьехар дийр дара ас кху тайпанчу конкурсашкахь мало ца еш дакъалаца, аьлла. Цкъа делахь, хьайниг санна болчу белхан доккха зеделларг долу, хьалхарчу могIаршкара хьехархой бовзар а, царах беркат эцар а нисло хьан, шолгIа делахь, айхьа дийриг оьшуш гIуллакх хилар гича, тIейогIучу хенахь кхин а алсам, доггаха къахьега синъайам а карабо ишттачу конкурсан майданашкахь».
З.ЯХЪЯЕВА
№7, шинара, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2018 шо